Мусхаф., агӏо 487
-
وَمِنْ آيَاتِهِ الْجَوَارِ فِي الْبَحْرِ كَالْأَعْلَامِ
Цуьнан Iаламатех ю хIорда чохь лелаш ерш‚ лаьмнех тера
42:32 -
إِنْ يَشَأْ يُسْكِنِ الرِّيحَ فَيَظْلَلْنَ رَوَاكِدَ عَلَىٰ ظَهْرِهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ
Шена лиъча мох сацабо Цо‚ уьш (кеманаш) дуьсу чIагIделла цуьнан букъа тIехь. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо а собардолчунна а‚ баркалла олучунна а
42:33 -
أَوْ يُوبِقْهُنَّ بِمَا كَسَبُوا وَيَعْفُ عَنْ كَثِيرٍ
Я хIаллакдийр дара Цо уьш цара карадийнарг бахьанехь‚ Цо гечдо дукхадерг
42:34 -
وَيَعْلَمَ الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِنَا مَا لَهُمْ مِنْ مَحِيصٍ
Тхан аяташкахь къуьйсачарна хаийла‚ шайна цхьа а кIелхьардовлийла йоцийла
42:35 -
فَمَا أُوتِيتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَمَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ لِلَّذِينَ آمَنُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Цхьацца хIуманах шуна елларг дуьненан дахаран дāкъа ду. Далла гергахь дерг дика а ду, вуно а бухадуьсуш а ду ийман диллинчарна а‚ шайн Далла тIетевжинчарна а
42:36 -
وَالَّذِينَ يَجْتَنِبُونَ كَبَائِرَ الْإِثْمِ وَالْفَوَاحِشَ وَإِذَا مَا غَضِبُوا هُمْ يَغْفِرُونَ
/И хаза ял ю/ даккхийчу къинойх а‚ боьхачу хIуманех а генабеввлачарна а‚ шаьш оьгIазбевлича, гечдеш болчарна а
42:37 -
وَالَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِرَبِّهِمْ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَمْرُهُمْ شُورَىٰ بَيْنَهُمْ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ
/Иза ду/ шайн Кхиош-кхобучунна жоп деллачарна а‚ ламаз хIотточарна а‚ шайн гIуллакх вовший юкъахь кхеташо йолчарна а‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Делан новкъахь нахана диканиг деш/ харжаш ечарна а
42:38 -
وَالَّذِينَ إِذَا أَصَابَهُمُ الْبَغْيُ هُمْ يَنْتَصِرُونَ
Шайх цхьа хьагI кхиъча, вовшашна гIо деш болчарна а
42:39 -
وَجَزَاءُ سَيِّئَةٍ سَيِّئَةٌ مِثْلُهَا ۖ فَمَنْ عَفَا وَأَصْلَحَ فَأَجْرُهُ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ
Вочун бекхам и санна вониг ду. Гечдина‚ маслахьат динарг - цуьнан ял Далла тIехь ю. Баккъалла а, Цунна ца беза зуламхой
42:40 -
وَلَمَنِ انْتَصَرَ بَعْدَ ظُلْمِهِ فَأُولَٰئِكَ مَا عَلَيْهِمْ مِنْ سَبِيلٍ
ГIо лехнарг шена зулам /динчул/ тIаьхьа цунна некъ боьхкур бац (бехке лорур вац и; къа дац цунна)
42:41 -
إِنَّمَا السَّبِيلُ عَلَى الَّذِينَ يَظْلِمُونَ النَّاسَ وَيَبْغُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Некъ боьхкур бу (таIзар дийр ду) нахана зулам деш болчарна а‚ лаьттахь бовла хьакъ доцуш /нахана ницкъаш беш, вон лелаш/ курабовлучарна а. Царна лазош долу Iазап ду
42:42 -
وَلَمَنْ صَبَرَ وَغَفَرَ إِنَّ ذَٰلِكَ لَمِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ
Собар динарг а‚ гечдийнарг а баккъалла а, иза чIогIачу гIуллакхех ду
42:43 -
وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ وَلِيٍّ مِنْ بَعْدِهِ ۗ وَتَرَى الظَّالِمِينَ لَمَّا رَأَوُا الْعَذَابَ يَقُولُونَ هَلْ إِلَىٰ مَرَدٍّ مِنْ سَبِيلٍ
Дала тилавала витинарг - ма вац цунна цхьа а доладийриг Цул тIаьхьа. Хьуна гур зуламхой шайна Iазап гинчул тIаьхьа олуш: 'Духадерзан цхьа а некъ буй-те?'
42:44
Гочдар: Магомед Магомедов