Мусхаф., агӏо 505

  1. وَاذْكُرْ أَخَا عَادٍ إِذْ أَنْذَرَ قَوْمَهُ بِالْأَحْقَافِ وَقَدْ خَلَتِ النُّذُرُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Хьахаве Iадийн ваша‚ цо кхерам тесира шен къомана Ахькъафехь‚ кхерам тосурш /элчанаш/ цул хьалха а хилира‚ тIаьхьа а хилира: 'Аш Iибадат ма делаш Далла бен‚ баккъалла а, со кхоьру шуна сийлахь-доккхачу дийнан Iазапах'‚ аьлла

    46:21
  2. قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَأْفِكَنَا عَنْ آلِهَتِنَا فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Цара элира: 'Хьо веана тхуна тхо дIахьавзадан тхан делийх. Схьадаладе айхьа тхуна хир ду бохург, хьуо бакълуьйчарах хиллехь'

    46:22
  3. قَالَ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِنْدَ اللَّهِ وَأُبَلِّغُكُمْ مَا أُرْسِلْتُ بِهِ وَلَٰكِنِّي أَرَاكُمْ قَوْمًا تَجْهَلُونَ

    Цо элира: 'Баккъалла а, Iилма Далла гергахь ду‚ ас шуьга дIакхачадо со шеца ваийтинарг /и Iазап хIун ду/‚ хIетте а суна шу хета жехIал къам'

    46:23
  4. فَلَمَّا رَأَوْهُ عَارِضًا مُسْتَقْبِلَ أَوْدِيَتِهِمْ قَالُوا هَٰذَا عَارِضٌ مُمْطِرُنَا ۚ بَلْ هُوَ مَا اسْتَعْجَلْتُمْ بِهِ ۖ رِيحٌ فِيهَا عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Шайна гича иза марха шайн тогIина тIе йогIуш‚ цара элира: 'ХIара марха вайна догIа дахьаш ю-кх'. 'ХIан-хIа! Иза аш ша сихдинарг (Iазап) ду мох бу шена чохь лазош долу Iазап долу'‚ /элира кхечара/

    46:24
  5. تُدَمِّرُ كُلَّ شَيْءٍ بِأَمْرِ رَبِّهَا فَأَصْبَحُوا لَا يُرَىٰ إِلَّا مَسَاكِنُهُمْ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْقَوْمَ الْمُجْرِمِينَ

    'Цо дохор ду массо а хIума шен Делан омраца'‚ /элира цхьаболчара/‚ уьш Iуьйранга бевлира церан гIишлош бен гуш хIума а доцуш (Дала хIаллакбира уьш). Иштта бекхам бо Оха къинош дечу къомана

    46:25
  6. وَلَقَدْ مَكَّنَّاهُمْ فِيمَا إِنْ مَكَّنَّاكُمْ فِيهِ وَجَعَلْنَا لَهُمْ سَمْعًا وَأَبْصَارًا وَأَفْئِدَةً فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ سَمْعُهُمْ وَلَا أَبْصَارُهُمْ وَلَا أَفْئِدَتُهُمْ مِنْ شَيْءٍ إِذْ كَانُوا يَجْحَدُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Оха чIагIбинера уьш шу (къурайшаш) шеца чIагI цабинчуьнца‚ Оха хилийтира царна хазар а‚ гар а‚ дегнаш а. Царах кIелхьар ца даьккхира церан хазаро а‚ церан гаро а‚ церан дегнаша а хIумма а‚ уьш хилира Делан аятех ца тешаш‚ царах хьаьрчира уьш шех ца бешаш хилларг

    46:26
  7. وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا مَا حَوْلَكُمْ مِنَ الْقُرَىٰ وَصَرَّفْنَا الْآيَاتِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Оха хIаллакйира шун гонахьара ярташ‚ далийра делилш‚ уьш юхабоьрзур бацара-те

    46:27
  8. فَلَوْلَا نَصَرَهُمُ الَّذِينَ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ قُرْبَانًا آلِهَةً ۖ بَلْ ضَلُّوا عَنْهُمْ ۚ وَذَٰلِكَ إِفْكُهُمْ وَمَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    ГIо ма ца дира царна, Дела а витина, Цунна гергахилийта шаьш лаьцна хиллачу дēлаша. ХIаъ‚ уьш дIатилира царах‚ Иза церан харцдерг а дара‚ цара харц кхуллуш хилларг а дара

    46:28

Гочдар: Магомед Магомедов