Мусхаф., агӏо 502

  1. وَبَدَا لَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا عَمِلُوا وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Гучуделира царна шаьш дина хилла вонаш‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг

    45:33
  2. وَقِيلَ الْيَوْمَ نَنْسَاكُمْ كَمَا نَسِيتُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا وَمَأْوَاكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    Элира /цаьрга/: 'Тахана Тхуна шу дицделла‚ шуна хIокху денна дуьхьалкхетар дицдаларх терра. Шун чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю‚ вац шуна гьнчех цхьа а '

    45:34
  3. ذَٰلِكُمْ بِأَنَّكُمُ اتَّخَذْتُمْ آيَاتِ اللَّهِ هُزُوًا وَغَرَّتْكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۚ فَالْيَوْمَ لَا يُخْرَجُونَ مِنْهَا وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ

    Иза ду /шуна/ аш Делан аяташ беламе лаьцна хиларна а‚ дуьненан дахаро шу Iехорна а. Тахана уьш арабохур бац цу чуьра‚ цаьрга тōба дар а доьхур дац

    45:35
  4. فَلِلَّهِ الْحَمْدُ رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَرَبِّ الْأَرْضِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Далла бу хастам‚ стигланийн Да волчу‚ лаьттан Да волчу‚ Iаламийн Да волчу

    45:36
  5. وَلَهُ الْكِبْرِيَاءُ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Цуьнан ду сийлахь-доккхалла стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ Иза ву веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    45:37
  6. حم

    Хьа-мūм

    46:1
  7. تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ

    Жайна (Къуръан) охьадоссор ду /хIара/ Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера

    46:2
  8. مَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَأَجَلٍ مُسَمًّى ۚ وَالَّذِينَ كَفَرُوا عَمَّا أُنْذِرُوا مُعْرِضُونَ

    Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а бакъонца бен‚ цIе тоьхначу ханна бен. Керста хилларш шайна тийсинчу /эхартан запан/ кхерамех дIа ма боьрзу

    46:3
  9. قُلْ أَرَأَيْتُمْ مَا تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَرُونِي مَاذَا خَلَقُوا مِنَ الْأَرْضِ أَمْ لَهُمْ شِرْكٌ فِي السَّمَاوَاتِ ۖ ائْتُونِي بِكِتَابٍ مِنْ قَبْلِ هَٰذَا أَوْ أَثَارَةٍ مِنْ عِلْمٍ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Ахь āла: 'Дийцал суна, Дела а витина, аш /шайга/ кхойкхучарех. ХIун кхоьллина цара латтах‚ я царна накъосталла ду /Делаца цхьана хIума кхолларехь/ стигланашкахь? Схьало соьга жайна хIокхул (Къуръанал) хьалха /доссийна долу/‚ я Iилманах лар, шу бакълуйш хиллехь'

    46:4
  10. وَمَنْ أَضَلُّ مِمَّنْ يَدْعُو مِنْ دُونِ اللَّهِ مَنْ لَا يَسْتَجِيبُ لَهُ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ وَهُمْ عَنْ دُعَائِهِمْ غَافِلُونَ

    Мила ву вунō тилавелла ша Дела воцучуьнга кхойкхуш волчул, шена жоп цалучуьнга къематде кхаччалц‚ уьш церан кхайкхарх (Iибадатах) гIовпал а болуш? /Вац цхьа а!/

    46:5

Гочдар: Магомед Магомедов