Мусхаф., агӏо 460

  1. قُلْ إِنِّي أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ اللَّهَ مُخْلِصًا لَهُ الدِّينَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, суна омра дина ас Далла Iибадат дан, Цунна дог цна хуьлуш /дечу/ бадатехь

    39:11
  2. وَأُمِرْتُ لِأَنْ أَكُونَ أَوَّلَ الْمُسْلِمِينَ

    Суна омра дина со цхьалгIа бусалба хила'

    39:12
  3. قُلْ إِنِّي أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Ахь āла: 'Бакъалла а, со кхоьру, ас сан Кхиош-кхобучунна Iесалла йича, деза-доккхачу /къемат/ дийнан Iазапах'

    39:13
  4. قُلِ اللَّهَ أَعْبُدُ مُخْلِصًا لَهُ دِينِي

    Ахь āла: 'Далла Iибадат до ас, Цунна дог цна хуьлуш сан бадатехь

    39:14
  5. فَاعْبُدُوا مَا شِئْتُمْ مِنْ دُونِهِ ۗ قُلْ إِنَّ الْخَاسِرِينَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَأَهْلِيهِمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ أَلَا ذَٰلِكَ هُوَ الْخُسْرَانُ الْمُبِينُ

    Аш Iибадат де шайна ма луу Иза воцучунна'. Ахь āла: 'Баккъалла а, эшаллехь бисинарш бу шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь'. Иза бац ткъа билгал эшам?

    39:15
  6. لَهُمْ مِنْ فَوْقِهِمْ ظُلَلٌ مِنَ النَّارِ وَمِنْ تَحْتِهِمْ ظُلَلٌ ۚ ذَٰلِكَ يُخَوِّفُ اللَّهُ بِهِ عِبَادَهُ ۚ يَا عِبَادِ فَاتَّقُونِ

    Царна шайн тIехула а цIеран гIатт хир ю‚ шайн бухахула а гIатт ю. Иштта цуьнца кхерабо Дала Шен леш: хIай Сан леш! Сох кхералаш

    39:16
  7. وَالَّذِينَ اجْتَنَبُوا الطَّاغُوتَ أَنْ يَعْبُدُوهَا وَأَنَابُوا إِلَى اللَّهِ لَهُمُ الْبُشْرَىٰ ۚ فَبَشِّرْ عِبَادِ

    ТIагIут генадаьккхинарш шена Iибадат дарх‚ Далла тIе бирзинарш царна кхаъ бу ахь кхаъ баккха Сан лешна

    39:17
  8. الَّذِينَ يَسْتَمِعُونَ الْقَوْلَ فَيَتَّبِعُونَ أَحْسَنَهُ ۚ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ هَدَاهُمُ اللَّهُ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمْ أُولُو الْأَلْبَابِ

    /Уьш/ даше ладуьйгIуш берш бу‚ тIаккха цуьнан уггар дикачунна тIехьабаьзаш уьш бу Дала шаьш нисбинарш. И бохкурш уьш бу хьекъалдерш!

    39:18
  9. أَفَمَنْ حَقَّ عَلَيْهِ كَلِمَةُ الْعَذَابِ أَفَأَنْتَ تُنْقِذُ مَنْ فِي النَّارِ

    Ткъа Шена тIехь Iазапан дош /жоьжахате гIур ву аьлла/ бакъхилларг /нисло дика Iамал ечуьнца/? Ахь кIелхьарвоккхур вуй цIаргахь верг?

    39:19
  10. لَٰكِنِ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ لَهُمْ غُرَفٌ مِنْ فَوْقِهَا غُرَفٌ مَبْنِيَّةٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ وَعْدَ اللَّهِ ۖ لَا يُخْلِفُ اللَّهُ الْمِيعَادَ

    Делахь а, шайн Кхиош-кхобучух кхийринарш царна хIусамаш хир ю‚ шайн тIехула а дина даьлла цIенош долуш‚ шайн бухахула хиш а лелаш Делан ваIда ю /иза/. Дала ца йохайо /Шен/ ваIда

    39:20
  11. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَسَلَكَهُ يَنَابِيعَ فِي الْأَرْضِ ثُمَّ يُخْرِجُ بِهِ زَرْعًا مُخْتَلِفًا أَلْوَانُهُ ثُمَّ يَهِيجُ فَتَرَاهُ مُصْفَرًّا ثُمَّ يَجْعَلُهُ حُطَامًا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَذِكْرَىٰ لِأُولِي الْأَلْبَابِ

    Хьуна ца го: Дала доссина стиглара хи‚ тккха дохуьйту и лаьттахь долчу хьосташ чу‚ тIаккха цуьнца ялта схьадоккху Цо тайп-тайпана беснаш долуш‚ тIаккха дакъадолуьйту Цо хьуна и го мажделла‚ тIаккха Цо царах /аьтта, йохийна/ кийсакаш хуьлуьйту. Баккъалла а, цу чохь хьехам бу хьекъалдолчарна

    39:21

Гочдар: Магомед Магомедов