Мусхаф., агӏо 485

  1. وَالَّذِينَ يُحَاجُّونَ فِي اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مَا اسْتُجِيبَ لَهُ حُجَّتُهُمْ دَاحِضَةٌ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَعَلَيْهِمْ غَضَبٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ

    И Делан /динехь элчанца/ къуьйсуш берш Цунна жоп деллачул тIаьхьа церан делилш дIатеттина /харц/ ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ царна оьгIазло а ю /Делера/‚ чIогIа Iазап а ду

    42:16
  2. اللَّهُ الَّذِي أَنْزَلَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ وَالْمِيزَانَ ۗ وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّ السَّاعَةَ قَرِيبٌ

    Дела ву Ша доссийнарг жайна бакъдолчуьнца‚ терза а. Хьуна хьан хоуьйту‚ сахьт герга хила тарло

    42:17
  3. يَسْتَعْجِلُ بِهَا الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِهَا ۖ وَالَّذِينَ آمَنُوا مُشْفِقُونَ مِنْهَا وَيَعْلَمُونَ أَنَّهَا الْحَقُّ ۗ أَلَا إِنَّ الَّذِينَ يُمَارُونَ فِي السَّاعَةِ لَفِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ

    Цуьнца (къематденца) сихлуш бу шаьш цунах ца тешаш берш. Ийман диллинарш кхоьруш бу цунах‚ царна хаьа иза хьакъ-бакъ дуйла. Сема довла! Баккъалла а, цу сахьтах (къематдийнах) шеко еш берш генарчу тиларчохь ма бу

    42:18
  4. اللَّهُ لَطِيفٌ بِعِبَادِهِ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ ۖ وَهُوَ الْقَوِيُّ الْعَزِيزُ

    Дела Шен лех дукха къинхетаме ма ву, рицкъ ло Цо Шена луучунна. Иза нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву

    42:19
  5. مَنْ كَانَ يُرِيدُ حَرْثَ الْآخِرَةِ نَزِدْ لَهُ فِي حَرْثِهِ ۖ وَمَنْ كَانَ يُرِيدُ حَرْثَ الدُّنْيَا نُؤْتِهِ مِنْهَا وَمَا لَهُ فِي الْآخِرَةِ مِنْ نَصِيبٍ

    Милла хиллехь эхартан ял езаш Оха соввоккхур ву иза шена ял яларехь. Милла хиллехь дуьненан ял езаш лур ю Оха цунна оцунах‚ эхартахь цхьа а дāкъа дац цунна

    42:20
  6. أَمْ لَهُمْ شُرَكَاءُ شَرَعُوا لَهُمْ مِنَ الدِّينِ مَا لَمْ يَأْذَنْ بِهِ اللَّهُ ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةُ الْفَصْلِ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۗ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Ткъа царна накъостий бу шайна Дала ца магийнарг динехь шарI деш? Къасторан дош ца хиллехьара, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, зуламхой царна лазош долу Iазап ду

    42:21
  7. تَرَى الظَّالِمِينَ مُشْفِقِينَ مِمَّا كَسَبُوا وَهُوَ وَاقِعٌ بِهِمْ ۗ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فِي رَوْضَاتِ الْجَنَّاتِ ۖ لَهُمْ مَا يَشَاءُونَ عِنْدَ رَبِّهِمْ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَضْلُ الْكَبِيرُ

    Хьуна гур бу зуламхой чIогIа кхоьруш шаьш /дуьненахь/ карадинчух цуьнан бекхам /къематдийнахь/ шайна тIебоьжча. Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а ялсаманин диканашкахь хир бу. Царна хир ю шайна луург шайн Далла гергахь. Иза /Делера/ доккха дозалла ду-кх!

    42:22

Гочдар: Магомед Магомедов