Мусхаф., агӏо 488
-
وَتَرَاهُمْ يُعْرَضُونَ عَلَيْهَا خَاشِعِينَ مِنَ الذُّلِّ يَنْظُرُونَ مِنْ طَرْفٍ خَفِيٍّ ۗ وَقَالَ الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ الْخَاسِرِينَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَأَهْلِيهِمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ أَلَا إِنَّ الظَّالِمِينَ فِي عَذَابٍ مُقِيمٍ
Хьуна гур бу уьш цунна (жоьжахатина) хьалхатеттина‚ сийсаза хиларх кхерабевла‚ къайлаха хоьжуш. Ийман диллинчара эр: 'Баккъалла а, зен хилларш бу-кх шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь. Сема довла! Ткъа, баккъалла а, зуламхой /хир/ бац гуттаренан Iазапа чохь?'
42:45 -
وَمَا كَانَ لَهُمْ مِنْ أَوْلِيَاءَ يَنْصُرُونَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۗ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ سَبِيلٍ
Ма ца хили царна доладийраш‚ царна гIо деш, Делан /запна/ дуьхьал. Дала тилавала вуьтург, милла велахь а, ма бац цунна цхьа а некъ /кIелхьарвала/
42:46 -
اسْتَجِيبُوا لِرَبِّكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ يَوْمٌ لَا مَرَدَّ لَهُ مِنَ اللَّهِ ۚ مَا لَكُمْ مِنْ مَلْجَإٍ يَوْمَئِذٍ وَمَا لَكُمْ مِنْ نَكِيرٍ
Жоп ло шайн Кхиош-кхобучунна (Цунна Iибадат дарца) шен Делера духтохалур доцу де дāле. Яц шуна цхьа а дIадовда меттиг оцу дийнахь‚ вац шуна цхьа а /шун Iазапан/ инкарло йийр ерг
42:47 -
فَإِنْ أَعْرَضُوا فَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا ۖ إِنْ عَلَيْكَ إِلَّا الْبَلَاغُ ۗ وَإِنَّا إِذَا أَذَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنَّا رَحْمَةً فَرِحَ بِهَا ۖ وَإِنْ تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ فَإِنَّ الْإِنْسَانَ كَفُورٌ
Уьш дIаберзахь, Оха ца вахийтина хьо царна тIе хехо (лардархо) хилла. Хьан тIехь дIаккхачор бен дац. Оха адамна Iовшийтича Тхайгара къинхетам‚ даккхийдоь иза цуьнца. Ткъа цунах кхиъча вониг, цуьнан куьйгаша хьалхадаьккхина долу, тIаккха адам керста хуьлий дIахIутту
42:48 -
لِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۚ يَهَبُ لِمَنْ يَشَاءُ إِنَاثًا وَيَهَبُ لِمَنْ يَشَاءُ الذُّكُورَ
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Кхуллу Цо Шена луург. Ло Цо Шена луучунна зудабераш, ло Цо Шена луучунна божабераш
42:49 -
أَوْ يُزَوِّجُهُمْ ذُكْرَانًا وَإِنَاثًا ۖ وَيَجْعَلُ مَنْ يَشَاءُ عَقِيمًا ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ قَدِيرٌ
Я хуьлуьйту царна божабераш а‚ зудабераш а‚ Шена луург тIаьхье йоцуш вуьту. Баккъалла а, Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву
42:50 -
وَمَا كَانَ لِبَشَرٍ أَنْ يُكَلِّمَهُ اللَّهُ إِلَّا وَحْيًا أَوْ مِنْ وَرَاءِ حِجَابٍ أَوْ يُرْسِلَ رَسُولًا فَيُوحِيَ بِإِذْنِهِ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّهُ عَلِيٌّ حَكِيمٌ
Ца хили адамна Дела шега вистхилар вехьеца бен‚ я кирхьана дехьахула‚ я элча ваийтарца бен цо вехье луш Цуьнан пурбанца Цунна луург. Баккъалла а, Иза лекха верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
42:51
Гочдар: Магомед Магомедов