Мусхаф., агӏо 479
-
وَقَالُوا لِجُلُودِهِمْ لِمَ شَهِدْتُمْ عَلَيْنَا ۖ قَالُوا أَنْطَقَنَا اللَّهُ الَّذِي أَنْطَقَ كُلَّ شَيْءٍ وَهُوَ خَلَقَكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Цара эр шайн чIорашка: 'Аш хIунда тешалла дира тхуна дуьхьал?' Цара эр: 'Дистхилийтина тхо Дала‚ Ша массо а хIума дистхуьлуьйтуш волчу‚ Цо шу кхоьллина цкъа /шу доцучу хенахь/‚ Цунна тIе шу дIадерзош а ду'
41:21 -
وَمَا كُنْتُمْ تَسْتَتِرُونَ أَنْ يَشْهَدَ عَلَيْكُمْ سَمْعُكُمْ وَلَا أَبْصَارُكُمْ وَلَا جُلُودُكُمْ وَلَٰكِنْ ظَنَنْتُمْ أَنَّ اللَّهَ لَا يَعْلَمُ كَثِيرًا مِمَّا تَعْمَلُونَ
Шу ца хилира хьулдан гIерташ шайна тIехь тешалла дан шун хазаро а‚ шун бIаьрсино а‚ шун чIораша а‚ делахь а, шуна моьттура Далла ца хаьа аш дечух дукхадерг
41:22 -
وَذَٰلِكُمْ ظَنُّكُمُ الَّذِي ظَنَنْتُمْ بِرَبِّكُمْ أَرْدَاكُمْ فَأَصْبَحْتُمْ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Иза ду шун моттар‚ шайн Кхиош-кхобучух шуна моьттина долу‚ цо (шун моттаро) хIаллакдира шу‚ тIаккха шу хилира эшначарах
41:23 -
فَإِنْ يَصْبِرُوا فَالنَّارُ مَثْوًى لَهُمْ ۖ وَإِنْ يَسْتَعْتِبُوا فَمَا هُمْ مِنَ الْمُعْتَبِينَ
Цара нагахь сатохахь цIе ю царна чохь Iан меттиг‚ цара нагахь /Дела/ реза хилар дехахь уьш хир бац /Иза/ шайна реза хиллачарах
41:24 -
وَقَيَّضْنَا لَهُمْ قُرَنَاءَ فَزَيَّنُوا لَهُمْ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَحَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِمْ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا خَاسِرِينَ
Оха хIоттийра царна доттагIий /шайтIанех а‚ жиннех а/‚ цара хаздира царна шайн хьалхахьдерг а‚ тIехьахьдерг а‚ царах хьакхаделира царал хьалхадаханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш
41:25 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَسْمَعُوا لِهَٰذَا الْقُرْآنِ وَالْغَوْا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَغْلِبُونَ
Цатешначара элира: 'Ла ма догIа хIокху Къуръане‚ даьсса хабар дийца цуьнгахь‚ шу тола мега'
41:26 -
فَلَنُذِيقَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا عَذَابًا شَدِيدًا وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَسْوَأَ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ
Iовшанне а Iовшуьйтур ма ду Оха цатешначаьрга чIогIа Iазап‚ банне а бекхам бийр ма бу Оха царна цара деш хиллачух уггар вочуьнца
41:27 -
ذَٰلِكَ جَزَاءُ أَعْدَاءِ اللَّهِ النَّارُ ۖ لَهُمْ فِيهَا دَارُ الْخُلْدِ ۖ جَزَاءً بِمَا كَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ
И бу Делан мостагIийн бекхам цIе. Царна цигахь гуттаренан хIусам ю бекхам а хилла царна шаьш Тхан аяташна инкарло еш хиларна
41:28 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا رَبَّنَا أَرِنَا اللَّذَيْنِ أَضَلَّانَا مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ نَجْعَلْهُمَا تَحْتَ أَقْدَامِنَا لِيَكُونَا مِنَ الْأَسْفَلِينَ
Цатешначара элира /жоьжахатехь/: 'ХIай тхан Кхиош-кхобург‚ гайтахь тхуна жинех а‚ адамех а тхо тилина и шиъ тхан когий кIел буьтур бара оха – уьш /шиа/ хилийтаархьама уггар бухахьболчарах'
41:29
Гочдар: Магомед Магомедов