Мусхаф., агӏо 492
-
وَلِبُيُوتِهِمْ أَبْوَابًا وَسُرُرًا عَلَيْهَا يَتَّكِئُونَ
Церан цIеношна неIарш а‚ уьш шайна тIетовжуш болу маьнганаш а /датох хуьлуьйтура бара Оха/,
43:34 -
وَزُخْرُفًا ۚ وَإِنْ كُلُّ ذَٰلِكَ لَمَّا مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَالْآخِرَةُ عِنْدَ رَبِّكَ لِلْمُتَّقِينَ
/Кхин/ хазаллаш а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-кхобучунна гергахь /Делах/ кхоьручарна ду
43:35 -
وَمَنْ يَعْشُ عَنْ ذِكْرِ الرَّحْمَٰنِ نُقَيِّضْ لَهُ شَيْطَانًا فَهُوَ لَهُ قَرِينٌ
Сов къинхетаме верг (АллахДела) хьехьорах гIовпал хилларг Оха тIекхуссу цунна шайтIа, и цунна ца къесташ накъост а хуьлуш
43:36 -
وَإِنَّهُمْ لَيَصُدُّونَهُمْ عَنِ السَّبِيلِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ مُهْتَدُونَ
Баккъалла а, цара (шайтIанаша) дIатилабо уьш (шайн накъостий адамаш Делан нийсачу) некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду
43:37 -
حَتَّىٰ إِذَا جَاءَنَا قَالَ يَا لَيْتَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ بُعْدَ الْمَشْرِقَيْنِ فَبِئْسَ الْقَرِينُ
Ша тхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр: 'Декъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна хьох, шайтIанах/'
43:38 -
وَلَنْ يَنْفَعَكُمُ الْيَوْمَ إِذْ ظَلَمْتُمْ أَنَّكُمْ فِي الْعَذَابِ مُشْتَرِكُونَ
Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьана /дакъа лоцуш/ хир ду
43:39 -
أَفَأَنْتَ تُسْمِعُ الصُّمَّ أَوْ تَهْدِي الْعُمْيَ وَمَنْ كَانَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Ткъа ахь хозуьйту къораволчунна я нийсачу новкъа вуьллу бIаьрсадоцург а‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг а?
43:40 -
فَإِمَّا نَذْهَبَنَّ بِكَ فَإِنَّا مِنْهُمْ مُنْتَقِمُونَ
Оха хьо дIакхалхийчи а баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю
43:41 -
أَوْ نُرِيَنَّكَ الَّذِي وَعَدْنَاهُمْ فَإِنَّا عَلَيْهِمْ مُقْتَدِرُونَ
Я Оха хоьга гайтанне а гойтур ма ду Оха царна ваIда йинарг баккъала а Тхо царна тIехь ницкъ кхочуш ма ду
43:42 -
فَاسْتَمْسِكْ بِالَّذِي أُوحِيَ إِلَيْكَ ۖ إِنَّكَ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Ахь схьалаца хьайга вехьеца делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву
43:43 -
وَإِنَّهُ لَذِكْرٌ لَكَ وَلِقَوْمِكَ ۖ وَسَوْفَ تُسْأَلُونَ
Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу хьуна а‚ хьан къоме а‚ тIаьхьа хоттур ду шуьга
43:44 -
وَاسْأَلْ مَنْ أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ مِنْ رُسُلِنَا أَجَعَلْنَا مِنْ دُونِ الرَّحْمَٰنِ آلِهَةً يُعْبَدُونَ
Ахь хаттал Оха хьол хьалха элчанех баийтинчаьрга: 'Оха хилийтиний-те Къинхетаме верг воцург /кхин/ делий, цара шайна Iибадат деш?'
43:45 -
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَقَالَ إِنِّي رَسُولُ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо злира: 'Баккъалла а, со Iаламийн Ден элча ву'
43:46 -
فَلَمَّا جَاءَهُمْ بِآيَاتِنَا إِذَا هُمْ مِنْهَا يَضْحَكُونَ
Иза (Муса) шайга веъча Тхан аяташца‚ уьш царах (аятех) боьлу
43:47
Гочдар: Магомед Магомедов