Мусхаф., агӏо 53
-
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِنَ الْكِتَابِ يُدْعَوْنَ إِلَىٰ كِتَابِ اللَّهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ ثُمَّ يَتَوَلَّىٰ فَرِيقٌ مِنْهُمْ وَهُمْ مُعْرِضُونَ
Хьуна ца гина и шайга Жайнан цхьа дāкъа делларш – уьш Делан Жайне кхайкхича вовшашна юккъехь хьукам дан‚ царах цхьа тоба дIайоьрзу‚ дуьхьал а хуьлуш
3:23 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا لَنْ تَمَسَّنَا النَّارُ إِلَّا أَيَّامًا مَعْدُودَاتٍ ۖ وَغَرَّهُمْ فِي دِينِهِمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
Иза ду, цара олу дела: '/Жоьжахатин/цIаро схьалоцур дац тхо цхьа масийтта денна бен'. Шаьш шайн динехь харц кхуллуш долчо чIогIа тилийна уьш
3:24 -
فَكَيْفَ إِذَا جَمَعْنَاهُمْ لِيَوْمٍ لَا رَيْبَ فِيهِ وَوُفِّيَتْ كُلُّ نَفْسٍ مَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Оха уьш гулбинчу хенахь шегахь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ массо а синна ша карадиначуьнца бекхам бича‚ царна зулам муха дийр дац?
3:25 -
قُلِ اللَّهُمَّ مَالِكَ الْمُلْكِ تُؤْتِي الْمُلْكَ مَنْ تَشَاءُ وَتَنْزِعُ الْمُلْكَ مِمَّنْ تَشَاءُ وَتُعِزُّ مَنْ تَشَاءُ وَتُذِلُّ مَنْ تَشَاءُ ۖ بِيَدِكَ الْخَيْرُ ۖ إِنَّكَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Ахь āла: 'ХIай Дела‚ паччахьалла Хьайн дōлахь долуш волу‚ Хьайна луучунна ло-кх Ахь паччахьалла‚ Хьайна луучуьнгара схьадоккху Ахь паччахьалла‚ Хьайна луург вазво Ахь‚ Хьайна луург сийсазво. Хьан карахь ду-кх диканаш. Баккъалла а, Хьо ма ву массо а хIуманна тхь ницкъ берг
3:26 -
تُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَتُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ ۖ وَتُخْرِجُ الْحَيَّ مِنَ الْمَيِّتِ وَتُخْرِجُ الْمَيِّتَ مِنَ الْحَيِّ ۖ وَتَرْزُقُ مَنْ تَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ
Буьйса денна чу йохуьйту Ахь‚ де буьйсанна чу дохуьйту Ахь‚ веллачух дийнаверг схьавоккху Ахь‚ дийнаволчух велларг схьавоккху Ахь‚ рицкъ ло Ахь Хьайна луучунна цхьа а хьесап ца деш '
3:27 -
لَا يَتَّخِذِ الْمُؤْمِنُونَ الْكَافِرِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۖ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ فَلَيْسَ مِنَ اللَّهِ فِي شَيْءٍ إِلَّا أَنْ تَتَّقُوا مِنْهُمْ تُقَاةً ۗ وَيُحَذِّرُكُمُ اللَّهُ نَفْسَهُ ۗ وَإِلَى اللَّهِ الْمَصِيرُ
Муъмина наха ма лоьцийла цатешарш гьнчий /кхечу/ муъмина нахана дуьхьал. И динарг вац Делера /цхьанна а/ хIуманна тIехь‚ шу царах (керстанех) кхеранне а кхоьруш дацахь. (Шайна кхераме делахь – лаца). Дала шу лардо Шеца. Деле ма ду дIадерзар
3:28 -
قُلْ إِنْ تُخْفُوا مَا فِي صُدُورِكُمْ أَوْ تُبْدُوهُ يَعْلَمْهُ اللَّهُ ۗ وَيَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Ахь āла: 'Аш хьулдахь а шайн дегнашкахь дерг‚ гучудаккхахь и – Дела и хууш ву. И хууш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг. И Дела массо а хIуманна тхь ницкъ кхочуш ма ву
3:29
Гочдар: Магомед Магомедов