Мусхаф., агӏо 504

  1. وَوَصَّيْنَا الْإِنْسَانَ بِوَالِدَيْهِ إِحْسَانًا ۖ حَمَلَتْهُ أُمُّهُ كُرْهًا وَوَضَعَتْهُ كُرْهًا ۖ وَحَمْلُهُ وَفِصَالُهُ ثَلَاثُونَ شَهْرًا ۚ حَتَّىٰ إِذَا بَلَغَ أَشُدَّهُ وَبَلَغَ أَرْبَعِينَ سَنَةً قَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَىٰ وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَصْلِحْ لِي فِي ذُرِّيَّتِي ۖ إِنِّي تُبْتُ إِلَيْكَ وَإِنِّي مِنَ الْمُسْلِمِينَ

    Весет дина Оха адаме шен деца-ненаца дика хилар нанас /кийрахь/ лелийна иза халонца‚ /дуьнена/ ваьккхина иза халонца. Иза /кийрахь/ лелоран а‚ /вакхорах/ къасторан а хан ткъе итт бутт бу /бутт кийрахь, йисина хан вакхош/. Ша гметтахьттича, шовзткъа шере ваьлча, цо элира: 'Везан Дела‚ аьтто белахь суна Хьан ниIматана баркалла ала‚ Ахь суна а‚ сан дена-нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а‚ тоделахь суна сан зуьрретехь /сан гллакхаш – нсбелахь уьш а нисчу новкъа/ а. Баккъалла а, ас тōба ди Хьоьга‚ баккъалла а, со /Далла/ муьтхьболчарах (бусалбанех) ву-кх'

    46:15
  2. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ نَتَقَبَّلُ عَنْهُمْ أَحْسَنَ مَا عَمِلُوا وَنَتَجَاوَزُ عَنْ سَيِّئَاتِهِمْ فِي أَصْحَابِ الْجَنَّةِ ۖ وَعْدَ الصِّدْقِ الَّذِي كَانُوا يُوعَدُونَ

    Уьш (Абу-Бакр а и саннарш а) бу Оха шайгара къобалдеш берш шаьш йинчу Iамалах уггар хазаниг‚ Оха тидаме оьцур дац церан /кегий/ къинош‚ /уьш хир бу/ ялсаманин дайшкахь‚ /Делан/ бакъ хилла ваIда ю иза царна йина хилла йолу

    46:16
  3. وَالَّذِي قَالَ لِوَالِدَيْهِ أُفٍّ لَكُمَا أَتَعِدَانِنِي أَنْ أُخْرَجَ وَقَدْ خَلَتِ الْقُرُونُ مِنْ قَبْلِي وَهُمَا يَسْتَغِيثَانِ اللَّهَ وَيْلَكَ آمِنْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ فَيَقُولُ مَا هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ

    /Хьажал/ и аьлларг шен дега-нене а: 'Уьффай шу шиъ‚ аш шиммо ваIда йо суна со /веллачул тIаьхьа каш чуьра/ аравоккхур ву‚ олий‚ /дукха/ тIаьхьенаш дIа ма яхна сол хьалха /царах цхьа а ца ваьлла каш чуьра ара/. Цу шиммо гIо доьхуш Деле: 'Ма вāла декъаза‚ ийман дилла. Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю'. Цо олу: 'ХIорш-м хьалхалерчийн туьйранаш бен дацара'

    46:17
  4. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ فِي أُمَمٍ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِمْ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا خَاسِرِينَ

    Уьш бу шайна тIехь хьалха даханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош бакъхилларш. Баккъалла а, уьш хилира эшнарш

    46:18
  5. وَلِكُلٍّ دَرَجَاتٌ مِمَّا عَمِلُوا ۖ وَلِيُوَفِّيَهُمْ أَعْمَالَهُمْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    ХIоранна ша йинчу Iамалан дарж ю. Цо бекхам бийр бу царна цара йинчу Iамалашка /хьаьжна/‚ царна зулам дийр дац

    46:19
  6. وَيَوْمَ يُعْرَضُ الَّذِينَ كَفَرُوا عَلَى النَّارِ أَذْهَبْتُمْ طَيِّبَاتِكُمْ فِي حَيَاتِكُمُ الدُّنْيَا وَاسْتَمْتَعْتُمْ بِهَا فَالْيَوْمَ تُجْزَوْنَ عَذَابَ الْهُونِ بِمَا كُنْتُمْ تَسْتَكْبِرُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَبِمَا كُنْتُمْ تَفْسُقُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь цатешнарш хьалхатоттур бу жоьжахатина‚ /цаьрга эр ду маликаша/: 'ДIадахийтина аш шайн диканаш (ниаташ) шайн дуьненан дахарехь‚ цуьнца /дуьненца/ зовкх а хьегна аш. Тахана шуна бекхам бо сийсазаллин Iазапаца аш куралла ярна лаьттахь, цхьа а бакъо йоцуш‚ шу песакъ хиларна'

    46:20

Гочдар: Магомед Магомедов