Мусхаф., агӏо 493

  1. وَمَا نُرِيهِمْ مِنْ آيَةٍ إِلَّا هِيَ أَكْبَرُ مِنْ أُخْتِهَا ۖ وَأَخَذْنَاهُمْ بِالْعَذَابِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул доккхо долуш бен. Оха схьалецира уьш Iазапаца уьш юхабоьрзур бацара-те /шайн тиларх/

    43:48
  2. وَقَالُوا يَا أَيُّهَ السَّاحِرُ ادْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِنْدَكَ إِنَّنَا لَمُهْتَدُونَ

    Цара элира: 'ХIай бозбуунча! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучуьнга хьуна гергахь Цуьнан ваIда хилларг баккъалла а, тхо нислур ма ду (оха ийман дуьллур ма ду и Iазап дIадаьккхича)

    43:49
  3. فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ الْعَذَابَ إِذَا هُمْ يَنْكُثُونَ

    Оха ай ма диннехь шайна тIера Iазап цара барт бохо

    43:50
  4. وَنَادَىٰ فِرْعَوْنُ فِي قَوْمِهِ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَيْسَ لِي مُلْكُ مِصْرَ وَهَٰذِهِ الْأَنْهَارُ تَجْرِي مِنْ تَحْتِي ۖ أَفَلَا تُبْصِرُونَ

    Кхийкхира ФирIавнас шен къомехь, элира: 'Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хIара хиш суна (сан гIалина) бухахула лелаш долуш? Шуна ца го /сан сийлалла/?

    43:51
  5. أَمْ أَنَا خَيْرٌ مِنْ هَٰذَا الَّذِي هُوَ مَهِينٌ وَلَا يَكَادُ يُبِينُ

    Я со дика вац хIокхал‚ ша заIип волчу‚ талкхо (мотт тийсалуш) волчу?

    43:52
  6. فَلَوْلَا أُلْقِيَ عَلَيْهِ أَسْوِرَةٌ مِنْ ذَهَبٍ أَوْ جَاءَ مَعَهُ الْمَلَائِكَةُ مُقْتَرِنِينَ

    Йиллинехьара цунна тIе дашон чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьана маликаш /цунах/ хуттаделла'

    43:53
  7. فَاسْتَخَفَّ قَوْمَهُ فَأَطَاعُوهُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    /Дукха/ дайа карийра цунна шен къам уьш цунна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песакъ нах

    43:54
  8. فَلَمَّا آسَفُونَا انْتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَأَغْرَقْنَاهُمْ أَجْمَعِينَ

    Цара Тхо оьгIаздаьхча, Оха цаьргара чIир ийцира хина бухабахийтира уьш берриге а

    43:55
  9. فَجَعَلْنَاهُمْ سَلَفًا وَمَثَلًا لِلْآخِرِينَ

    Уьш хилийтира Оха хьалхабахна‚ масал хилла тIаьхьабогIучарна

    43:56
  10. وَلَمَّا ضُرِبَ ابْنُ مَرْيَمَ مَثَلًا إِذَا قَوْمُكَ مِنْهُ يَصِدُّونَ

    Марьяман кIантах масал далийча, хьан къомо чIогIа гIовгIа йоккху /хазахетта/

    43:57
  11. وَقَالُوا أَآلِهَتُنَا خَيْرٌ أَمْ هُوَ ۚ مَا ضَرَبُوهُ لَكَ إِلَّا جَدَلًا ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ خَصِمُونَ

    Цара элира: 'Тхан делий дика бу я иза ву?' И (масал) ца далийра цара къийсамна бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду

    43:58
  12. إِنْ هُوَ إِلَّا عَبْدٌ أَنْعَمْنَا عَلَيْهِ وَجَعَلْنَاهُ مَثَلًا لِبَنِي إِسْرَائِيلَ

    Иза-м (Марьяман кIант Iийса) веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цунна‚ Оха хилийтина цунах масал Исраилан кIенташна

    43:59
  13. وَلَوْ نَشَاءُ لَجَعَلْنَا مِنْكُمْ مَلَائِكَةً فِي الْأَرْضِ يَخْلُفُونَ

    Тхуна лууш делхьара, шун метта маликаш хуьлуьйтура дара Оха лаьттахь‚ /шу хIаллакдинчул тIаьхьа/ дуьсуш

    43:60

Гочдар: Магомед Магомедов