Мусхаф., агӏо 470

  1. وَقَالَ فِرْعَوْنُ ذَرُونِي أَقْتُلْ مُوسَىٰ وَلْيَدْعُ رَبَّهُ ۖ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يُبَدِّلَ دِينَكُمْ أَوْ أَنْ يُظْهِرَ فِي الْأَرْضِ الْفَسَادَ

    ФирIавно элира: 'Вита со Муса вен. Шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкхур цо. Баккъалла а, со кхоьру цо шун дин хийцадан‚ я лаьттахь боьханиг гучудаккхийтан'

    40:26
  2. وَقَالَ مُوسَىٰ إِنِّي عُذْتُ بِرَبِّي وَرَبِّكُمْ مِنْ كُلِّ مُتَكَبِّرٍ لَا يُؤْمِنُ بِيَوْمِ الْحِسَابِ

    Мусас элира: 'Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца а‚ шун Кхиош-кхобучуьнца а массо а хьесапан /къемат/ дийнах ца тешаш кураваьллачух '

    40:27
  3. وَقَالَ رَجُلٌ مُؤْمِنٌ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَكْتُمُ إِيمَانَهُ أَتَقْتُلُونَ رَجُلًا أَنْ يَقُولَ رَبِّيَ اللَّهُ وَقَدْ جَاءَكُمْ بِالْبَيِّنَاتِ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ وَإِنْ يَكُ كَاذِبًا فَعَلَيْهِ كَذِبُهُ ۖ وَإِنْ يَكُ صَادِقًا يُصِبْكُمْ بَعْضُ الَّذِي يَعِدُكُمْ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ هُوَ مُسْرِفٌ كَذَّابٌ

    ФирIавнан доьзалах цхьана ийман диллинчу и шегахь хьулдеш волчу стага элира: 'Аш воь ткъа стаг цо аларна 'сан Кхиош-кхобург цхьа АллахI-Дела ву?' Ткъа иза шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонашца ма веана. Иза харцлуьйш велахь, цунна шена ю-кх и харцо. И бакълуьйш велахь, цо шуна хир ду бохучух цхьадерг хьакхалур (кхетар) ма ду шух. Баккъалла а, Дала нис ца во ша тIаламза верг а‚ тIех харцверг а

    40:28
  4. يَا قَوْمِ لَكُمُ الْمُلْكُ الْيَوْمَ ظَاهِرِينَ فِي الْأَرْضِ فَمَنْ يَنْصُرُنَا مِنْ بَأْسِ اللَّهِ إِنْ جَاءَنَا ۚ قَالَ فِرْعَوْنُ مَا أُرِيكُمْ إِلَّا مَا أَرَىٰ وَمَا أَهْدِيكُمْ إِلَّا سَبِيلَ الرَّشَادِ

    ХIай сан къам‚ шуна ду паччахьалла тахана‚ шу /Мисран/ лаьттахь /массарал/ тоьлуш долуш. Хьан гIо дийр ду вайна Делан ницкъах /кIелхьарадовла/ и вайга беъча?' ФирIавно элира: 'Ас шуьга ца гойту сайна гушдерг а бен‚ ас шу нис ца до нийсонан новкъа бен'

    40:29
  5. وَقَالَ الَّذِي آمَنَ يَا قَوْمِ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ مِثْلَ يَوْمِ الْأَحْزَابِ

    Ийман диллинчо элира: 'Сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна тобанийн де санначу дийнах

    40:30
  6. مِثْلَ دَأْبِ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ وَالَّذِينَ مِنْ بَعْدِهِمْ ۚ وَمَا اللَّهُ يُرِيدُ ظُلْمًا لِلْعِبَادِ

    Нухьан къоман а‚ Iадийн а‚ Самудийн а‚ царал тIаьхьа хиллачеран Iадатах тера /ду-кх хIара аш лелориг/. Дела ма вац зулам лууш Шен лешна

    40:31
  7. وَيَا قَوْمِ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ يَوْمَ التَّنَادِ

    ХIай сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна вовшашка кхайкхаран дийнах

    40:32
  8. يَوْمَ تُوَلُّونَ مُدْبِرِينَ مَا لَكُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ عَاصِمٍ ۗ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ

    Шу духадовду долчу дийнах ма вац шуна Делера цхьа а гIоьнча. Дала тилавала витинарг ма вац цунна цхьа а нисвийриг'

    40:33

Гочдар: Магомед Магомедов