Мусхаф., агӏо 489

  1. وَكَذَٰلِكَ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ رُوحًا مِنْ أَمْرِنَا ۚ مَا كُنْتَ تَدْرِي مَا الْكِتَابُ وَلَا الْإِيمَانُ وَلَٰكِنْ جَعَلْنَاهُ نُورًا نَهْدِي بِهِ مَنْ نَشَاءُ مِنْ عِبَادِنَا ۚ وَإِنَّكَ لَتَهْدِي إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Иштта хьоьга а вехьеца даийтина Оха са Тхан гIуллакхах. Хьо ма вацара хууш‚ жайна хIун ду‚ ийман хIун ду а‚ делахь а, Оха нур хилийта цунах (Къуръанах), шеца нисвеш Тхайна луург Тхан лех‚ баккъалла а, ахь нисваларе ма кхойкху /исламан/ нийсачу новкъа‚

    42:52
  2. صِرَاطِ اللَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ أَلَا إِلَى اللَّهِ تَصِيرُ الْأُمُورُ

    Делан новкъа‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Ткъа Далла тIе ца доьду гIуллакхаш? /ХIаъ! Доьду!/

    42:53
  3. حم

    Хьа-мūм

    43:1
  4. وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ

    Билгалчу жайнаца /дуй боу Аса/

    43:2
  5. إِنَّا جَعَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Оха хилийтина цунах Iаьрбийн /маттахь/ Къуръан шу /цуьнан хьукамех/ кхетийта

    43:3
  6. وَإِنَّهُ فِي أُمِّ الْكِتَابِ لَدَيْنَا لَعَلِيٌّ حَكِيمٌ

    Баккъалла а, иза (Къуръан) жайнан нена чохь ду Тхан гергахь‚ лекханиг а ду‚ хьукаме дерг а ду /ша/

    43:4
  7. أَفَنَضْرِبُ عَنْكُمُ الذِّكْرَ صَفْحًا أَنْ كُنْتُمْ قَوْمًا مُسْرِفِينَ

    Ткъа Оха шух ца кхоьтуьйтуш буьтур бу хьехам шу тIаламза къам хили аьлла?

    43:5
  8. وَكَمْ أَرْسَلْنَا مِنْ نَبِيٍّ فِي الْأَوَّلِينَ

    Мел /дукха/ пайхамарш бахийтина Оха хьалхалерачаьргахь!

    43:6
  9. وَمَا يَأْتِيهِمْ مِنْ نَبِيٍّ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Цхьа а пайхамар ца веана цаьрга цара иза сийсазвоккхуш бен

    43:7
  10. فَأَهْلَكْنَا أَشَدَّ مِنْهُمْ بَطْشًا وَمَضَىٰ مَثَلُ الْأَوَّلِينَ

    Оха хIаллакбина царах /хьан къомал/ ницкъаца вуно чIогIа берш дIадахана хьалхалерачеран масал

    43:8
  11. وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ خَلَقَهُنَّ الْعَزِيزُ الْعَلِيمُ

    Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ аьлла, цара аланне а эр ду хьуна: 'Уьш кхоьллина Ша веза волчо‚ Ша хууш волчо (Дала)!'

    43:9
  12. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ مَهْدًا وَجَعَلَ لَكُمْ فِيهَا سُبُلًا لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь (лаьттахь) некъаш шу нийсачу новкъахь хир дацара-те

    43:10

Гочдар: Магомед Магомедов