Мусхаф., агӏо 459

  1. خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ ثُمَّ جَعَلَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَأَنْزَلَ لَكُمْ مِنَ الْأَنْعَامِ ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ ۚ يَخْلُقُكُمْ فِي بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ خَلْقًا مِنْ بَعْدِ خَلْقٍ فِي ظُلُمَاتٍ ثَلَاثٍ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ لَهُ الْمُلْكُ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُصْرَفُونَ

    Цо шу кхоьллина цхьана синах (Āдамах)‚ тIаккха Цо йина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ Цо доссина шуна даьхнех борхI борша а‚ сте а. Шу кхуллу Цо шун нанойн кийрахь цхьана кхолларца /кхечу/ кхолларал тIаьхьа кха /хIуманан/ боданехь. Иза ву АллахI шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. /Кхин/ дела вац Иза воцург ма дIатилош ду шу /Цунах/

    39:6
  2. إِنْ تَكْفُرُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَنِيٌّ عَنْكُمْ ۖ وَلَا يَرْضَىٰ لِعِبَادِهِ الْكُفْرَ ۖ وَإِنْ تَشْكُرُوا يَرْضَهُ لَكُمْ ۗ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۗ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ مَرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Аш керстадахь баккъалла а, Дела шух цIена ву. Иза реза вац Шен лешна /цара Шен дин/ керстадарна. Аш шукур дахь оцуьнца реза ву Иза шуна. Дхьур бац дхьочо кхечун мохь. ТIаккха шун Кхиош-кхобучунна тIе шун дIадерзар ду. Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг

    39:7
  3. وَإِذَا مَسَّ الْإِنْسَانَ ضُرٌّ دَعَا رَبَّهُ مُنِيبًا إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَا خَوَّلَهُ نِعْمَةً مِنْهُ نَسِيَ مَا كَانَ يَدْعُو إِلَيْهِ مِنْ قَبْلُ وَجَعَلَ لِلَّهِ أَنْدَادًا لِيُضِلَّ عَنْ سَبِيلِهِ ۚ قُلْ تَمَتَّعْ بِكُفْرِكَ قَلِيلًا ۖ إِنَّكَ مِنْ أَصْحَابِ النَّارِ

    Адам цхьана бохамо схьалаьцча, шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цо, Цунна тIе воьрзий /тōба дарца/. ТIаккха Цо Ша паргIатваьккхича Шегара ниIматаца, дицдо цо ша Цуьнга кхойкхуш хилларг хьалха‚ Далла нийсархой а бо цо Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла: 'Бахам бе хьан керстаналлица цхьа кIеззиг. Баккъалла а, хьо ву цIеран дайх'

    39:8
  4. أَمَّنْ هُوَ قَانِتٌ آنَاءَ اللَّيْلِ سَاجِدًا وَقَائِمًا يَحْذَرُ الْآخِرَةَ وَيَرْجُو رَحْمَةَ رَبِّهِ ۗ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الَّذِينَ يَعْلَمُونَ وَالَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ ۗ إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُولُو الْأَلْبَابِ

    Ша Далла гIуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужуд деш‚ /ламазаш деш/ хIоьттина верг эхартах кхоьруш, шен Кхиош-кхобучун къинхетаме дог дохуш /вуй и тера Далла Iесалла ечух/? Ахь āла: 'Цхьа терра буй хууш берш а‚ ца хууш берш а?' Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчара

    39:9
  5. قُلْ يَا عِبَادِ الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا رَبَّكُمْ ۚ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةٌ ۗ وَأَرْضُ اللَّهِ وَاسِعَةٌ ۗ إِنَّمَا يُوَفَّى الصَّابِرُونَ أَجْرَهُمْ بِغَيْرِ حِسَابٍ

    Ахь āла: 'ХIай сан ийман диллина болу леш! Шу кхера шайн Кхиош-кхобучух. Диканиг динчунна хIокху дуьненахь диканиг ду. Делан латта шортта ду. Собар диначарна шайн ял лур ма ю цхьа а хьесап доцуш'

    39:10

Гочдар: Магомед Магомедов