Мусхаф., агӏо 486
-
ذَٰلِكَ الَّذِي يُبَشِّرُ اللَّهُ عِبَادَهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ۗ قُلْ لَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ أَجْرًا إِلَّا الْمَوَدَّةَ فِي الْقُرْبَىٰ ۗ وَمَنْ يَقْتَرِفْ حَسَنَةً نَزِدْ لَهُ فِيهَا حُسْنًا ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ شَكُورٌ
Иза бу Дала Шен ийман диллина болчу‚ дика Iамалш йина болчу лешна боккхуш болу кхаъ. Ахь āла: 'Ас ца боьху шуьга цунна тIехь цхьа а мах /вайн/ гергарлонашкахь безам /тергал бар/ бен'. Диканиг деш волчунна Оха алсамдоккхур ду цунна дикачуьнца. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ /диканиг динчунна/ баркалле а ву
42:23 -
أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا ۖ فَإِنْ يَشَإِ اللَّهُ يَخْتِمْ عَلَىٰ قَلْبِكَ ۗ وَيَمْحُ اللَّهُ الْبَاطِلَ وَيُحِقُّ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Я цара олу: 'Цо (Мухьаммад пайхамаро) кхоьллина Далла тIехь харцдерг?' Далла лууш делахьара, хьан дагна тIе мухIар тухур ма дара Цо. Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг
42:24 -
وَهُوَ الَّذِي يَقْبَلُ التَّوْبَةَ عَنْ عِبَادِهِ وَيَعْفُو عَنِ السَّيِّئَاتِ وَيَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ
Иза ву къобалдеш тōба Шен лешкара‚ гечдеш вонаш /аш тōба дича/‚ Цунна хаьа аш дийриг
42:25 -
وَيَسْتَجِيبُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَيَزِيدُهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۚ وَالْكَافِرُونَ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ
Жоп луш ву Иза ийман диллиначарна а‚ дика Iамал йиначарна а (церан доIина)‚ Цо совбоху уьш Шен комаьршаллех. Ткъа керстанаш царна чIогIа Iазап ду
42:26 -
وَلَوْ بَسَطَ اللَّهُ الرِّزْقَ لِعِبَادِهِ لَبَغَوْا فِي الْأَرْضِ وَلَٰكِنْ يُنَزِّلُ بِقَدَرٍ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّهُ بِعِبَادِهِ خَبِيرٌ بَصِيرٌ
Дала шортта даржинехьара рицкъ Шен лешна‚ тIехбовлур ма бара уьш /Делан дозанел/ лаьттахь‚ делахь а, Цо доссадо /рицкъ/ Шена луучу барамехь. Баккъалла а, Иза Шен лай сов дика бевзаш а‚ гуш а ма ву
42:27 -
وَهُوَ الَّذِي يُنَزِّلُ الْغَيْثَ مِنْ بَعْدِ مَا قَنَطُوا وَيَنْشُرُ رَحْمَتَهُ ۚ وَهُوَ الْوَلِيُّ الْحَمِيدُ
Иза ву цара дог диллинчул тIаьхьа догIа доуьйтуш верг‚ Цо баржабо Шен къинхетам. Иза ву хастаме волу доладийриг
42:28 -
وَمِنْ آيَاتِهِ خَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَثَّ فِيهِمَا مِنْ دَابَّةٍ ۚ وَهُوَ عَلَىٰ جَمْعِهِمْ إِذَا يَشَاءُ قَدِيرٌ
Цуьнан Iаламатех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар а‚ цу шинна чохь Цо даржина долу дийнат а. Иза уьш гулдарна тIехь, Шена ма лиънехь, ницкъ болуш а ву
42:29 -
وَمَا أَصَابَكُمْ مِنْ مُصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُو عَنْ كَثِيرٍ
Шух кхиъна болу /муьлха/ бохам шун куьйгаша карадинчуьнца бу‚ дукхадерг гечдо Цо
42:30 -
وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ ۖ وَمَا لَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ
Шу ма дац лаьттахь ддовдалур долуш /Делан кхиэлах/. Ма вац шуна Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а
42:31
Гочдар: Магомед Магомедов