Мусхаф., агӏо 521
-
وَالسَّمَاءِ ذَاتِ الْحُبُكِ
Стиглах /дуй боу Ас/, шена /седарчий дIасалела/ некъаш долчу
51:7 -
إِنَّكُمْ لَفِي قَوْلٍ مُخْتَلِفٍ
Баккъалла а, шу тайп-тайпачу дашехь ма ду
51:8 -
يُؤْفَكُ عَنْهُ مَنْ أُفِكَ
Iехо цунах ша Iехвелларг /шайтIано Iехийнарг/
51:9 -
قُتِلَ الْخَرَّاصُونَ
Байина /неIалт аьлла/ харцлуьйш берш
51:10 -
الَّذِينَ هُمْ فِي غَمْرَةٍ سَاهُونَ
Шаьш жехIаллина чохь гIовпал хилларш
51:11 -
يَسْأَلُونَ أَيَّانَ يَوْمُ الدِّينِ
Цара хоьтту: 'Маца хир ду бекхаман де?'
51:12 -
يَوْمَ هُمْ عَلَى النَّارِ يُفْتَنُونَ
Оцу дийнахь уьш цIарна тIехь питане луьйцур ма бу. /Жоьжахате лохкур ма бу/
51:13 -
ذُوقُوا فِتْنَتَكُمْ هَٰذَا الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تَسْتَعْجِلُونَ
'Iовша шайн питана /олуш/. ХIара ду и ша аш сихдеш хилларг'. (Жоьжахатин Iазап)
51:14 -
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш бошмашкахь а‚ шовданашкахь а /хир/ бу
51:15 -
آخِذِينَ مَا آتَاهُمْ رَبُّهُمْ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَبْلَ ذَٰلِكَ مُحْسِنِينَ
Оьцуш шаьш Кхиош-кхобучо шайна делларг. Баккъалла а, уьш хилира цул хьалха диканиг деш
51:16 -
كَانُوا قَلِيلًا مِنَ اللَّيْلِ مَا يَهْجَعُونَ
Уьш хилира кIеззиг бен доцуш буса шаьш наб яр
51:17 -
وَبِالْأَسْحَارِ هُمْ يَسْتَغْفِرُونَ
ТIаьххьа буса шайна /Деле/ гечдар доьхуш
51:18 -
وَفِي أَمْوَالِهِمْ حَقٌّ لِلسَّائِلِ وَالْمَحْرُومِ
Шайн даьхнина (хьола) чохь хьакъ долуш доьхучунна а‚ ша /рицкъах/ хадийна волчунна а
51:19 -
وَفِي الْأَرْضِ آيَاتٌ لِلْمُوقِنِينَ
Лаьттахь а делилш ма ду /чг Делах/ тешачарна
51:20 -
وَفِي أَنْفُسِكُمْ ۚ أَفَلَا تُبْصِرُونَ
Шу шаьшкахь а /делилш ду/‚ шуна ца го?
51:21 -
وَفِي السَّمَاءِ رِزْقُكُمْ وَمَا تُوعَدُونَ
Стиглахь ду шун рицкъ а (догIа‚ шеца дерриг хIума кхуьу), шуна хир ду аьлларг а. (Аш йинчу Iамалашна дуьхьал бекхам)
51:22 -
فَوَرَبِّ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ إِنَّهُ لَحَقٌّ مِثْلَ مَا أَنَّكُمْ تَنْطِقُونَ
Стигал а‚ латта а Кхиош-кхобучух /дуй боу Ас/ иза бакъ ма ду, шу хабар дуьйцуш хилар санна
51:23 -
هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ الْمُكْرَمِينَ
Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахIиман сийлахь хьешех лаьцна?
51:24 -
إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا ۖ قَالَ سَلَامٌ قَوْمٌ مُنْكَرُونَ
Ойла е! Уьш чоьхьа бевлира и волчу‚ цара элира: 'Салам!' Цо элира: 'Салам', /шега элира цо/: 'Ца бевза нах /бу-кх/'
51:25 -
فَرَاغَ إِلَىٰ أَهْلِهِ فَجَاءَ بِعِجْلٍ سَمِينٍ
Иза (ИбрахIим) вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна дайа/
51:26 -
فَقَرَّبَهُ إِلَيْهِمْ قَالَ أَلَا تَأْكُلُونَ
Цо иза (эса дина‚ цуьнан кхарзийна я кхахкийна жижиг) царна гергаозийра‚ элира: 'Аш ца доу?'
51:27 -
فَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً ۖ قَالُوا لَا تَخَفْ ۖ وَبَشَّرُوهُ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ
Иза царах кхеравелира. Цара элира: 'Ма кхера!' Цара цунна кхаъ баьккхира‚ хьекъале волу кIант /Исхьакъ/ хир ву аьлла
51:28 -
فَأَقْبَلَتِ امْرَأَتُهُ فِي صَرَّةٍ فَصَكَّتْ وَجْهَهَا وَقَالَتْ عَجُوزٌ عَقِيمٌ
Дуьхьалйеара цуьнан зуда, чIогIа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тIара деттара‚ ōлура: 'Бер ца хуьлу къена зуда юй ша-м!'
51:29 -
قَالُوا كَذَٰلِكِ قَالَ رَبُّكِ ۖ إِنَّهُ هُوَ الْحَكِيمُ الْعَلِيمُ
Цара элира: 'Иштта аьлла хьо Кхиош-кхобучо. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а ву‚ хууш верг а ву'
51:30
Гочдар: Магомед Магомедов