Сурат 2 Аль-бакъара (Етт)

  1. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اعْبُدُوا رَبَّكُمُ الَّذِي خَلَقَكُمْ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

    ХIай нах! Шаьш а, шайл хьалхарнаш а кхоьллинчу шаьш Кхиош-кхобучунна Iибадат де‚ шу хила тарло-кх /Делах/ кхоьруш

    2:21
  2. الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ فِرَاشًا وَالسَّمَاءَ بِنَاءً وَأَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقًا لَكُمْ ۖ فَلَا تَجْعَلُوا لِلَّهِ أَنْدَادًا وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    И ву шуна латтанах мотт бина‚ стигланах тхов бина‚ стиглара хи а даийтина‚ цуьнца стоьмаш а кхиина шуна рицкъана. Тккха ма нисве Делаца цхьа а‚ шайна хуъушехь

    2:22
  3. وَإِنْ كُنْتُمْ فِي رَيْبٍ مِمَّا نَزَّلْنَا عَلَىٰ عَبْدِنَا فَأْتُوا بِسُورَةٍ مِنْ مِثْلِهِ وَادْعُوا شُهَدَاءَكُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Нагахь шу шеконехь делахь, Оха Тхан лега /Мухьаммад пайхамаре/ доссош хиллачух, тккха схьадаладе цунах тера цхьа сурат‚ схьакхайкха шайн тешаш (гьнчий)‚ Дела воцург‚ шаьш бакълуьйш делахь

    2:23
  4. فَإِنْ لَمْ تَفْعَلُوا وَلَنْ تَفْعَلُوا فَاتَّقُوا النَّارَ الَّتِي وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ ۖ أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ

    Нагахь шуьга и ца далахь – ткъа и шуьга цкъа а далур дац - кхерийша цIарах‚ шен ягориг адамаш а‚ тIулгаш а долчу. Иза кечйина цатешачарна

    2:24
  5. وَبَشِّرِ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ كُلَّمَا رُزِقُوا مِنْهَا مِنْ ثَمَرَةٍ رِزْقًا ۙ قَالُوا هَٰذَا الَّذِي رُزِقْنَا مِنْ قَبْلُ ۖ وَأُتُوا بِهِ مُتَشَابِهًا ۖ وَلَهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُطَهَّرَةٌ ۖ وَهُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Ахь /хIай Мухьаммад/ кхаъ баккха ийман диллинчарга а, дика Iамалш йиначаьрга а шайна /ялсаманин/ бошмаш хирг хиларца‚ бухахула оьхуш хиш а долуш. Хразза шайна цу чуьра стоьмех рицкъ мел дели‚ цара эр ду: 'ХIарра дара хьалха а вайна луш хилларг' – царна хьалха а деллера цунах тераниг /делахь а хра кхин дара чамаца а, хьожаца а, куц тера хиллехь а/. Царна цу чохь цIена зударий а хир бу‚ уьш цу чохь гуттар а лаьттар бу

    2:25
  6. إِنَّ اللَّهَ لَا يَسْتَحْيِي أَنْ يَضْرِبَ مَثَلًا مَا بَعُوضَةً فَمَا فَوْقَهَا ۚ فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا فَيَعْلَمُونَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّهِمْ ۖ وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَيَقُولُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًا ۘ يُضِلُّ بِهِ كَثِيرًا وَيَهْدِي بِهِ كَثِيرًا ۚ وَمَا يُضِلُّ بِهِ إِلَّا الْفَاسِقِينَ

    Баккъалла а, Дела ийза ца ло масал даладан: чуьрккал хIуманах а‚ цул лакхарчех а (тоьлуш долчех я цул оьшуш долчех а). Ийман диллинчарна хаьа и шайн Делера бакъдерг дуйла‚ ткъа цатешачара олу: 'ХIун лиъна-те Далла цу масалца?' Цо тилабо цуьнца дуккха а берш‚ Цо нисбо цуьнца дуккха а берш. Цуьнца тила-м ца бо Цо песакх берш бен

    2:26
  7. الَّذِينَ يَنْقُضُونَ عَهْدَ اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مِيثَاقِهِ وَيَقْطَعُونَ مَا أَمَرَ اللَّهُ بِهِ أَنْ يُوصَلَ وَيُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    Уьш ма бу йохош Делаца хилла ваIда барт хиллачул тIаьхьа‚ цара хедадо Дала хотта аьлла омра динарг‚ леладо лаьтта тIехь боьханиг‚ – уьш ма бу эшнарш

    2:27
  8. كَيْفَ تَكْفُرُونَ بِاللَّهِ وَكُنْتُمْ أَمْوَاتًا فَأَحْيَاكُمْ ۖ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Шу муха ца теша Делах? Шу делла ма дара. ТIаккха Цо шу ден ма дира. Юха Цо долуьйтур ду шу‚ юха а дендийр ду‚ тIаккха Цунна тIе дIадерзор ду шу

    2:28
  9. هُوَ الَّذِي خَلَقَ لَكُمْ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ثُمَّ اسْتَوَىٰ إِلَى السَّمَاءِ فَسَوَّاهُنَّ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ ۚ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Иза ву лаьтта тIехь мел дерг шуна кхоьллинарг‚ тIаккха тIевирзира И стигланна – Цо дIанисйира и ворхI стигалца‚ – И массо а хIуманах дерг Шена хууш верг ма ву

