Мусхаф., агӏо 55

  1. هُنَالِكَ دَعَا زَكَرِيَّا رَبَّهُ ۖ قَالَ رَبِّ هَبْ لِي مِنْ لَدُنْكَ ذُرِّيَّةً طَيِّبَةً ۖ إِنَّكَ سَمِيعُ الدُّعَاءِ

    Цигахь дийхира Закарийс шен Кхиош-кхобучуьнга. Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ лōхьа суна Хьайгара цIена зуьррет‚ баккъалла а‚ Хьо ма ву (Хьайга) дехар хезаш'

    3:38
  2. فَنَادَتْهُ الْمَلَائِكَةُ وَهُوَ قَائِمٌ يُصَلِّي فِي الْمِحْرَابِ أَنَّ اللَّهَ يُبَشِّرُكَ بِيَحْيَىٰ مُصَدِّقًا بِكَلِمَةٍ مِنَ اللَّهِ وَسَيِّدًا وَحَصُورًا وَنَبِيًّا مِنَ الصَّالِحِينَ

    Цуьнга кхайкхира маликаша‚ и ламазна хIоьттина волчу михьраба чохь: 'Дала кхаъ боккху хьоьга Яхьъяца (и ц йолу кнт валарца) ‚ ша Делан Дош бакъдеш, ша эла а, ша вочух ларлуш волу къонах а‚ ша дикачарех пайхамар а хир волчу'

    3:39
  3. قَالَ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي غُلَامٌ وَقَدْ بَلَغَنِيَ الْكِبَرُ وَامْرَأَتِي عَاقِرٌ ۖ قَالَ كَذَٰلِكَ اللَّهُ يَفْعَلُ مَا يَشَاءُ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ мичара хир ву суна кIант? Со воккха а ма хилла‚ сан зуда а ма ю бер ца хуьлуш'. Цо (Дала) элира: 'Иштта, Аллах до Шена луург'

    3:40
  4. قَالَ رَبِّ اجْعَلْ لِي آيَةً ۖ قَالَ آيَتُكَ أَلَّا تُكَلِّمَ النَّاسَ ثَلَاثَةَ أَيَّامٍ إِلَّا رَمْزًا ۗ وَاذْكُرْ رَبَّكَ كَثِيرًا وَسَبِّحْ بِالْعَشِيِّ وَالْإِبْكَارِ

    Цо (Закарийс) элира: 'Сан Кхиош-кхобушверг‚ цхьа делил хилийтахь суна'. /Дала/ элира: 'Хьан делил ду хьо нахе кхаа дийнахь вист цахилар ишарца бен‚ хьан Кхиош-кхобушверг хьехаве дуккха а‚ хаставе И сарахь а‚ Iуьйранна а'

    3:41
  5. وَإِذْ قَالَتِ الْمَلَائِكَةُ يَا مَرْيَمُ إِنَّ اللَّهَ اصْطَفَاكِ وَطَهَّرَكِ وَاصْطَفَاكِ عَلَىٰ نِسَاءِ الْعَالَمِينَ

    Маликаша аьллера: 'ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала хаьржина хьо‚ Цо цIанйина хьо‚ Цо хьо хаьржина (массо а) Iаламийн зударшна тхь

    3:42
  6. يَا مَرْيَمُ اقْنُتِي لِرَبِّكِ وَاسْجُدِي وَارْكَعِي مَعَ الرَّاكِعِينَ

    ХIай Марьям‚ муьтIахь хила хьайн Кхиош-кхобучунна‚ сужуд а де‚ гор а хтта горхьттучаьрца'

    3:43
  7. ذَٰلِكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْغَيْبِ نُوحِيهِ إِلَيْكَ ۚ وَمَا كُنْتَ لَدَيْهِمْ إِذْ يُلْقُونَ أَقْلَامَهُمْ أَيُّهُمْ يَكْفُلُ مَرْيَمَ وَمَا كُنْتَ لَدَيْهِمْ إِذْ يَخْتَصِمُونَ

    Иза ду хьуламан хабарех, шаьш хьуна хоуьйтуш долчу. Хьо вацара уьш болчохь‚ цара шайн къоламаш кхуьссуш‚ муьлхачо дола дийр ду Марьяман‚ хьо вацара уьш болчохь цара къуьйсучу хенахь

    3:44
  8. إِذْ قَالَتِ الْمَلَائِكَةُ يَا مَرْيَمُ إِنَّ اللَّهَ يُبَشِّرُكِ بِكَلِمَةٍ مِنْهُ اسْمُهُ الْمَسِيحُ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ وَجِيهًا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَمِنَ الْمُقَرَّبِينَ

    Маликаша аьллера: 'ХIай Марьям‚ баккъалла а, Дала кхаъ боккхуш бу хьуна Шегара Дашца‚ шен цIе Хьаьхнарг‚ Марьяман кIант Iийса а волуш‚ ша дуьненахь а‚ эхартахь а сий долуш хинверг‚ ша /Далла/ гергарчарех хинверг

    3:45

Гочдар: Магомед Магомедов