Мусхаф., агӏо 515

  1. مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللَّهِ ۚ وَالَّذِينَ مَعَهُ أَشِدَّاءُ عَلَى الْكُفَّارِ رُحَمَاءُ بَيْنَهُمْ ۖ تَرَاهُمْ رُكَّعًا سُجَّدًا يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا ۖ سِيمَاهُمْ فِي وُجُوهِهِمْ مِنْ أَثَرِ السُّجُودِ ۚ ذَٰلِكَ مَثَلُهُمْ فِي التَّوْرَاةِ ۚ وَمَثَلُهُمْ فِي الْإِنْجِيلِ كَزَرْعٍ أَخْرَجَ شَطْأَهُ فَآزَرَهُ فَاسْتَغْلَظَ فَاسْتَوَىٰ عَلَىٰ سُوقِهِ يُعْجِبُ الزُّرَّاعَ لِيَغِيظَ بِهِمُ الْكُفَّارَ ۗ وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنْهُمْ مَغْفِرَةً وَأَجْرًا عَظِيمًا

    Мухьаммад Делан элча ву‚ цуьнца берш чIогIа бу керстанашна тIехь‚ къинхетаме бу вовший юккъехь. Хьуна го уьш горауьхуш‚ сужуд деш, шаьш лоьхуш Делера /Цунна Iибадат дарца/ къинхетам а‚ резахилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю сужуд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Таврата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: цо зазадоккху‚ цара цунна /тоьдуш‚ нисдеш/ гIо до‚ тIаккха иза чIагIло‚ нисло шен гIода тIехь, цецбохуш ялта дуьйш берш‚ царна керстанаш оьгIазбахийта. Дала ваIда йина Ша царах ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю‚ аьлла

    48:29
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُقَدِّمُوا بَيْنَ يَدَيِ اللَّهِ وَرَسُولِهِ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    ХIай ийман диллинарш! Хьалха ма гIерта Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ Делах кхера! Баккъалла а, Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву

    49:1
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَرْفَعُوا أَصْوَاتَكُمْ فَوْقَ صَوْتِ النَّبِيِّ وَلَا تَجْهَرُوا لَهُ بِالْقَوْلِ كَجَهْرِ بَعْضِكُمْ لِبَعْضٍ أَنْ تَحْبَطَ أَعْمَالُكُمْ وَأَنْتُمْ لَا تَشْعُرُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Шайн аьзнаш ай ма де пайхамаран аьзнал сов‚ чIогIа а ма āла цуьнга дош, шун цхьаболчара вовшашка чIогIа āларх тера шун Iамалш ца яйа, шуна хаа ца луш

    49:2
  4. إِنَّ الَّذِينَ يَغُضُّونَ أَصْوَاتَهُمْ عِنْدَ رَسُولِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ امْتَحَنَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ لِلتَّقْوَىٰ ۚ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ عَظِيمٌ

    Баккъалла а, шайн аьзнаш гIелдеш берш Делан элча волчохь уьш бу Дала шайн дегнаш /Делах/ кхерарна тхь зийна берш. Царна гечдар а ду‚ сийлахь- йоккха ял а ю

    49:3
  5. إِنَّ الَّذِينَ يُنَادُونَكَ مِنْ وَرَاءِ الْحُجُرَاتِ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ

    Баккъалла а, и хьоьга кхойкхуш берш цIенойн чоьний дехьахьара царах дукхахберш ца кхеташ бу

    49:4

Гочдар: Магомед Магомедов