    2:29
  10. وَإِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَائِكَةِ إِنِّي جَاعِلٌ فِي الْأَرْضِ خَلِيفَةً ۖ قَالُوا أَتَجْعَلُ فِيهَا مَنْ يُفْسِدُ فِيهَا وَيَسْفِكُ الدِّمَاءَ وَنَحْنُ نُسَبِّحُ بِحَمْدِكَ وَنُقَدِّسُ لَكَ ۖ قَالَ إِنِّي أَعْلَمُ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: 'Со воллу лаьтта тIехь тьхье хилийта'. Цара элира: 'Ахь кхуллу ткъа цу тIехь боьханиг ден дерг а‚ цIий Iено дерг а? Оха бийр бара Хьуна хастам а‚ оха вазвийр а ма вара Хьо'. Цо элира: 'Со хууш ма ву шуна цахуург а'

    2:30
  11. وَعَلَّمَ آدَمَ الْأَسْمَاءَ كُلَّهَا ثُمَّ عَرَضَهُمْ عَلَى الْمَلَائِكَةِ فَقَالَ أَنْبِئُونِي بِأَسْمَاءِ هَٰؤُلَاءِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цо Iамийра Āдамна массо а хIуманийн цIерш‚ тIаккха уьш маликашна а гайтина‚ элира: 'Йийца Суна церан цIерш‚ шаьш делахь бакълуьйш'

    2:31
  12. قَالُوا سُبْحَانَكَ لَا عِلْمَ لَنَا إِلَّا مَا عَلَّمْتَنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ

    Цара элира: 'Массо а вочух цIена ву Хьо. Тхоьгахь ма дац Ахь тхайна мийна долу лма бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а'

    2:32
  13. قَالَ يَا آدَمُ أَنْبِئْهُمْ بِأَسْمَائِهِمْ ۖ فَلَمَّا أَنْبَأَهُمْ بِأَسْمَائِهِمْ قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكُمْ إِنِّي أَعْلَمُ غَيْبَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَأَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا كُنْتُمْ تَكْتُمُونَ

    /Дала/ элира: 'ХIай Āдам‚ ахь йийцал цаьрга церан цIерш'. ТIаккха цо цаьрга церан цIерш йийцича‚ элира /Дала/: 'Ас шуьга ца аьллера ткъа: Со хууш ву стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аш гучудоккхуш дерг а‚ аш хьулдеш хилларг а?'

    2:33
  14. وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ وَاسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ الْكَافِرِينَ

    Оха аьллера маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. ТIаккха цара сужуд дира‚ Иблис доцчо. Иза дуьхьал а делира‚ цо куралла а йира‚ – и хилира цатешачарах

    2:34
  15. وَقُلْنَا يَا آدَمُ اسْكُنْ أَنْتَ وَزَوْجُكَ الْجَنَّةَ وَكُلَا مِنْهَا رَغَدًا حَيْثُ شِئْتُمَا وَلَا تَقْرَبَا هَٰذِهِ الشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ الظَّالِمِينَ

    /Дала хьайн къоме, хй Мухьаммад/: Оха элира: 'ХIай‚ Āдам‚ вāха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цу чохь долчух ма-дезза шайна луъург. Амма шу герга ма гIолаш хIокху диттана – /додахь/, шуь-шиъ хир ду зулам диначарах'

    2:35
  16. فَأَزَلَّهُمَا الشَّيْطَانُ عَنْهَا فَأَخْرَجَهُمَا مِمَّا كَانَا فِيهِ ۖ وَقُلْنَا اهْبِطُوا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ وَلَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ

    Галабаьхира шайтно и шиъ цуьнца (диттаца – марздира царна и стом кхалла). ТIаккха Цо и шиъ арадаьккхира шаьш хиллачуьра (ялсаманера). Оха элира /Āдаме а, Хьавага а, Иблисе а/: 'Охьадисса /лаьтта т/‚ вовшийн мостагIий а долчу хьолехь. Шуна лаьттахь хир ю дахаран меттиг а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а'

    2:36
  17. فَتَلَقَّىٰ آدَمُ مِنْ رَبِّهِ كَلِمَاتٍ فَتَابَ عَلَيْهِ ۚ إِنَّهُ هُوَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ

    Āдама Iамийра ша Кхиош-кхобучуьнан дешнаш‚ Цо (Дала) цуьнан тōба къобалдира. Баккъалла а‚ Иза ву /ттт/ тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а

    2:37
  18. قُلْنَا اهْبِطُوا مِنْهَا جَمِيعًا ۖ فَإِمَّا يَأْتِيَنَّكُمْ مِنِّي هُدًى فَمَنْ تَبِعَ هُدَايَ فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Оха (Дала) элира: 'Чудисса цигара (ялсаманера) массо а. Нагахь шуьга Сан нийсонан некъ кхачахь (и кхача а кхочур бу), цунна тьхьабаьзначарна кхерам а хир бац (шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан гллакхех), уьш сингаттаме а хир бац (дуьненахь шайх дтилна дисина гллакхаш бахьанехь, Дала шайна мела цабаларна кхоьруш)

    2:38
  19. وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина берш а – уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттаренна а буьсур ма бу'

    2:39
  20. يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اذْكُرُوا نِعْمَتِيَ الَّتِي أَنْعَمْتُ عَلَيْكُمْ وَأَوْفُوا بِعَهْدِي أُوفِ بِعَهْدِكُمْ وَإِيَّايَ فَارْهَبُونِ

    ХIай‚ Исраилан кIентий‚ Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шайна делла хилла долу‚ аш кхочушъе Соьца /шаьш Суна а бен бадат дийр дац, аьлла/ хилла ваIда‚ Ас кхочушйийр ю шуьца /Айса шуна хаза мела лур бу, аьлла/ хилла ваIда‚ Сох цхьаннах кхералаш

    2:40

Гочдар: Магомед Магомедов