Мусхаф., агӏо 506
-
وَإِذْ صَرَفْنَا إِلَيْكَ نَفَرًا مِنَ الْجِنِّ يَسْتَمِعُونَ الْقُرْآنَ فَلَمَّا حَضَرُوهُ قَالُوا أَنْصِتُوا ۖ فَلَمَّا قُضِيَ وَلَّوْا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ مُنْذِرِينَ
Оха хьавзира хьо волчу жинийх цхьа тоба‚ цара Къуръане ладугIу. Шаьш цигахь долуш цара /вовшашка/ элира: 'Совца /ладогIа Къуръане/'. И дешна даьлча, уьш дIадахара шен къомана тIе, кхерам тосуш
46:29 -
قَالُوا يَا قَوْمَنَا إِنَّا سَمِعْنَا كِتَابًا أُنْزِلَ مِنْ بَعْدِ مُوسَىٰ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ يَهْدِي إِلَى الْحَقِّ وَإِلَىٰ طَرِيقٍ مُسْتَقِيمٍ
Цара элира: 'ХIай тхан къам! Тхуна хезира цхьа жайна‚ Мусал тIаьхьа доссийна долу шел хьалха хиллачуьнца (Тавратаца а‚ Инжилаца а) нийса догIуш долу‚ ша нисвеш долу бакъдолчунна тIе а‚ нийсачу новкъа а
46:30 -
يَا قَوْمَنَا أَجِيبُوا دَاعِيَ اللَّهِ وَآمِنُوا بِهِ يَغْفِرْ لَكُمْ مِنْ ذُنُوبِكُمْ وَيُجِرْكُمْ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ
ХIай тхан къам! Жоп ло Делера кхойкхуш волчунна‚ теша цунах‚ Цо гечдийр ду шун къинош‚ шу кIелхьардохур ду лазош долчу Iазапах'
46:31 -
وَمَنْ لَا يُجِبْ دَاعِيَ اللَّهِ فَلَيْسَ بِمُعْجِزٍ فِي الْأَرْضِ وَلَيْسَ لَهُ مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءُ ۚ أُولَٰئِكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Делера кхойкхуш волчунна жоп ца луш верг ницкъ кхочур бац цунна лаьттахь /Делан Iазапах къелхьаравала/‚ Иза воцучо Iалашбийр бац уьш. Уьш билгалчу тилар чохь бу-кх!
46:32 -
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَلَمْ يَعْيَ بِخَلْقِهِنَّ بِقَادِرٍ عَلَىٰ أَنْ يُحْيِيَ الْمَوْتَىٰ ۚ بَلَىٰ إِنَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Царна ца го-техьа Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу Дела‚ уьш кхуллуш кIад ца велла волу‚ ницкъ кхочуш вуйла белларш денбан? ХIаъ‚ баккъалла а, Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг ву-кх
46:33 -
وَيَوْمَ يُعْرَضُ الَّذِينَ كَفَرُوا عَلَى النَّارِ أَلَيْسَ هَٰذَا بِالْحَقِّ ۖ قَالُوا بَلَىٰ وَرَبِّنَا ۚ قَالَ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ
Оцу дийнахь хьалхатоттур бу цатешнарш /жоьжахатин/ цIарна /цаьрга хоттур ду/: 'Бакъ дац хIара?' /олуш/. Цара эр: 'ХIаъ‚ тхан Кхиош-кхобучуьнца (дуй боу оха): бакъ ду'. Цо (Дāла) элира: 'Iовша шайна Iазап шаьш ца тешаш хиларна'
46:34 -
فَاصْبِرْ كَمَا صَبَرَ أُولُو الْعَزْمِ مِنَ الرُّسُلِ وَلَا تَسْتَعْجِلْ لَهُمْ ۚ كَأَنَّهُمْ يَوْمَ يَرَوْنَ مَا يُوعَدُونَ لَمْ يَلْبَثُوا إِلَّا سَاعَةً مِنْ نَهَارٍ ۚ بَلَاغٌ ۚ فَهَلْ يُهْلَكُ إِلَّا الْقَوْمُ الْفَاسِقُونَ
Собар де‚ элчанех шайгахь чIагIо хиллачара собар дарх терра‚ сих ма де царна /Iазап доссар/. Уьш тера бу‚ шайна ваIда йинарг шайна гучу дийнахь‚ дийнан цхьана сахьтехь бен /дуьненахь/ ца лаьттинчарах. /ХIара Къуръан нахе/ дIакхачор ду /хьуна тIехь/. Песакъ къам бен хIаллакдеш ду-й? /Дац –те!/
46:35
Гочдар: Магомед Магомедов