Мусхаф., агӏо 51

  1. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَنْ تُغْنِيَ عَنْهُمْ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمْ وَقُودُ النَّارِ

    Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а‚ церан доьзало а Делера (Цуьнан Iазапах) хмма а хьалхабохур ма бац уьш. Уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран ягориг

    3:10
  2. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    ФирIавнан доьзалан Iадатах терра‚ царал хьалха хиллачеран Iадатах терра: харцдира цара Тхан аяташ – Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь. И Дела таIзар дарехь чIогIа ма ву

    3:11
  3. قُلْ لِلَّذِينَ كَفَرُوا سَتُغْلَبُونَ وَتُحْشَرُونَ إِلَىٰ جَهَنَّمَ ۚ وَبِئْسَ الْمِهَادُ

    Ахь āла цатешначаьрга: 'Эшор а ду шу‚ жоьжахатина чу лохкур а ду шу'. – Ма вон мотт бу-кх иза

    3:12
  4. قَدْ كَانَ لَكُمْ آيَةٌ فِي فِئَتَيْنِ الْتَقَتَا ۖ فِئَةٌ تُقَاتِلُ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَأُخْرَىٰ كَافِرَةٌ يَرَوْنَهُمْ مِثْلَيْهِمْ رَأْيَ الْعَيْنِ ۚ وَاللَّهُ يُؤَيِّدُ بِنَصْرِهِ مَنْ يَشَاءُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَعِبْرَةً لِأُولِي الْأَبْصَارِ

    Шуна делил дара-кх вовшашна дуьхь-дуьхьал яхна хиллачу шина тобанехь: цхьа тоба тIом беш Делан новкъахь‚ важа – цатешаш ерг. Царна уьш гуора шайл шозза алсам бIаьргаца. Дала чIагIво Шен гIоьнца Шена луург. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бIаьрсадолчарна

    3:13
  5. زُيِّنَ لِلنَّاسِ حُبُّ الشَّهَوَاتِ مِنَ النِّسَاءِ وَالْبَنِينَ وَالْقَنَاطِيرِ الْمُقَنْطَرَةِ مِنَ الذَّهَبِ وَالْفِضَّةِ وَالْخَيْلِ الْمُسَوَّمَةِ وَالْأَنْعَامِ وَالْحَرْثِ ۗ ذَٰلِكَ مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَاللَّهُ عِنْدَهُ حُسْنُ الْمَآبِ

    Нахана хазбина безам зударшка а‚ кIенташка а‚ тIеттIа гулдинчу дешига а‚ детига а‚ васт долчу говрашка а‚ даьхнига а‚ ялтига а – иза дуьненан дахаран бахам бу‚ ткъа Далла гергахь ма ю хаза дIавоьрзийла

    3:14
  6. قُلْ أَؤُنَبِّئُكُمْ بِخَيْرٍ مِنْ ذَٰلِكُمْ ۚ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا عِنْدَ رَبِّهِمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَأَزْوَاجٌ مُطَهَّرَةٌ وَرِضْوَانٌ مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ

    Ахь āла: 'Ас дийций шуна цул диканиг?' /Делах/ кхоьруш болчарна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь бошмаш ю‚ бухахула хиш а оьхуш‚ гутаренна а цу чохь хир бу уьш‚ цIена зударий а бу‚ Делера реза хилар а ду. И Дела гуш ма ву Шен леш‚

    3:15

Гочдар: Магомед Магомедов