Мусхаф., агӏо 461

  1. أَفَمَنْ شَرَحَ اللَّهُ صَدْرَهُ لِلْإِسْلَامِ فَهُوَ عَلَىٰ نُورٍ مِنْ رَبِّهِ ۚ فَوَيْلٌ لِلْقَاسِيَةِ قُلُوبُهُمْ مِنْ ذِكْرِ اللَّهِ ۚ أُولَٰئِكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Ткъа Дала шен дог исламана дделлинарг‚ ша шен Кхиош-кхобучун нур тIехь волуш /дика вац шен дагна тIе мухIар тоьхначул/? Бала бу шайн дегнаш Дела хьехорах къиза долчарна. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх!

    39:22
  2. اللَّهُ نَزَّلَ أَحْسَنَ الْحَدِيثِ كِتَابًا مُتَشَابِهًا مَثَانِيَ تَقْشَعِرُّ مِنْهُ جُلُودُ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ ثُمَّ تَلِينُ جُلُودُهُمْ وَقُلُوبُهُمْ إِلَىٰ ذِكْرِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ هُدَى اللَّهِ يَهْدِي بِهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ

    Дала хабарх уггар хазниг доссадина шен хьукам а, хьехамаш а керл – керла бохуш, вовшашка тера болуш долу жайна, цунах шен Кхиош-кхобучух кхоьручеран чIор детталуш‚ тIаккха шен чIор а‚ дегнаш а Дела хьехорна кIадлуш. Иза бу Делан нийса некъ‚ Цо нисво цуьнца Шена луург. Дала тилавала вуьтуш верг цуьнан вац /ша/ нисвийриг

    39:23
  3. أَفَمَنْ يَتَّقِي بِوَجْهِهِ سُوءَ الْعَذَابِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ وَقِيلَ لِلظَّالِمِينَ ذُوقُوا مَا كُنْتُمْ تَكْسِبُونَ

    Ткъа шен юьхьаца къематдийнахь Iазапан вонах ларвала гIиртинарг /ву цу жоьжахатих ларинчух тера/? Аьлла /хир ду/ зуламхошка: 'Iовша /хIинца/ шаьш /дуьненахь/ карадеш хилларг!'

    39:24
  4. كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَأَتَاهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ

    Царал хьалха хиллачара а харцбира /элчанаш/ Iазап деара царна шайна хаа ца лучуьра

    39:25
  5. فَأَذَاقَهُمُ اللَّهُ الْخِزْيَ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    Дала Iавшийтира цаьрга дуьненан дахарехь сийсазалла, ткъа эхартан Iазап вуно а доккха ду‚ уьш хууш хиллехь

    39:26
  6. وَلَقَدْ ضَرَبْنَا لِلنَّاسِ فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ مِنْ كُلِّ مَثَلٍ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

    Оха далийна нахана хIоккху Къуръанчохь хIор /хманах/ масал, уьш ойла еш хир бацара-те?

    39:27
  7. قُرْآنًا عَرَبِيًّا غَيْرَ ذِي عِوَجٍ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ

    Iаьрбийн /маттахь/ Къуръан /хилийтина/‚ цхьа а гамо йоцуш уьш кхоьрур бацара-те?

    39:28
  8. ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا رَجُلًا فِيهِ شُرَكَاءُ مُتَشَاكِسُونَ وَرَجُلًا سَلَمًا لِرَجُلٍ هَلْ يَسْتَوِيَانِ مَثَلًا ۚ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Валийна Дала масална цхьа стаг‚ шегахь накъостий къуьйсуш болу (дукха нехан долахь волу)‚ /важа/ стаг а (веккъа цхьана стеган долахь волу). И шиъ цхьатерра вуй масалца? Хастам бу Далла. ХIаъ‚ царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    39:29
  9. إِنَّكَ مَيِّتٌ وَإِنَّهُمْ مَيِّتُونَ

    Баккъалла а, хьо а лийрволуш ву /хй Мухьаммад/‚ баккъалла а, уьш а лийр болуш бу

    39:30
  10. ثُمَّ إِنَّكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عِنْدَ رَبِّكُمْ تَخْتَصِمُونَ

    Тккха баккъалла а, шу къематдийнахь шайн Далла хьалхахь къуьйсуш хир ду

    39:31

Гочдар: Магомед Магомедов