Мусхаф., агӏо 519
-
وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ وَنَعْلَمُ مَا تُوَسْوِسُ بِهِ نَفْسُهُ ۖ وَنَحْنُ أَقْرَبُ إِلَيْهِ مِنْ حَبْلِ الْوَرِيدِ
Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цунна /шен/ лаган пхал а
50:16 -
إِذْ يَتَلَقَّى الْمُتَلَقِّيَانِ عَنِ الْيَمِينِ وَعَنِ الشِّمَالِ قَعِيدٌ
ТIеоьцу /стаго дийриг/ шино тIеоьцучу /малико/, аьтту агIорахь а, аьрру агIорахь а, /шаьш/ хевжина долуш
50:17 -
مَا يَلْفِظُ مِنْ قَوْلٍ إِلَّا لَدَيْهِ رَقِيبٌ عَتِيدٌ
Цхьа а дош олуш ма дац цо шена гергахь кийча волу тергал деш верг волуш бен (дIаяздеш малик)
50:18 -
وَجَاءَتْ سَكْرَةُ الْمَوْتِ بِالْحَقِّ ۖ ذَٰلِكَ مَا كُنْتَ مِنْهُ تَحِيدُ
Валаран вахор деара /эхартан гIуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш (кхоьруш) верг
50:19 -
وَنُفِخَ فِي الصُّورِ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمُ الْوَعِيدِ
Сур лекхира иза ду ша /Дала керстанашна Iазап дийр ду аьлла/ ваIда йина де
50:20 -
وَجَاءَتْ كُلُّ نَفْسٍ مَعَهَا سَائِقٌ وَشَهِيدٌ
Деара массо а са шеца дIалоллург а‚ теш а волуш (шеца маликаш а долуш)
50:21 -
لَقَدْ كُنْتَ فِي غَفْلَةٍ مِنْ هَٰذَا فَكَشَفْنَا عَنْكَ غِطَاءَكَ فَبَصَرُكَ الْيَوْمَ حَدِيدٌ
Хьо хиллера хьокхунах гIовпал волуш /тидаме ца оьцуш/ Оха айдира хьан /бIаьргий/ тIера кирхьа тахана хьан бIаьрса ира хилира
50:22 -
وَقَالَ قَرِينُهُ هَٰذَا مَا لَدَيَّ عَتِيدٌ
Элира цуьнан накъосто (цунна тIе хIоттинчу малико): 'ХIара ду соьгахь /хьуна/ кечдинарг' /жоьжахатин Iазап/
50:23 -
أَلْقِيَا فِي جَهَنَّمَ كُلَّ كَفَّارٍ عَنِيدٍ
/Омра хир ду/: 'Аш шиммо (тIехIоьттинчу маликаша) кхосса жоьжахати чу массо а нуьцкъала /дуьхьал/ волу керста
50:24 -
مَنَّاعٍ لِلْخَيْرِ مُعْتَدٍ مُرِيبٍ
Диканах /нах/ духатухуш хилла волу‚ дозанах ваьлла хилла волу‚ /динехь нахе/ шеко йойтуш хилла волу
50:25 -
الَّذِي جَعَلَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ فَأَلْقِيَاهُ فِي الْعَذَابِ الشَّدِيدِ
Иза ву ша Делаца кхин дела хилийтинарг‚ аш шиммо (омра шина малике ду) кхосса иза чIогIачу Iазапа чу'
50:26 -
قَالَ قَرِينُهُ رَبَّنَا مَا أَطْغَيْتُهُ وَلَٰكِنْ كَانَ فِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ
Цуьнан накъосто элира: 'Тхан Кхиош-кхобург! Ас ца тилина иза‚ тек иза ша хили-кх генарчу тилар чохь'
50:27 -
قَالَ لَا تَخْتَصِمُوا لَدَيَّ وَقَدْ قَدَّمْتُ إِلَيْكُمْ بِالْوَعِيدِ
Элира /Дала/: 'Аш ма къийса Суна гергахь. Ас хьалха /дуьненахь/ бахийтира шуна Сан кхерам
50:28 -
مَا يُبَدَّلُ الْقَوْلُ لَدَيَّ وَمَا أَنَا بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ
Дош хийцор дац Суна гергахь. Со вац зуламаш дийр долуш Сан лешна'
50:29 -
يَوْمَ نَقُولُ لِجَهَنَّمَ هَلِ امْتَلَأْتِ وَتَقُولُ هَلْ مِنْ مَزِيدٍ
Оцу дийнахь Оха эр ду жоьжахатига: 'Хьо юьзний?' Цо эр: 'Кхин сов буй?' /чубахка/
50:30 -
وَأُزْلِفَتِ الْجَنَّةُ لِلْمُتَّقِينَ غَيْرَ بَعِيدٍ
Гергаялира ялсамани /Делах/ кхоьручарна гена йоцуш
50:31 -
هَٰذَا مَا تُوعَدُونَ لِكُلِّ أَوَّابٍ حَفِيظٍ
ХIара ду шуна хир ду аьлларг- хр /тōба дарца/ Далла тIе воьрзучунна‚ /дин/ Iалашдечунна
50:32 -
مَنْ خَشِيَ الرَّحْمَٰنَ بِالْغَيْبِ وَجَاءَ بِقَلْبٍ مُنِيبٍ
Къинхетаме волчух кхоьруш хиллачунна, Иза шена гуш воццушехь‚ Ша /Далла тIе/ доьрзучу дагца веана волчу
50:33 -
ادْخُلُوهَا بِسَلَامٍ ۖ ذَٰلِكَ يَوْمُ الْخُلُودِ
ЧугIо цунна машарца! ХIара ду гуттаренан де
50:34 -
لَهُمْ مَا يَشَاءُونَ فِيهَا وَلَدَيْنَا مَزِيدٌ
Царна шайна мел дезарг ду цу чохь. Тхоьгахь тIетоха а ду
50:35
Гочдар: Магомед Магомедов