Мусхаф., агӏо 52
-
الَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا إِنَّنَا آمَنَّا فَاغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ
Шаьш олуш болу: 'Тхан Кхиош-кхобург! Оха, баккъалла а, ийман диллина‚ Ахь гечделахь тхан къинош‚ Ахь хьалхадахалахь тхо цIеран Iазапах'‚ –
3:16 -
الصَّابِرِينَ وَالصَّادِقِينَ وَالْقَانِتِينَ وَالْمُنْفِقِينَ وَالْمُسْتَغْفِرِينَ بِالْأَسْحَارِ
Шаьш собаре болуш‚ бакъдерг дуьйцуш‚ Далла муьтIахь болуш‚ /дикчу агр/ харжаш еш‚ гечдар доьхуш сатасале
3:17 -
شَهِدَ اللَّهُ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ وَالْمَلَائِكَةُ وَأُولُو الْعِلْمِ قَائِمًا بِالْقِسْطِ ۚ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Дала тешалла дина цхьа а дела цахиларна‚ И Ша бен‚ маликаша а‚ Iилма долчу наха а дина /тешалла/‚ нийсонна тIехIоьттина воллуш ву Иза‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву Иза
3:18 -
إِنَّ الدِّينَ عِنْدَ اللَّهِ الْإِسْلَامُ ۗ وَمَا اخْتَلَفَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ إِلَّا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۗ وَمَنْ يَكْفُرْ بِآيَاتِ اللَّهِ فَإِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
Баккъалла а, дин Далла гергахь ислам ду. Шайга жайна делларш бекъа ца белира шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовшашна юккъехь хьагI кхоллаяларца. Делан аяташ харцдеш милла велахь - Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг
3:19 -
فَإِنْ حَاجُّوكَ فَقُلْ أَسْلَمْتُ وَجْهِيَ لِلَّهِ وَمَنِ اتَّبَعَنِ ۗ وَقُلْ لِلَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَالْأُمِّيِّينَ أَأَسْلَمْتُمْ ۚ فَإِنْ أَسْلَمُوا فَقَدِ اهْتَدَوْا ۖ وَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلَاغُ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ
Цара хьайца къийсахь‚ ахь āла: 'Ас муьтIахь йина сайн юьхь Далла‚ суна тIаьхьахIоьттинчо а йина'. Ахь āла шайга жайна деллачаьрга а‚ бодане болчаьрга а: 'Шу хиллий муьтIахь?' Уьш муьтIахь белахь‚ тIаккха уьш нийсачу новкъахь бу‚ уьш дIаберзахь – хьуна тIехь дIакхачор бен дац. И Дела ма ву Шен леш гуш верг
3:20 -
إِنَّ الَّذِينَ يَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَيَقْتُلُونَ النَّبِيِّينَ بِغَيْرِ حَقٍّ وَيَقْتُلُونَ الَّذِينَ يَأْمُرُونَ بِالْقِسْطِ مِنَ النَّاسِ فَبَشِّرْهُمْ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Баккъалла а, Делан аяташ харцдеш берш‚ цхьа а бакъо йоцуш пайхамарш бойуш берш, нāхах шайга нийсо е олурш бойуш берш – царна ахь кхерам тасалахь лазош долчу Iазапца
3:21 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ
Уьш ма бу шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а - царна гIоьнчий /хир/ ма бац!
3:22
Гочдар: Магомед Магомедов