Мусхаф., агӏо 472
-
وَيَا قَوْمِ مَا لِي أَدْعُوكُمْ إِلَى النَّجَاةِ وَتَدْعُونَنِي إِلَى النَّارِ
ХIай сан къам! Хн ду суна шу кхайкха /жоьжахатих/ кIелхьардовларе‚ аш со кхайкха /жоьжахатин/ цIарга?
40:41 -
تَدْعُونَنِي لِأَكْفُرَ بِاللَّهِ وَأُشْرِكَ بِهِ مَا لَيْسَ لِي بِهِ عِلْمٌ وَأَنَا أَدْعُوكُمْ إِلَى الْعَزِيزِ الْغَفَّارِ
Аш со кхойкху ас Далла керстаналла даре‚ ас Цуьнца накъост лацаре суна шеца цхьа а Iилма доцург‚ ткъа ас шу кхойкху Ша веза а‚ тIех гечдийриг волчуьнга
40:42 -
لَا جَرَمَ أَنَّمَا تَدْعُونَنِي إِلَيْهِ لَيْسَ لَهُ دَعْوَةٌ فِي الدُّنْيَا وَلَا فِي الْآخِرَةِ وَأَنَّ مَرَدَّنَا إِلَى اللَّهِ وَأَنَّ الْمُسْرِفِينَ هُمْ أَصْحَابُ النَّارِ
Дера аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дIадерзар Деле ма ду‚ амма тIаламза берш уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай
40:43 -
فَسَتَذْكُرُونَ مَا أَقُولُ لَكُمْ ۚ وَأُفَوِّضُ أَمْرِي إِلَى اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ
Шуна тIаьхьа дагадогIур ду ас шуьга дуьйцург. Ас сан гIуллакх Деле дIало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш (халкъ) гуш верг.'
40:44 -
فَوَقَاهُ اللَّهُ سَيِّئَاتِ مَا مَكَرُوا ۖ وَحَاقَ بِآلِ فِرْعَوْنَ سُوءُ الْعَذَابِ
Дала ларийра иза цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирIавнан доьзалах Iазапан вониг
40:45 -
النَّارُ يُعْرَضُونَ عَلَيْهَا غُدُوًّا وَعَشِيًّا ۖ وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ أَدْخِلُوا آلَ فِرْعَوْنَ أَشَدَّ الْعَذَابِ
ЦIе цунна тIе уьш кхуьссур бу Iуьйрана а‚ суьйрана а‚ сахьт хIуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: 'Чу бохка ФирIавнан доьзал уггар чIогIачу Iазапна'
40:46 -
وَإِذْ يَتَحَاجُّونَ فِي النَّارِ فَيَقُولُ الضُّعَفَاءُ لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنْتُمْ مُغْنُونَ عَنَّا نَصِيبًا مِنَ النَّارِ
Дагадаийта! Вовшашца къийсаме баьр бу уьш цIаргахь‚ гIийлачара эр ду курабевла хиллачаьрга: 'Баккъалла а, тхо дара шуна тIаьхьахIиттийна /дуьненахь аш бохург деш‚ хIинца/ аш дIадоккхий тхох цIеран /Iазапах/ цхьа дāкъа?'
40:47 -
قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُلٌّ فِيهَا إِنَّ اللَّهَ قَدْ حَكَمَ بَيْنَ الْعِبَادِ
Шаьш курабевла хиллачара элира: 'Баккъалла а, вай дерриге а цу чохь/цIаргахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала хьукам дина лешна юккъехь'
40:48 -
وَقَالَ الَّذِينَ فِي النَّارِ لِخَزَنَةِ جَهَنَّمَ ادْعُوا رَبَّكُمْ يُخَفِّفْ عَنَّا يَوْمًا مِنَ الْعَذَابِ
Эр ду цIаргахь болчара жоьжахатин гIаролашка: 'Кхайкха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ дайде āла тхуна тIера Iазап цхьана денна мукъане а'
40:49
Гочдар: Магомед Магомедов