Мусхаф., агӏо 455
-
وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاءَ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا بَاطِلًا ۚ ذَٰلِكَ ظَنُّ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مِنَ النَّارِ
Оха эрна ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а. Иза цатешачарна моттар ду. Бāла бу цатешачарна /жоьжахатин/ цIергара
38:27 -
أَمْ نَجْعَلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ كَالْمُفْسِدِينَ فِي الْأَرْضِ أَمْ نَجْعَلُ الْمُتَّقِينَ كَالْفُجَّارِ
Я Оха хуьлуьйту ийман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а лаьттахь боьхалелачарах тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош дечарах тера? /Хн-х, хуьлуьйтур бац/
38:28 -
كِتَابٌ أَنْزَلْنَاهُ إِلَيْكَ مُبَارَكٌ لِيَدَّبَّرُوا آيَاتِهِ وَلِيَتَذَكَّرَ أُولُو الْأَلْبَابِ
Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна‚ беркате долуш‚ цаьрга цуьнан аятех ойла яйта‚ хьекъал долчарна дагадайта
38:29 -
وَوَهَبْنَا لِدَاوُودَ سُلَيْمَانَ ۚ نِعْمَ الْعَبْدُ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ
Оха велира Давудна Сулейман дика лай. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ твоьрзуш верг ву /бадат дарехь/
38:30 -
إِذْ عُرِضَ عَلَيْهِ بِالْعَشِيِّ الصَّافِنَاتُ الْجِيَادُ
Цунна (Сулеймана) гайтира суьйранца барг туху /кха кога тIехь хIотталуш/ говраш
38:31 -
فَقَالَ إِنِّي أَحْبَبْتُ حُبَّ الْخَيْرِ عَنْ ذِكْرِ رَبِّي حَتَّىٰ تَوَارَتْ بِالْحِجَابِ
Цо элира: 'Баккъалла а, суна дукхадиза ниIмат сан Кхиош-кхобург хьехорал кирхьаца /малх/ дIахьулбаллалц
38:32 -
رُدُّوهَا عَلَيَّ ۖ فَطَفِقَ مَسْحًا بِالسُّوقِ وَالْأَعْنَاقِ
Схьаялаел уьш суна тIе!' Волавелира иза /урс/ хьекха ностарех а‚ логех а
38:33 -
وَلَقَدْ فَتَنَّا سُلَيْمَانَ وَأَلْقَيْنَا عَلَىٰ كُرْسِيِّهِ جَسَدًا ثُمَّ أَنَابَ
Оха питне лецира Сулейман‚ цуьнан гIанта тIе цхьа дегI диллира Оха‚ тIаккха иза /тōба дарца Тхуна/ тIе вирзира
38:34 -
قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَهَبْ لِي مُلْكًا لَا يَنْبَغِي لِأَحَدٍ مِنْ بَعْدِي ۖ إِنَّكَ أَنْتَ الْوَهَّابُ
Цо элира: '/Везан/ Дела‚ гечдехь суна‚ ло суна паччахьалла, сол тIаьхьа цхьанна хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх ттт луш верг'
38:35 -
فَسَخَّرْنَا لَهُ الرِّيحَ تَجْرِي بِأَمْرِهِ رُخَاءً حَيْثُ أَصَابَ
Оха муьтIахь бира цунна мох‚ байа лелаш цуьнан омраца цунна луучу‚
38:36 -
وَالشَّيَاطِينَ كُلَّ بَنَّاءٍ وَغَوَّاصٍ
ШайтIанаш а – массо а гIишлоярхо а‚ хIорда бухауьйдург а (маржанаш лоьхуш)‚
38:37 -
وَآخَرِينَ مُقَرَّنِينَ فِي الْأَصْفَادِ
Вуьйш а‚ дихкина долу буржолашкахь
38:38 -
هَٰذَا عَطَاؤُنَا فَامْنُنْ أَوْ أَمْسِكْ بِغَيْرِ حِسَابٍ
/Оха элира цуьнга/: 'ХIара Тхан совгIат ду. Дло /хьан совгтах рицкъ хьан дōлахь болчарах хьайна луучунна/ я /ца луш/ сацаде /хьайна луучунна/, цхьа а хьесап а доцуш.'
38:39 -
وَإِنَّ لَهُ عِنْدَنَا لَزُلْفَىٰ وَحُسْنَ مَآبٍ
Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ю‚ дика тIетовжийла а ю
38:40 -
وَاذْكُرْ عَبْدَنَا أَيُّوبَ إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ أَنِّي مَسَّنِيَ الشَّيْطَانُ بِنُصْبٍ وَعَذَابٍ
Дагавайта Тхан лай Аюб‚ цо кхийкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: 'Баккъалла а, со схьалаьцна шайтIано халонца а‚ Iазапаца а'
38:41 -
ارْكُضْ بِرِجْلِكَ ۖ هَٰذَا مُغْتَسَلٌ بَارِدٌ وَشَرَابٌ
/Элира цуьнга/: 'Тоха хьан когаца! ХIара шийла лийчар а ду‚ малар а ду'
38:42
Гочдар: Магомед Магомедов