Мусхаф., агӏо 525

  1. أَمْ تَأْمُرُهُمْ أَحْلَامُهُمْ بِهَٰذَا ۚ أَمْ هُمْ قَوْمٌ طَاغُونَ

    Я церан набаран гIенаша хьоьхуш ду-те и царна‚ я иза дозанах даьлла къам ду-те?

    52:32
  2. أَمْ يَقُولُونَ تَقَوَّلَهُ ۚ بَلْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Я цара олу: 'Цо кхоьллина иза?' ХIаъ‚ уьш ца теша-кх

    52:33
  3. فَلْيَأْتُوا بِحَدِيثٍ مِثْلِهِ إِنْ كَانُوا صَادِقِينَ

    Цунах тера дийцар дахьийла цара, шаьш бакълуьйш белахь!

    52:34
  4. أَمْ خُلِقُوا مِنْ غَيْرِ شَيْءٍ أَمْ هُمُ الْخَالِقُونَ

    Я уьш хIумма йоцчу хIуманах кхоьллина бу‚ я уьш шаьш бу кхуллурш?

    52:35
  5. أَمْ خَلَقُوا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ ۚ بَلْ لَا يُوقِنُونَ

    Я цара кхоьллина стигланаш а‚ латта а? ХIаъ‚ баккъалла а, чг тешаш бац уьш

    52:36
  6. أَمْ عِنْدَهُمْ خَزَائِنُ رَبِّكَ أَمْ هُمُ الْمُصَيْطِرُونَ

    Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш‚ я уьш бу урхалла деш?

    52:37
  7. أَمْ لَهُمْ سُلَّمٌ يَسْتَمِعُونَ فِيهِ ۖ فَلْيَأْتِ مُسْتَمِعُهُمْ بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Я цаьргахь лами бу‚ /уьш шеца Iарш тIе бовлуш/, ладугIуш цу чохь /дуьйцучуьнга/? Схьадалойла церан ладугIучо билгала делил!

    52:38
  8. أَمْ لَهُ الْبَنَاتُ وَلَكُمُ الْبَنُونَ

    Я Цуьнан мехкарий бу‚ шуна кIентий бу?

    52:39
  9. أَمْ تَسْأَلُهُمْ أَجْرًا فَهُمْ مِنْ مَغْرَمٍ مُثْقَلُونَ

    Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш?

    52:40
  10. أَمْ عِنْدَهُمُ الْغَيْبُ فَهُمْ يَكْتُبُونَ

    Я цаьргахь къайле ю‚ цара дIаяздеш?

    52:41
  11. أَمْ يُرِيدُونَ كَيْدًا ۖ فَالَّذِينَ كَفَرُوا هُمُ الْمَكِيدُونَ

    Я мекарло езаш бу уьш? Ца тешаш хилларш царна йина мекарло!

    52:42
  12. أَمْ لَهُمْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Я церан АллахI (ц йолу цхьа Дела) воцург кхин дела ву? ЦIена ву и Дела цара /Шеца/ накъост лацарх!

    52:43
  13. وَإِنْ يَرَوْا كِسْفًا مِنَ السَّمَاءِ سَاقِطًا يَقُولُوا سَحَابٌ مَرْكُومٌ

    Царна стиглара охьайогIуш кийсакаш гичи а‚ цара эр ма дара: 'ТIеттIа йолу марха ю'

    52:44
  14. فَذَرْهُمْ حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي فِيهِ يُصْعَقُونَ

    Бита уьш‚ шегахь ткъес йолу шайн денна дуьхьалкхетталц

    52:45
  15. يَوْمَ لَا يُغْنِي عَنْهُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Оцу дийнахь церан мекарлос цхьанна хIуманах кIелхьарбохур бац уьш‚ царна гIо хир дац!

    52:46
  16. وَإِنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا عَذَابًا دُونَ ذَٰلِكَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Баккъалла а, зулам диначарна цул совнаха Iазап хир ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    52:47
  17. وَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ فَإِنَّكَ بِأَعْيُنِنَا ۖ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ حِينَ تَقُومُ

    Хьан Делан хьукамна собаре хила. Хьо Тхан бIаьргий хьалхахь ву (Оха ларвеш ву хьо). Ахь хьан Далла хастам беш тасбахь де, хьуо хьалагIеттича

    52:48
  18. وَمِنَ اللَّيْلِ فَسَبِّحْهُ وَإِدْبَارَ النُّجُومِ

    Буса а тасбахь де Цунна‚ седарчий дIатилаш а /де тасбахь/

    52:49

Гочдар: Магомед Магомедов