Мусхаф., агӏо 54

  1. يَوْمَ تَجِدُ كُلُّ نَفْسٍ مَا عَمِلَتْ مِنْ خَيْرٍ مُحْضَرًا وَمَا عَمِلَتْ مِنْ سُوءٍ تَوَدُّ لَوْ أَنَّ بَيْنَهَا وَبَيْنَهُ أَمَدًا بَعِيدًا ۗ وَيُحَذِّرُكُمُ اللَّهُ نَفْسَهُ ۗ وَاللَّهُ رَءُوفٌ بِالْعِبَادِ

    Оцу дийнахь массо а синна шена хьалхахь карор ду ша дина диканиг. Ша динчу вочунна а, шена а юккъехь генара хан (йоккха юкъ) хуьлийла луур дара цунна. Дала лардо шу Шеца. И Дела къинхетаме ву лешца'

    3:30
  2. قُلْ إِنْ كُنْتُمْ تُحِبُّونَ اللَّهَ فَاتَّبِعُونِي يُحْبِبْكُمُ اللَّهُ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Ахь āла: 'Шу Дела везаш делахь‚ суна тIаьхьахIитта – Далла дезар ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо шун къинош'‚ – и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    3:31
  3. قُلْ أَطِيعُوا اللَّهَ وَالرَّسُولَ ۖ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْكَافِرِينَ

    Ахь āла: 'МуьтIахь хила Далла а‚ элчанна а'. Уьш дIаберзахь (ахь шайга кхойкхучуьнгара) - Далла ца беза цатешарш

    3:32
  4. إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَىٰ آدَمَ وَنُوحًا وَآلَ إِبْرَاهِيمَ وَآلَ عِمْرَانَ عَلَى الْعَالَمِينَ

    Баккъалла а, Дала хаьржира Āдам а‚ Нухь а‚ ИбрахIиман доьзал а‚ Iимранан доьзал а Iаламел,

    3:33
  5. ذُرِّيَّةً بَعْضُهَا مِنْ بَعْضٍ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Цхьаберш вокхеран зуьррет а долуш‚ и Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    3:34
  6. إِذْ قَالَتِ امْرَأَتُ عِمْرَانَ رَبِّ إِنِّي نَذَرْتُ لَكَ مَا فِي بَطْنِي مُحَرَّرًا فَتَقَبَّلْ مِنِّي ۖ إِنَّكَ أَنْتَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    /Ахь хьахаде цаьрга, хй Мухьаммад/ Iимранан зудчо аьллера: 'Сан Кхиош-кхобург‚ ас Хьуна нузар (нигат) дина-кх, сайн кийрахь дерг массо а хIуманах паргIат а даккхий, къобалдехьа соьгара. Баккъалла а, Хьо хезаш верг а‚ хууш верг а ву-кх'

    3:35
  7. فَلَمَّا وَضَعَتْهَا قَالَتْ رَبِّ إِنِّي وَضَعْتُهَا أُنْثَىٰ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا وَضَعَتْ وَلَيْسَ الذَّكَرُ كَالْأُنْثَىٰ ۖ وَإِنِّي سَمَّيْتُهَا مَرْيَمَ وَإِنِّي أُعِيذُهَا بِكَ وَذُرِّيَّتَهَا مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ

    Ша бер дина яьлча /цо/, элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ аса-м йоI йина'.- И Дела дика хууш ма ву‚ цо мила йина.- 'Боьршаниг ма ца хуьлу стениг санна. Ас цунна цIе тиллина Марьям‚ ас иза а‚ цуьнан зуьррет а Хьоьца лардо, тлгаш детташ, эккхош долчу шайтIанах'

    3:36
  8. فَتَقَبَّلَهَا رَبُّهَا بِقَبُولٍ حَسَنٍ وَأَنْبَتَهَا نَبَاتًا حَسَنًا وَكَفَّلَهَا زَكَرِيَّا ۖ كُلَّمَا دَخَلَ عَلَيْهَا زَكَرِيَّا الْمِحْرَابَ وَجَدَ عِنْدَهَا رِزْقًا ۖ قَالَ يَا مَرْيَمُ أَنَّىٰ لَكِ هَٰذَا ۖ قَالَتْ هُوَ مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۖ إِنَّ اللَّهَ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ

    Дала тийцира цуьнан и хазчу къобалдарца. Хаза а, цIена а кхиира Цо и (Марьям)‚ цуьнан доладар тIедиллира Закарийна. И йолчу михьраба чу ма-велли‚ Закарийна цунна (Марьямна) хьалхахь рицкъ карадора. Цо олура: 'Марьям‚ хIара мичахьара ду хьуна?' Цо (Марьяма) олура: 'ХIара Делера ду. Баккъалла а, и Дела рицкъ луш ма ву Шена луучунна, хьесап доцуш'

    3:37

Гочдар: Магомед Магомедов