Мусхаф., агӏо 471

  1. وَلَقَدْ جَاءَكُمْ يُوسُفُ مِنْ قَبْلُ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا زِلْتُمْ فِي شَكٍّ مِمَّا جَاءَكُمْ بِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا هَلَكَ قُلْتُمْ لَنْ يَبْعَثَ اللَّهُ مِنْ بَعْدِهِ رَسُولًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَنْ هُوَ مُسْرِفٌ مُرْتَابٌ

    Шуьга веара хьалха Юсуф билгалонашца шу лаьтташ ду шеконехь иза шуьга шеца веанчух. Иза хIаллакхилча (велча), аш элира: 'Ваийтанне а воуьйтур ма вац Дала цул тIаьхьа элча'. Иштта тилавала вуьту Дала ша тIаламза верг а‚ шеконехь верг а,

    40:34
  2. الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ بِغَيْرِ سُلْطَانٍ أَتَاهُمْ ۖ كَبُرَ مَقْتًا عِنْدَ اللَّهِ وَعِنْدَ الَّذِينَ آمَنُوا ۚ كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ قَلْبِ مُتَكَبِّرٍ جَبَّارٍ

    Шаьш Делан аяташкахь къуьйсуш болу шайга еана бакъо а йоцуш. Боккха хили /цаьрга болу/ цабезам Далла гергахь а‚ ийман диллинчеран гергахь а. Иштта муьхIар туху Дала хр курадаьллачу‚ /нахана/ ницкъбечу дагна тIе

    40:35
  3. وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَا هَامَانُ ابْنِ لِي صَرْحًا لَعَلِّي أَبْلُغُ الْأَسْبَابَ

    ФирIавно элира: 'ХIай ХIаман! ЮгIа суна гIала‚ со кхиа тарло некъашка

    40:36
  4. أَسْبَابَ السَّمَاوَاتِ فَأَطَّلِعَ إِلَىٰ إِلَٰهِ مُوسَىٰ وَإِنِّي لَأَظُنُّهُ كَاذِبًا ۚ وَكَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِفِرْعَوْنَ سُوءُ عَمَلِهِ وَصُدَّ عَنِ السَّبِيلِ ۚ وَمَا كَيْدُ فِرْعَوْنَ إِلَّا فِي تَبَابٍ

    Стигланийн некъашка. Мусан Далла тIекхочур ву со. Баккъалла а, суна хета и (Муса) харц ву аьлла'. Иштта хаздина ФирIавнана цуьнан балхан вониг‚ дIахьовзина иза /нисчу/ некъах. ФирIавнан мекарло ма яц хIаллакхилар чохь бен

    40:37
  5. وَقَالَ الَّذِي آمَنَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُونِ أَهْدِكُمْ سَبِيلَ الرَّشَادِ

    /ТIаккха/ элира /Фирвнан къоман юккъера/ ийман диллинчо: 'ХIай сан къам‚ суна тIаьхьахIитта‚- ас нисдийр ду шу нийсонан новкъа

    40:38
  6. يَا قَوْمِ إِنَّمَا هَٰذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا مَتَاعٌ وَإِنَّ الْآخِرَةَ هِيَ دَارُ الْقَرَارِ

    ХIай сан къам! Баккъалла а, хIара дуьненан дахар /кIеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт иза ду чIагIонан цIа

    40:39
  7. مَنْ عَمِلَ سَيِّئَةً فَلَا يُجْزَىٰ إِلَّا مِثْلَهَا ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ يُرْزَقُونَ فِيهَا بِغَيْرِ حِسَابٍ

    Вониг динарг цунна бекхам хир бац и санначуьнца а бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин а волуш уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна рицкъ лур ду цу чохь, хьесап а доцуш

    40:40

Гочдар: Магомед Магомедов