Мусхаф., агӏо 473
-
قَالُوا أَوَلَمْ تَكُ تَأْتِيكُمْ رُسُلُكُمْ بِالْبَيِّنَاتِ ۖ قَالُوا بَلَىٰ ۚ قَالُوا فَادْعُوا ۗ وَمَا دُعَاءُ الْكَافِرِينَ إِلَّا فِي ضَلَالٍ
Цара (жоьжахатин гIаролаша) эр ду: 'Шуьга бохкуш ца хилира шун элчанаш билгалонашца?' Цара элира: 'ХIаъ'. Элира /гIаролаша/: 'Кхайкха шаьш!' Керстанийн кхайкхар ма дац тилар чохь бен
40:50 -
إِنَّا لَنَنْصُرُ رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيَوْمَ يَقُومُ الْأَشْهَادُ
Баккъалла а, Оха гIо дийр ду Тхан элчанашна а‚ ийман диллинчарна дуьненан дахарехь а‚ тешаш хIуттучу /къемат/ дийнахь а
40:51 -
يَوْمَ لَا يَنْفَعُ الظَّالِمِينَ مَعْذِرَتُهُمْ ۖ وَلَهُمُ اللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوءُ الدَّارِ
Оцу дийнахь зуламхошна пайда бийр бац церан бехказлонаша. Царна неIалт ду‚ царна /эхартан/ цIийнан боьханиг ду
40:52 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْهُدَىٰ وَأَوْرَثْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ الْكِتَابَ
Оха белира Мусага нийса некъ‚ ирсана дитира Исраилан кIенташна жайна
40:53 -
هُدًى وَذِكْرَىٰ لِأُولِي الْأَلْبَابِ
Нийса некъ а‚ хьехам а /хилла долу/ хьекъалдолчарна
40:54 -
فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَاسْتَغْفِرْ لِذَنْبِكَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ بِالْعَشِيِّ وَالْإِبْكَارِ
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю‚ гечдар деха хьан къина‚ тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастам барца сарахь а‚ Iуьйранна а
40:55 -
إِنَّ الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ بِغَيْرِ سُلْطَانٍ أَتَاهُمْ ۙ إِنْ فِي صُدُورِهِمْ إِلَّا كِبْرٌ مَا هُمْ بِبَالِغِيهِ ۚ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ ۖ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ
Баккъалла а, Делан аяташкахь шайга еана цхьа а бакъо йоцуш къуьйсуш берш баккъалла а, церан кийрахь ма яц куралла бен‚ уьш шена тIе кхуьур йоцу (уьш шайн мураде кхочур боцу). Ларвалар лаха Делаца. Баккъалла а, Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а
40:56 -
لَخَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ أَكْبَرُ مِنْ خَلْقِ النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Ткъа стигланаш а‚ латта а кхоллар мелхо а доккха ду нах кхолларал‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх
40:57 -
وَمَا يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَلَا الْمُسِيءُ ۚ قَلِيلًا مَا تَتَذَكَّرُونَ
Цхьа терра бац бIаьрсадоцург а‚ гуш верг а; ийман диллинарш а, дика Iамалш йинарш а‚ вониг деш верг а. КIеззиг ду-кх аш ойла йийриг
40:58
Гочдар: Магомед Магомедов