Мусхаф., агӏо 526
-
وَالنَّجْمِ إِذَا هَوَىٰ
Седах /дуй боу Ас/, иза /лакхара/ охьабужуш:
53:1 -
مَا ضَلَّ صَاحِبُكُمْ وَمَا غَوَىٰ
Некъах д ца тили шун накъост (Мухьаммад пайхамар)‚ гала а ца вели
53:2 -
وَمَا يَنْطِقُ عَنِ الْهَوَىٰ
Цо ца дуьйцу шегара /шена дезарг/-
53:3 -
إِنْ هُوَ إِلَّا وَحْيٌ يُوحَىٰ
Иза деккъа вехьий ду, цуьнга дIахоуьйтуш долу /Дала/
53:4 -
عَلَّمَهُ شَدِيدُ الْقُوَىٰ
Иза (Мухьаммад пайхамар) Iамийна ша ницкъаца чIогIа долчо
53:5 -
ذُو مِرَّةٍ فَاسْتَوَىٰ
Шегахь ницкъ болчо. Иза (Джабраил малик) нийсса дIахIоьттира
53:6 -
وَهُوَ بِالْأُفُقِ الْأَعْلَىٰ
Ша лекхачу анахь долуш
53:7 -
ثُمَّ دَنَا فَتَدَلَّىٰ
ТIаккха иза гергахилира /Мухьаммад пайхамарна адамийн куьцехь/‚ кхин тIех гергадера, /элчане вехьий дахьаш/
53:8 -
فَكَانَ قَابَ قَوْسَيْنِ أَوْ أَدْنَىٰ
Иза хилира /гергахь/ шина Iадан барамехь‚ я кхин герга
53:9 -
فَأَوْحَىٰ إِلَىٰ عَبْدِهِ مَا أَوْحَىٰ
Иштта вехьи дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг
53:10 -
مَا كَذَبَ الْفُؤَادُ مَا رَأَىٰ
Харц ца дира /пайхамаран/ даго шена гинарг
53:11 -
أَفَتُمَارُونَهُ عَلَىٰ مَا يَرَىٰ
Ткъа аш къуйсу цуьнца (пайхамарца) цунна гинчуьнца?
53:12 -
وَلَقَدْ رَآهُ نَزْلَةً أُخْرَىٰ
Цунна (Мухьаммад пайхамарна) иза гира кхин а охьадоссарехь (кхин цкъа дуссуш)
53:13 -
عِنْدَ سِدْرَةِ الْمُنْتَهَىٰ
Чакхенан /дозанан/ лотос диттана гергахь
53:14 -
عِنْدَهَا جَنَّةُ الْمَأْوَىٰ
Цунна гергахь ю /ялсаманин/ чугIойлан беш
53:15 -
إِذْ يَغْشَى السِّدْرَةَ مَا يَغْشَىٰ
/Мухьаммад пайхамарна гира и дитт ша тамаше/ хмнаша хьулдечу хенахь
53:16 -
مَا زَاغَ الْبَصَرُ وَمَا طَغَىٰ
ДIа ца тилина /пайхамаран/ бIаьрса‚ дозанах ца даьлла
53:17 -
لَقَدْ رَأَىٰ مِنْ آيَاتِ رَبِّهِ الْكُبْرَىٰ
Цунна гира шен Кхиош-кхобучун даккхийчу аятех /аяташ/
53:18 -
أَفَرَأَيْتُمُ اللَّاتَ وَالْعُزَّىٰ
Аш дийцал суна Ал-латах а‚ Ал-Iуззах а,
53:19 -
وَمَنَاةَ الثَّالِثَةَ الْأُخْرَىٰ
Кхин кхозлагIа Манатах а. /Буй церан Делан санна ницкъ?/
53:20 -
أَلَكُمُ الذَّكَرُ وَلَهُ الْأُنْثَىٰ
Ткъа шуна божабераш ду‚ Цунна зудабераш ду?
53:21 -
تِلْكَ إِذًا قِسْمَةٌ ضِيزَىٰ
Иза декъаза дāкъа ма ду
53:22 -
إِنْ هِيَ إِلَّا أَسْمَاءٌ سَمَّيْتُمُوهَا أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ بِهَا مِنْ سُلْطَانٍ ۚ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَمَا تَهْوَى الْأَنْفُسُ ۖ وَلَقَدْ جَاءَهُمْ مِنْ رَبِّهِمُ الْهُدَىٰ
Уьш еккъа цIерш ю, аша а‚ шун дайша а техкина йолу. Дала цхьа а бакъо ца йоссина /царах лаьцна/. Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бу деккъа шайн мотталуш долчунна а‚ /шайн/ дегнашна дезачунна а. Цаьрга ма беана шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийса некъ
53:23 -
أَمْ لِلْإِنْسَانِ مَا تَمَنَّىٰ
Я адамна шена дезарг ду?
53:24 -
فَلِلَّهِ الْآخِرَةُ وَالْأُولَىٰ
Делан ю тIаьхьарниг (эхарт) а, хьалхарниг (дуьне) а
53:25 -
وَكَمْ مِنْ مَلَكٍ فِي السَّمَاوَاتِ لَا تُغْنِي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا إِلَّا مِنْ بَعْدِ أَنْ يَأْذَنَ اللَّهُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَرْضَىٰ
Маса малик ду стигланашкахь, шайн шапаIаташа хIумма а кIелхьардохур доцуш, Дала Шена луучунна пурба делча а бен‚ И реза хилча а бен!!
53:26
Гочдар: Магомед Магомедов