Мусхаф., агӏо 491
-
وَكَذَٰلِكَ مَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ فِي قَرْيَةٍ مِنْ نَذِيرٍ إِلَّا قَالَ مُتْرَفُوهَا إِنَّا وَجَدْنَا آبَاءَنَا عَلَىٰ أُمَّةٍ وَإِنَّا عَلَىٰ آثَارِهِمْ مُقْتَدُونَ
Иштта ца вахийтира Оха хьол хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучара олуш бен: 'Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорана (тачана) тIаьхьадаьзаш ду'
43:23 -
قَالَ أَوَلَوْ جِئْتُكُمْ بِأَهْدَىٰ مِمَّا وَجَدْتُمْ عَلَيْهِ آبَاءَكُمْ ۖ قَالُوا إِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ
Цо (Мухьаммад пайхамара) элира: 'Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь карийначул вуно нийсачуьнца‚ /тIаккха а харцво аш со/?' Цара элира: 'Баккъалла а, тхо шу (элчанаш) шеца даийтинчунна керста ду-кх'
43:24 -
فَانْتَقَمْنَا مِنْهُمْ ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ
Оха чIир ийцира цьаргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначеран тIаьхье!
43:25 -
وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ إِنَّنِي بَرَاءٌ مِمَّا تَعْبُدُونَ
Дагадаийта! ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къоме а: 'Баккъалла а, со цIена ву аш шена Iибадат дечух
43:26 -
إِلَّا الَّذِي فَطَرَنِي فَإِنَّهُ سَيَهْدِينِ
Со кхоьллинчунна бен /дийр дац ас Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву'
43:27 -
وَجَعَلَهَا كَلِمَةً بَاقِيَةً فِي عَقِبِهِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош уьш юхаберза там бара-кх
43:28 -
بَلْ مَتَّعْتُ هَٰؤُلَاءِ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ جَاءَهُمُ الْحَقُّ وَرَسُولٌ مُبِينٌ
ХIаъ‚ Ас бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валц
43:29 -
وَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ قَالُوا هَٰذَا سِحْرٌ وَإِنَّا بِهِ كَافِرُونَ
Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: 'ХIара бозбуунчалла ду‚ баккъалла а, тхо цунна керста ду'
43:30 -
وَقَالُوا لَوْلَا نُزِّلَ هَٰذَا الْقُرْآنُ عَلَىٰ رَجُلٍ مِنَ الْقَرْيَتَيْنِ عَظِيمٍ
Цара элира: 'ХIара Къуръан доссинехьара шина юьртара сийлахь-везачу стаге'
43:31 -
أَهُمْ يَقْسِمُونَ رَحْمَتَ رَبِّكَ ۚ نَحْنُ قَسَمْنَا بَيْنَهُمْ مَعِيشَتَهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَرَفَعْنَا بَعْضَهُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِيَتَّخِذَ بَعْضُهُمْ بَعْضًا سُخْرِيًّا ۗ وَرَحْمَتُ رَبِّكَ خَيْرٌ مِمَّا يَجْمَعُونَ
Ткъа уьш бу хьан Кхиош-кхобучун къинхетам буьйкъуш берш? Оха бийкъина царна юккъехь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царах цхьаберш вовший тIехь даржашца лакхабехина‚ царах цхьаболчаьрга шайна вукхарга гIуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-кхобучун къинхетам дика бу цара гулдешдолчул
43:32 -
وَلَوْلَا أَنْ يَكُونَ النَّاسُ أُمَّةً وَاحِدَةً لَجَعَلْنَا لِمَنْ يَكْفُرُ بِالرَّحْمَٰنِ لِبُيُوتِهِمْ سُقُفًا مِنْ فِضَّةٍ وَمَعَارِجَ عَلَيْهَا يَظْهَرُونَ
Нах /берриге а/ цхьа уммат ца хилахьара, Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчух цатешачарна церан цIеношна датон тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIебовлуш болу
43:33
Гочдар: Магомед Магомедов