Мусхаф., агӏо 462
-
فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ كَذَبَ عَلَى اللَّهِ وَكَذَّبَ بِالصِّدْقِ إِذْ جَاءَهُ ۚ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِلْكَافِرِينَ
Мила ву ткъа зуламе ша Далла тIехь харцлуьйш волчул‚ ша бакъдерг, и шега деъначул тIаьхьа, харцдеш волчу? Ткъа жоьжахатина чохь яц Iан меттиг керстанашна? /Ма шортта ю!/
39:32 -
وَالَّذِي جَاءَ بِالصِّدْقِ وَصَدَّقَ بِهِ ۙ أُولَٰئِكَ هُمُ الْمُتَّقُونَ
Ша бакъдолчуьнца веънарг а /Мухьаммад пайхамар/, иза бакъвеш берш а /муъмин нах/ уьш бу /Делах/ кхоьруш берш
39:33 -
لَهُمْ مَا يَشَاءُونَ عِنْدَ رَبِّهِمْ ۚ ذَٰلِكَ جَزَاءُ الْمُحْسِنِينَ
Царна шайна луург /хир/ ю шайн Кхиош-кхобучунна гергахь. И бу дикачеран бекхам
39:34 -
لِيُكَفِّرَ اللَّهُ عَنْهُمْ أَسْوَأَ الَّذِي عَمِلُوا وَيَجْزِيَهُمْ أَجْرَهُمْ بِأَحْسَنِ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ
Дала цIанбархьама уггар вочу шаьш динчух (къинах)‚ царна шайн ял ялархьама шаьш деш хилалчух уггар хазачуьнца
39:35 -
أَلَيْسَ اللَّهُ بِكَافٍ عَبْدَهُ ۖ وَيُخَوِّفُونَكَ بِالَّذِينَ مِنْ دُونِهِ ۚ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ
Ткъа Дела вац кхачо йолуш Шен лена? Цара хьуна кхерамаш туьйсу Цул лахарчаьрца. Милла велахь а Дала тилавала витинарг, ма вац цунна цхьа а иза нисвийриг
39:36 -
وَمَنْ يَهْدِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ مُضِلٍّ ۗ أَلَيْسَ اللَّهُ بِعَزِيزٍ ذِي انْتِقَامٍ
Милла велахь а Дала нисвеш верг ма вац цхьа а и тилаван. Ткъа Дела вац веза верг а‚ шегахь бекхам берг а? /Ву!/
39:37 -
وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۚ قُلْ أَفَرَأَيْتُمْ مَا تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ إِنْ أَرَادَنِيَ اللَّهُ بِضُرٍّ هَلْ هُنَّ كَاشِفَاتُ ضُرِّهِ أَوْ أَرَادَنِي بِرَحْمَةٍ هَلْ هُنَّ مُمْسِكَاتُ رَحْمَتِهِ ۚ قُلْ حَسْبِيَ اللَّهُ ۖ عَلَيْهِ يَتَوَكَّلُ الْمُتَوَكِّلُونَ
Ахь цаьрга хаьттича: 'Хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а'‚ аьлла‚ цара аланне эр ма ду: 'Дала'. Ахь āла: 'Гой шуна и аш, Дела а витина шайга кхойкхурш‚ Далла суна цхьа зен лиъча‚ цара дIадоккхур долуш дуй и Цуьнан зен‚ я Цунна лиъча суна къинхетам‚ цара сацор болуш буй и Цуьнан къинхетам?' Ахь āла: 'Тоам бу суна Дела‚ Цунна тIе товжийла шаьш ттовжуш берш'
39:38 -
قُلْ يَا قَوْمِ اعْمَلُوا عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنِّي عَامِلٌ ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Сан къам‚ Iамал е шайна могучу кепара‚ баккъалла а, со а Iамал еш ву. ТIаьхьа хуур ду шуна,
39:39 -
مَنْ يَأْتِيهِ عَذَابٌ يُخْزِيهِ وَيَحِلُّ عَلَيْهِ عَذَابٌ مُقِيمٌ
Хьанна тIе догIур ду Iазап, цуьнан сий а дайаш‚ хьанна тIе хьаьрчар ду лаьтташ долу Iазап.'
39:40
Гочдар: Магомед Магомедов