Мусхаф., агӏо 454
-
اصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَاذْكُرْ عَبْدَنَا دَاوُودَ ذَا الْأَيْدِ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ
Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницкъ хилла волу. Баккъалла а, иза /Далла/ тIевоьрзуш верг вара
38:17 -
إِنَّا سَخَّرْنَا الْجِبَالَ مَعَهُ يُسَبِّحْنَ بِالْعَشِيِّ وَالْإِشْرَاقِ
Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш цуьнца цхьана тасбахь деш суьйранца а‚ /малх/ дIакхетарца а
38:18 -
وَالطَّيْرَ مَحْشُورَةً ۖ كُلٌّ لَهُ أَوَّابٌ
Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ массо а Цунна тIедоьрзу /муьтIахь хиларца, тасбахь дарца/
38:19 -
وَشَدَدْنَا مُلْكَهُ وَآتَيْنَاهُ الْحِكْمَةَ وَفَصْلَ الْخِطَابِ
Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цунна хьекъалалла а‚ дов къастон хаар а
38:20 -
وَهَلْ أَتَاكَ نَبَأُ الْخَصْمِ إِذْ تَسَوَّرُوا الْمِحْرَابَ
Хьоьга деъний довхойн хабар? Уьш михьрабе хьала ма бевлира
38:21 -
إِذْ دَخَلُوا عَلَىٰ دَاوُودَ فَفَزِعَ مِنْهُمْ ۖ قَالُوا لَا تَخَفْ ۖ خَصْمَانِ بَغَىٰ بَعْضُنَا عَلَىٰ بَعْضٍ فَاحْكُمْ بَيْنَنَا بِالْحَقِّ وَلَا تُشْطِطْ وَاهْدِنَا إِلَىٰ سَوَاءِ الصِّرَاطِ
Уьш Давуд волчу чоьхьа бевлира‚ иза царах кхеравелира. Цара элира: 'Ма кхера. Ши довхо ву /тхо/. Тхан цхьаберш вукхарна чугIиртина. Кхиэл е тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма ēлахь‚ нисде тхо нисчу новкъа
38:22 -
إِنَّ هَٰذَا أَخِي لَهُ تِسْعٌ وَتِسْعُونَ نَعْجَةً وَلِيَ نَعْجَةٌ وَاحِدَةٌ فَقَالَ أَكْفِلْنِيهَا وَعَزَّنِي فِي الْخِطَابِ
ХIара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаесна уьстагI бу‚ сан цхьа уьстагI бу. Цо аьлла: 'Суна кхачо е цуьнца'. Иза сол тоьлира довехь'
38:23 -
قَالَ لَقَدْ ظَلَمَكَ بِسُؤَالِ نَعْجَتِكَ إِلَىٰ نِعَاجِهِ ۖ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ الْخُلَطَاءِ لَيَبْغِي بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَقَلِيلٌ مَا هُمْ ۗ وَظَنَّ دَاوُودُ أَنَّمَا فَتَنَّاهُ فَاسْتَغْفَرَ رَبَّهُ وَخَرَّ رَاكِعًا وَأَنَابَ ۩
Цо (Давуда) элира: 'Хьуна зулам дина цо хьан уьстагI бехарца шен уьстагIий тIе. Баккъалла а, цхьана гIуллакх дечарах дукхачара вовшашна гамо йо‚ ийман диллинарш а‚ дика Iамалш еш берш а боцучара ма кIеззиг бу уьш!' Давудана хиира Оха ша питне лаьцна хилар. ТIаккха шен Кхиош-кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚ горавоьжира иза‚ /Далла/ тIевирзира иза
38:24 -
فَغَفَرْنَا لَهُ ذَٰلِكَ ۖ وَإِنَّ لَهُ عِنْدَنَا لَزُلْفَىٰ وَحُسْنَ مَآبٍ
Оха цунна из гечдира. Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ю‚ хаза тIетовжийла а ю
38:25 -
يَا دَاوُودُ إِنَّا جَعَلْنَاكَ خَلِيفَةً فِي الْأَرْضِ فَاحْكُمْ بَيْنَ النَّاسِ بِالْحَقِّ وَلَا تَتَّبِعِ الْهَوَىٰ فَيُضِلَّكَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَضِلُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ بِمَا نَسُوا يَوْمَ الْحِسَابِ
ХIай Давуд! Оха хилийтина хьох лаьттахь халип. Кхиэл е нахана юккъехь нийсонца‚ тIаьхьа ма хIотта дезаршна цара тилор ву хьо Делан некъах. Баккъалла а, Делан некъах тилалуш берш царна чIогIа Iазап ду цара хьесапан де дицдарна
38:26
Гочдар: Магомед Магомедов