Мусхаф., агӏо 463
-
إِنَّا أَنْزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ لِلنَّاسِ بِالْحَقِّ ۖ فَمَنِ اهْتَدَىٰ فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا ۖ وَمَا أَنْتَ عَلَيْهِمْ بِوَكِيلٍ
Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга нахана /деша, хьукам дан/ жайна бакъдолчуьнца. Нисвелларг шена /нисвелла/‚ тилавелларг иза а шена тилавелла. Хьо ма вац царна тIехь векал
39:41 -
اللَّهُ يَتَوَفَّى الْأَنْفُسَ حِينَ مَوْتِهَا وَالَّتِي لَمْ تَمُتْ فِي مَنَامِهَا ۖ فَيُمْسِكُ الَّتِي قَضَىٰ عَلَيْهَا الْمَوْتَ وَيُرْسِلُ الْأُخْرَىٰ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
Дала схьаоьцу /нехан/ синош уьш лечу хенахь‚ цаделларг набарх. Цо схьалоцу шена Iожалла сацам хилларг‚ дIадохуьйту важа шен тоьхначу ханна. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла ечу къомана
39:42 -
أَمِ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ شُفَعَاءَ ۚ قُلْ أَوَلَوْ كَانُوا لَا يَمْلِكُونَ شَيْئًا وَلَا يَعْقِلُونَ
Цара лаьцна, Дела а витийна, шайна гIодоккхурш? Ахь āла: 'Уьш цхьанна хIуманна доладеш ца хилча а‚ хьекъале ца хилча а?'
39:43 -
قُلْ لِلَّهِ الشَّفَاعَةُ جَمِيعًا ۖ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Ахь āла: 'Делан ду гIодаккхар дерриге а. Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. ТIаккха Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду'
39:44 -
وَإِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَحْدَهُ اشْمَأَزَّتْ قُلُوبُ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ ۖ وَإِذَا ذُكِرَ الَّذِينَ مِنْ دُونِهِ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ
Веккъа цхьа АллахI - Дела хьехавича, дегнаш тохало /и ца дезаш/ эхартах ца тешаш болчеран. Иза воцурш хьехабича, уьш баккхийбеда (баккхийбоь)
39:45 -
قُلِ اللَّهُمَّ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ عَالِمَ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ أَنْتَ تَحْكُمُ بَيْنَ عِبَادِكَ فِي مَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Ахь āла: '/Везан/ Дела‚ /Хьо ву-кх/ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ къайлаха дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а‚ Ахь хьукам дийр ду-кх Хьан лешна юккъехь‚ цара хилпало еш хиллачохь'
39:46 -
وَلَوْ أَنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لَافْتَدَوْا بِهِ مِنْ سُوءِ الْعَذَابِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ وَبَدَا لَهُمْ مِنَ اللَّهِ مَا لَمْ يَكُونُوا يَحْتَسِبُونَ
Зулам диначарна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин цул хилча а, и длур ма дара цара къематдийнахь Iазапан вочун духьал (клхьарбовлархьама). Гучуделира царна Делера цара хьесап ца деш хилларг
39:47
Гочдар: Магомед Магомедов