Мусхаф., агӏо 490

  1. وَالَّذِي نَزَّلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً بِقَدَرٍ فَأَنْشَرْنَا بِهِ بَلْدَةً مَيْتًا ۚ كَذَٰلِكَ تُخْرَجُونَ

    Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доуьйтуш стиглара хи барамехь Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/

    43:11
  2. وَالَّذِي خَلَقَ الْأَزْوَاجَ كُلَّهَا وَجَعَلَ لَكُمْ مِنَ الْفُلْكِ وَالْأَنْعَامِ مَا تَرْكَبُونَ

    Ишттаниг а ву Иза Ша массо а хIума шиш-шиш кхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тIеховша хIуманаш

    43:12
  3. لِتَسْتَوُوا عَلَىٰ ظُهُورِهِ ثُمَّ تَذْكُرُوا نِعْمَةَ رَبِّكُمْ إِذَا اسْتَوَيْتُمْ عَلَيْهِ وَتَقُولُوا سُبْحَانَ الَّذِي سَخَّرَ لَنَا هَٰذَا وَمَا كُنَّا لَهُ مُقْرِنِينَ

    Шу дIанисдалийтан церан баккъаш тIехь‚ тIаккха аш хьехадан шайн Кхиош-кхобучун ниIмат шаьш царна тIехь дIанисделча‚ аш āла: 'Вонах цIена ву И Ша тхуна хIара муьтIахь йина‚ тхуна цу тIехь ницкъ кхочур ма бацара

    43:13
  4. وَإِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا لَمُنْقَلِبُونَ

    Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзур долуш ма ду (къематдийнахь) '

    43:14
  5. وَجَعَلُوا لَهُ مِنْ عِبَادِهِ جُزْءًا ۚ إِنَّ الْإِنْسَانَ لَكَفُورٌ مُبِينٌ

    Цара ма хилийти Цунна Цуьнан лех цхьа дāкъа. Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх

    43:15
  6. أَمِ اتَّخَذَ مِمَّا يَخْلُقُ بَنَاتٍ وَأَصْفَاكُمْ بِالْبَنِينَ

    Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух /Шена/ мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца?

    43:16
  7. وَإِذَا بُشِّرَ أَحَدُهُمْ بِمَا ضَرَبَ لِلرَّحْمَٰنِ مَثَلًا ظَلَّ وَجْهُهُ مُسْوَدًّا وَهُوَ كَظِيمٌ

    Царах цхьанна кхаъ баьккхича шаьш Къинхетам болчунна масал далийначуьнца Iаржалой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /и шена йоI хилар ца дезаш/

    43:17
  8. أَوَمَنْ يُنَشَّأُ فِي الْحِلْيَةِ وَهُوَ فِي الْخِصَامِ غَيْرُ مُبِينٍ

    Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)?

    43:18
  9. وَجَعَلُوا الْمَلَائِكَةَ الَّذِينَ هُمْ عِبَادُ الرَّحْمَٰنِ إِنَاثًا ۚ أَشَهِدُوا خَلْقَهُمْ ۚ سَتُكْتَبُ شَهَادَتُهُمْ وَيُسْأَلُونَ

    Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара-те уьш (маликаш) кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга барт хоттур ма бу

    43:19
  10. وَقَالُوا لَوْ شَاءَ الرَّحْمَٰنُ مَا عَبَدْنَاهُمْ ۗ مَا لَهُمْ بِذَٰلِكَ مِنْ عِلْمٍ ۖ إِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ

    Цара элира: 'Къинхетам болчунна лиънехьара‚ оха царна (маликашна) Iибадат дина хир дацара'. Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харцлуьйш бен

    43:20
  11. أَمْ آتَيْنَاهُمْ كِتَابًا مِنْ قَبْلِهِ فَهُمْ بِهِ مُسْتَمْسِكُونَ

    Я Оха жайна делла-те цаьрга цул (Къуръанал) хьалха, тккха уьш цуьнца чIагIбелларш а хуьлуш?

    43:21
  12. بَلْ قَالُوا إِنَّا وَجَدْنَا آبَاءَنَا عَلَىٰ أُمَّةٍ وَإِنَّا عَلَىٰ آثَارِهِمْ مُهْتَدُونَ

    ХIаъ‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорах (тачча) дIанислуш ду'

    43:22

Гочдар: Магомед Магомедов