Мусхаф., агӏо 469

  1. الْيَوْمَ تُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ ۚ لَا ظُلْمَ الْيَوْمَ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Тахана бекхам бийр бу хIор синна ша /дуьненахь/ карадинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиханиг ву хьесап дарехь

    40:17
  2. وَأَنْذِرْهُمْ يَوْمَ الْآزِفَةِ إِذِ الْقُلُوبُ لَدَى الْحَنَاجِرِ كَاظِمِينَ ۚ مَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ حَمِيمٍ وَلَا شَفِيعٍ يُطَاعُ

    Кхерам таса царна гергадогIур долчу /къемат/денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тIе кхаьчча /кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна цхьа а доттага, цхьа а гдоккхург а, шена /уьш/ муьтIахь а болуш

    40:18
  3. يَعْلَمُ خَائِنَةَ الْأَعْيُنِ وَمَا تُخْفِي الصُّدُورُ

    Хаьа Цунна бIаьргийн тешнабехк а /хьарам хIумане хьоьжуш/‚ дегнаша хьулдийриг а

    40:19
  4. وَاللَّهُ يَقْضِي بِالْحَقِّ ۖ وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ لَا يَقْضُونَ بِشَيْءٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ

    Дала кхиэл йо бакъдолчуьнца. Иза а витина, цара шайга кхойкхуш болчара кхиэл ца йо цхьанна хIуманца. Баккъалла а, Дела Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а

    40:20
  5. أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ كَانُوا مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوا هُمْ أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً وَآثَارًا فِي الْأَرْضِ فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ وَمَا كَانَ لَهُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ وَاقٍ

    Уьш ца лела лаьттахула‚ тIаккха уьш ца хьоьжу, муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш бара царал вуно чIогIа ницкъаца а‚ лаьттахь асар дитарца а. Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь‚ ма ца хилира царна Делан дуьхьал цхьа а лардархо

    40:21
  6. ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانَتْ تَأْتِيهِمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَكَفَرُوا فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ ۚ إِنَّهُ قَوِيٌّ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Иза /хилла/ цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца цара уьш харцбора. Дала схьалецира уьш. Баккъалла а, Иза нуьцкъала верг а ву‚ бекхамца чIогIаниг а ву

    40:22
  7. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Оха вахийтира Муса Тхан аяташца а‚ билгалчу бакъонца а

    40:23
  8. إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَقَارُونَ فَقَالُوا سَاحِرٌ كَذَّابٌ

    ФирIавне а‚ ХIамане а‚ Къаруне а. Цара элира: '/Иза/ тIех харцлуьйш волу бозбуунча ву'

    40:24
  9. فَلَمَّا جَاءَهُمْ بِالْحَقِّ مِنْ عِنْدِنَا قَالُوا اقْتُلُوا أَبْنَاءَ الَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ وَاسْتَحْيُوا نِسَاءَهُمْ ۚ وَمَا كَيْدُ الْكَافِرِينَ إِلَّا فِي ضَلَالٍ

    Иза цаьрга веъча Тхоьгара бакъдолчуьнца, цара элира: 'Байа цуьнца цхьана ийман диллинчеран кIентий‚ дийна бита церан зударий'. Керстанийн мекарло тилар чохь бен ма яц

    40:25

Гочдар: Магомед Магомедов