Мусхаф., агӏо 523

  1. كَذَٰلِكَ مَا أَتَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا قَالُوا سَاحِرٌ أَوْ مَجْنُونٌ

    Иштта ца веана царал хьалха хиллачаьрга а цхьā а элча‚ цара олуш бен: 'Бозбуунча ву, я жинех ву'

    51:52
  2. أَتَوَاصَوْا بِهِ ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ طَاغُونَ

    Цара вовшашна цуьнца весет дора-те? ХIаъ. Уьш дозанех даьлла къам ду-кх

    51:53
  3. فَتَوَلَّ عَنْهُمْ فَمَا أَنْتَ بِمَلُومٍ

    Юхавала царах (дтаса уьш)‚ хьуна бехк буьллур бац

    51:54
  4. وَذَكِّرْ فَإِنَّ الذِّكْرَىٰ تَنْفَعُ الْمُؤْمِنِينَ

    Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъмин нахана

    51:55
  5. وَمَا خَلَقْتُ الْجِنَّ وَالْإِنْسَ إِلَّا لِيَعْبُدُونِ

    Ас ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Iибадат дан бен

    51:56
  6. مَا أُرِيدُ مِنْهُمْ مِنْ رِزْقٍ وَمَا أُرِيدُ أَنْ يُطْعِمُونِ

    Суна ца деза цаьргара цхьа а рицкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар

    51:57
  7. إِنَّ اللَّهَ هُوَ الرَّزَّاقُ ذُو الْقُوَّةِ الْمَتِينُ

    Баккъалла а, Дела ву тIеттIа рицкъ луш верг а‚ ницкъ берг‚ чIогIа верг а

    51:58
  8. فَإِنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذَنُوبًا مِثْلَ ذَنُوبِ أَصْحَابِهِمْ فَلَا يَسْتَعْجِلُونِ

    Баккъалла а, зулам диначарна /Iазапах/ дāкъа ду, шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн декъах терра‚ Со сих ма войла цара /Iазап доссон/

    51:59
  9. فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ يَوْمِهِمُ الَّذِي يُوعَدُونَ

    Бāла бу цатешначарна шайна ваIда йина йолчу шайн дийнера

    51:60
  10. وَالطُّورِ

    Ламанах /дуй боу Ас/

    52:1
  11. وَكِتَابٍ مَسْطُورٍ

    МогIанашца яздинчу жайнах а /дуй боу Ас/,

    52:2
  12. فِي رَقٍّ مَنْشُورٍ

    Ша даржийначу анний тIехь /яздина/ хилла долчу,

    52:3
  13. وَالْبَيْتِ الْمَعْمُورِ

    Шена зиярат дечу цIийнах а /дуй боу Ас/,

    52:4
  14. وَالسَّقْفِ الْمَرْفُوعِ

    Айбина хилла болчу тховах (стигалах) а /дуй боу Ас/,

    52:5
  15. وَالْبَحْرِ الْمَسْجُورِ

    /Къематдийнахь цIарах/ буьззина хир болчу хIордах а:

    52:6
  16. إِنَّ عَذَابَ رَبِّكَ لَوَاقِعٌ

    Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобучун Iазап доьжна ма ду (догIур долуш ма ду)

    52:7
  17. مَا لَهُ مِنْ دَافِعٍ

    Ма дац цунна ша духатухург

    52:8
  18. يَوْمَ تَمُورُ السَّمَاءُ مَوْرًا

    /Оцу къемат/дийнахь стигал дIатохалур ю тохаяларца,

    52:9
  19. وَتَسِيرُ الْجِبَالُ سَيْرًا

    Лаьмнаш а дIадолалур ду дIадоладаларца,

    52:10
  20. فَوَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Бала бу-кх оцу дийнахь /дин/ харцдечарна,

    52:11
  21. الَّذِينَ هُمْ فِي خَوْضٍ يَلْعَبُونَ

    Шаьш харцончохь ловзуш болчу

    52:12
  22. يَوْمَ يُدَعُّونَ إِلَىٰ نَارِ جَهَنَّمَ دَعًّا

    Оцу дийнахь уьш кхойкхур бу жоьжахатин цIарга кхайкхарца

    52:13
  23. هَٰذِهِ النَّارُ الَّتِي كُنْتُمْ بِهَا تُكَذِّبُونَ

    /Эр ду цаьрга/: 'ХIара ю и цIе‚ шу ша харцъеш хилла йолу

    52:14

Гочдар: Магомед Магомедов