Мусхаф., агӏо 503

  1. وَإِذَا حُشِرَ النَّاسُ كَانُوا لَهُمْ أَعْدَاءً وَكَانُوا بِعِبَادَتِهِمْ كَافِرِينَ

    Нах гулбича /къематдийнахь/, уьш хили царна мостагIий‚ церан Iибадатана керста

    46:6
  2. وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ هَٰذَا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, керста хиллачара элира бакъдолчух (Къуръанах), и шайга деъначул тIаьхьа: 'ХIара билгала долу бозбуунчалла ду'

    46:7
  3. أَمْ يَقُولُونَ افْتَرَاهُ ۖ قُلْ إِنِ افْتَرَيْتُهُ فَلَا تَمْلِكُونَ لِي مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۖ هُوَ أَعْلَمُ بِمَا تُفِيضُونَ فِيهِ ۖ كَفَىٰ بِهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۖ وَهُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ

    Я цара олу: 'Цо /шегара/ кхоьллина иза?' Ахь āла: 'Ас иза /Къуръан/ айса кхоьллинехьара, аш доладийр ма дац суна Делера хIумма а (шуна ницкъ кхочур бацара сох Делан Iазап духатоха, тIаккха шун дуьхьа ас хIунда кхуллу и сайгара)? Иза дика хууш ву-кх аш цунах /Къуръанах/ дуьйцург. Кхачо ю-кх Цуьнца теш хила суна а‚ шуна а юккъехь. Иза гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'

    46:8
  4. قُلْ مَا كُنْتُ بِدْعًا مِنَ الرُّسُلِ وَمَا أَدْرِي مَا يُفْعَلُ بِي وَلَا بِكُمْ ۖ إِنْ أَتَّبِعُ إِلَّا مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ وَمَا أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Ахь āла: 'Со хилла вац элчанех дуьххьар ваийтинарг‚ суна ца хаьа сайх хIун дийр ду а‚ шух /хIун дийр ду а/. Со тIаьхьахIутту деккъа сайга вехьеца хаийтинчунна. Со ма вац билгала волу кхерамча бен'

    46:9
  5. قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ كَانَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ وَكَفَرْتُمْ بِهِ وَشَهِدَ شَاهِدٌ مِنْ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَلَىٰ مِثْلِهِ فَآمَنَ وَاسْتَكْبَرْتُمْ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Ахь āла: 'Аш дийцал суна /шайн хьолах/ иза /Къуръан/ Делан агIорхьара хилча, аш цунна керстаналла дина‚ ткъа Исраилан кIентех цхьаммо тешалла ди и санначунна тIехь. Цо ийман диллира‚ шу курадевлира. Баккъалла а, Дāла нис ма ца до зуламе долу къам'

    46:10
  6. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا لَوْ كَانَ خَيْرًا مَا سَبَقُونَا إِلَيْهِ ۚ وَإِذْ لَمْ يَهْتَدُوا بِهِ فَسَيَقُولُونَ هَٰذَا إِفْكٌ قَدِيمٌ

    Цатешначара элира ийман диллнчарех: '/Иза‚ ислам дин/ дика хиллехьара, тхол хьалха цунна тIе кхиар ма бацара уьш'. Шаьш цуьнца (Къуръанца) нийсачу новкъа нис ца белча‚ цара эр ду: 'ХIара хьалхалера харцдерг ду'

    46:11
  7. وَمِنْ قَبْلِهِ كِتَابُ مُوسَىٰ إِمَامًا وَرَحْمَةً ۚ وَهَٰذَا كِتَابٌ مُصَدِّقٌ لِسَانًا عَرَبِيًّا لِيُنْذِرَ الَّذِينَ ظَلَمُوا وَبُشْرَىٰ لِلْمُحْسِنِينَ

    Цул хьалха Мусан жайна /доссийра Оха/ баьчча а‚ къинхетам а хилла. ХIара жайна /ду/, бакъдеш /шел хьалха хилларш/‚ Iаьрбийн маттахь а долуш, кхерам таса зулам диначарна‚ кхаъ хилла дикачарна

    46:12
  8. إِنَّ الَّذِينَ قَالُوا رَبُّنَا اللَّهُ ثُمَّ اسْتَقَامُوا فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Баккъалла а, шаьш аьлларш: 'Вай Кхиош-кхобург Дела ву'‚ тIаккха /Делан новкъахь/ чIагIбелларш кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан запах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /дуьненахь шайл бухадуьсчух/

    46:13
  9. أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ خَالِدِينَ فِيهَا جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Уьш ялсаманин дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш бекхам бу /иза/ цара еш хиллачу Iамална /дуьхьал/

    46:14

Гочдар: Магомед Магомедов