Мусхаф., агӏо 524

  1. أَفَسِحْرٌ هَٰذَا أَمْ أَنْتُمْ لَا تُبْصِرُونَ

    Бозбуунчалла ду хIара я шу ца гуш ду?

    52:15
  2. اصْلَوْهَا فَاصْبِرُوا أَوْ لَا تَصْبِرُوا سَوَاءٌ عَلَيْكُمْ ۖ إِنَّمَا تُجْزَوْنَ مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Дāга цу чохь‚ собар де я ма де цхьатерра ду шуна. Шуна бекхам беш бу аш еш хиллачу Iамалшца'

    52:16
  3. إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَنَعِيمٍ

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш /ялсаманин/ бошмашкахь а‚ ниIматашкахь а хир бу

    52:17
  4. فَاكِهِينَ بِمَا آتَاهُمْ رَبُّهُمْ وَوَقَاهُمْ رَبُّهُمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ

    Зовкх хьоьгуш шаьш Кхиош-кхобучо шайна деллачуьнца. Шаьш Кхиош-кхобучо жоьжахатин Iазапах ларбина уьш

    52:18
  5. كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    /Эр ду цаьрга/: 'ГIоза даа‚ гза мала шайна шаьш еш хиллачу Iамалш бахьанехь'

    52:19
  6. مُتَّكِئِينَ عَلَىٰ سُرُرٍ مَصْفُوفَةٍ ۖ وَزَوَّجْنَاهُمْ بِحُورٍ عِينٍ

    Вовшашца могIаршца лаьттачу маьнганий тIе тевжина /хир бу уьш/. Оха бāлор бу царна хьурал Iинаш

    52:20
  7. وَالَّذِينَ آمَنُوا وَاتَّبَعَتْهُمْ ذُرِّيَّتُهُمْ بِإِيمَانٍ أَلْحَقْنَا بِهِمْ ذُرِّيَّتَهُمْ وَمَا أَلَتْنَاهُمْ مِنْ عَمَلِهِمْ مِنْ شَيْءٍ ۚ كُلُّ امْرِئٍ بِمَا كَسَبَ رَهِينٌ

    Шаьш ийман диллина хилла берш‚ шайн зуьррет а ийманца шайна тIаьхьахIиттина хилларш царна тIекхиор ду Оха церан зуьррет а. Церан Iамалех хIумма а эшор а яц Оха. Массо а стаг а ша /дуьненахь/ карадинчуьнца закъалт ву

    52:21
  8. وَأَمْدَدْنَاهُمْ بِفَاكِهَةٍ وَلَحْمٍ مِمَّا يَشْتَهُونَ

    Оха /хан мел ели/ латтор бу царна стоьмаш а‚ жижиг а царна дезаш хиллачух

    52:22
  9. يَتَنَازَعُونَ فِيهَا كَأْسًا لَا لَغْوٌ فِيهَا وَلَا تَأْثِيمٌ

    Цара вовшашка кхийдор бу чагIаран кад‚ шеца /и молуш/ даьсса къамелаш доцуш‚ къа а доцуш болу

    52:23
  10. وَيَطُوفُ عَلَيْهِمْ غِلْمَانٌ لَهُمْ كَأَنَّهُمْ لُؤْلُؤٌ مَكْنُونٌ

    Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу кIентий-ялхой‚ шаьш Iалашдеш долу луълуъ санна болу

    52:24
  11. وَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ يَتَسَاءَلُونَ

    Царах цхьаберш вукхарна тIебоьрзур бу, хоьттуш

    52:25
  12. قَالُوا إِنَّا كُنَّا قَبْلُ فِي أَهْلِنَا مُشْفِقِينَ

    Цара эр ду: 'Баккъалла а, тхо ма дара хьалха тхан доьзалах кхоьруш (уьш хIаллакхиларна)

    52:26
  13. فَمَنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا وَوَقَانَا عَذَابَ السَّمُومِ

    Дала къинхетам бина тхох. Цо кIелхьардаьхна тхо самýман Iазапах

    52:27
  14. إِنَّا كُنَّا مِنْ قَبْلُ نَدْعُوهُ ۖ إِنَّهُ هُوَ الْبَرُّ الرَّحِيمُ

    Баккъалла а, тхо дара хьалха /дуьненахь/ Цуьнга доIанаш деш. Баккъалла а, Иза ву диканиг а‚ кхинхетаме верг а'

    52:28
  15. فَذَكِّرْ فَمَا أَنْتَ بِنِعْمَتِ رَبِّكَ بِكَاهِنٍ وَلَا مَجْنُونٍ

    /Керстанашна/ кхерам тасарна тIехь дāим латта! Хьан Делан ниIматаца хьо вац бозбуунча а‚ жинийх верг а

    52:29
  16. أَمْ يَقُولُونَ شَاعِرٌ نَتَرَبَّصُ بِهِ رَيْبَ الْمَنُونِ

    Я цара олу: 'Илланча ву. Хьовсар вай замано дIалистар ву иза'

    52:30
  17. قُلْ تَرَبَّصُوا فَإِنِّي مَعَكُمْ مِنَ الْمُتَرَبِّصِينَ

    Ахь āла: 'Хьовса шу. Со а шуьца цхьана хьовсачарах ву'

    52:31

Гочдар: Магомед Магомедов