Мусхаф., агӏо 501
-
أَفَرَأَيْتَ مَنِ اتَّخَذَ إِلَٰهَهُ هَوَاهُ وَأَضَلَّهُ اللَّهُ عَلَىٰ عِلْمٍ وَخَتَمَ عَلَىٰ سَمْعِهِ وَقَلْبِهِ وَجَعَلَ عَلَىٰ بَصَرِهِ غِشَاوَةً فَمَنْ يَهْدِيهِ مِنْ بَعْدِ اللَّهِ ۚ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
Хьуна гой и шена дезарг шен дела лаьцнарг? Дала тилавала витина иза шен хаарца‚ Цо мухIар тоьхна цуьнан хазарна а‚ дагна а тIе‚ цуьнан бIаьрсана тIе кирхьа диллина Цо. ТIаккха иза хьан нисвийр ву Делал тIаьхьа? Аш ойла ца йо?
45:23 -
وَقَالُوا مَا هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا نَمُوتُ وَنَحْيَا وَمَا يُهْلِكُنَا إِلَّا الدَّهْرُ ۚ وَمَا لَهُمْ بِذَٰلِكَ مِنْ عِلْمٍ ۖ إِنْ هُمْ إِلَّا يَظُنُّونَ
Цара элира: 'ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац. Ло /вайн цхьаберш/‚ дуьнен чу бовла /цхьаберш/‚ вай хIаллакдийр ма дац замано бен'. Церан ма дац цуьнца цхьа а Iилма. Уьш /беккъа иштта/ моьттуш бу
45:24 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ مَا كَانَ حُجَّتَهُمْ إِلَّا أَنْ قَالُوا ائْتُوا بِآبَائِنَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Царна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ церан делил ма ца хилира цара алар бен: 'Схьабалабе тхан дай, шу бакълуйш хиллехь'
45:25 -
قُلِ اللَّهُ يُحْيِيكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يَجْمَعُكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Дала дендийр ду шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу‚ тIаккха гулдийр ду шу къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу'‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх
45:26 -
وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ يَوْمَئِذٍ يَخْسَرُ الْمُبْطِلُونَ
Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Сахьт хIоттинчу дийнахь оцу дийнахь оьшур ма бу харцберш
45:27 -
وَتَرَىٰ كُلَّ أُمَّةٍ جَاثِيَةً ۚ كُلُّ أُمَّةٍ تُدْعَىٰ إِلَىٰ كِتَابِهَا الْيَوْمَ تُجْزَوْنَ مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Хьуна гур ма ду массо а уммат горхьттина. ХIор уммат кхойкхур ма ду шен жайна тIе тахана шуна бекхам бийр ма бу аш деш хиллачуьнца
45:28 -
هَٰذَا كِتَابُنَا يَنْطِقُ عَلَيْكُمْ بِالْحَقِّ ۚ إِنَّا كُنَّا نَسْتَنْسِخُ مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
ХIара ду Тхан жайна, тешалла дийр долуш шуна тхь бакъдолчуьнца. Баккъалла а, Тхо хилира дIаяздеш аш деш хилларг
45:29 -
فَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُدْخِلُهُمْ رَبُّهُمْ فِي رَحْمَتِهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْمُبِينُ
Ийман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а уьш буьхкур бу шайн Кхиош-кхобучо Шен къинхетамна чу. Иза билгала болу толам бу-кх!
45:30 -
وَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا أَفَلَمْ تَكُنْ آيَاتِي تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فَاسْتَكْبَرْتُمْ وَكُنْتُمْ قَوْمًا مُجْرِمِينَ
Ткъа цатешнарш- /цаьрга эр ду/: 'Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Тккха аш куралла ма йийра шух къинош деш долу къам хилира'
45:31 -
وَإِذَا قِيلَ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَالسَّاعَةُ لَا رَيْبَ فِيهَا قُلْتُمْ مَا نَدْرِي مَا السَّاعَةُ إِنْ نَظُنُّ إِلَّا ظَنًّا وَمَا نَحْنُ بِمُسْتَيْقِنِينَ
/Шуьга/ элча: 'Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю‚ сахьт /хIуттур ду/‚ шеко яц цу чохь'‚ аш элира: 'Ца хаьа тхуна‚ сахьт хIун ду а‚ вайна хуург-м цхьа моттар бен дац‚ баккъалла а, тешаш ма дац тхо /эхартах/'
45:32
Гочдар: Магомед Магомедов