Мусхаф., агӏо 546
-
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَاقُّوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۖ وَمَنْ يُشَاقِّ اللَّهَ فَإِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Иза ду цара дуьхьало ярна Далла а‚ Делан элчанна а. Милла велахь Далла дуьхьало еш верг баккъалла а, Дела чг ву-кх таIзар дарехь
59:4 -
مَا قَطَعْتُمْ مِنْ لِينَةٍ أَوْ تَرَكْتُمُوهَا قَائِمَةً عَلَىٰ أُصُولِهَا فَبِإِذْنِ اللَّهِ وَلِيُخْزِيَ الْفَاسِقِينَ
Аш хадийна долу хурманан дитт‚ я дитина дерг шен орамий тIехь Делан пурбанца ду‚ песакх нах сийсазбарна а
59:5 -
وَمَا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ مِنْهُمْ فَمَا أَوْجَفْتُمْ عَلَيْهِ مِنْ خَيْلٍ وَلَا رِكَابٍ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يُسَلِّطُ رُسُلَهُ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Дала Шен элчанна /аш тм ца беш / елла цаьргара хIонс шуна ца кхийтира цунна тIаьхьа лахка говраш а‚ эмкалш а‚ амма Дала ло урхалла Шен элчанашка Шена луучунна тIехь. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву
59:6 -
مَا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ مِنْ أَهْلِ الْقُرَىٰ فَلِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ كَيْ لَا يَكُونَ دُولَةً بَيْنَ الْأَغْنِيَاءِ مِنْكُمْ ۚ وَمَا آتَاكُمُ الرَّسُولُ فَخُذُوهُ وَمَا نَهَاكُمْ عَنْهُ فَانْتَهُوا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Дала Шен элчанна яртийн нахера схьаяьккхина елла хIонс ю Далла‚ Цуьнан элчанна‚ /пайхамаран/ гергарчарна‚ боберашна‚ мискачарна‚ некъахочунна шух хьал долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву-кх таIзар дарехь
59:7 -
لِلْفُقَرَاءِ الْمُهَاجِرِينَ الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ وَأَمْوَالِهِمْ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا وَيَنْصُرُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ
МухIажирийн пекъар нахана а /ю и хIонс/‚ шайн цIенойх а‚ бахамах а арабехна хилла болчу‚ цара Делера къинхетам а, резалла а лахарна‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а гIо дарна. Уьш бу бакъберш
59:8 -
وَالَّذِينَ تَبَوَّءُوا الدَّارَ وَالْإِيمَانَ مِنْ قَبْلِهِمْ يُحِبُّونَ مَنْ هَاجَرَ إِلَيْهِمْ وَلَا يَجِدُونَ فِي صُدُورِهِمْ حَاجَةً مِمَّا أُوتُوا وَيُؤْثِرُونَ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ وَلَوْ كَانَ بِهِمْ خَصَاصَةٌ ۚ وَمَنْ يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Царал хьалха шайн цIенош хилларш‚ иймана чохь чIагIбелларш - безаш бу шайна тIе баьхкинарш‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухIажиршна еллачу хIонс бахьанехь/ хьагI‚ шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а. Шен дегI бIаьрмецигаллах лардинарг уьш бу-кх баккхийбедар берш
59:9
Гочдар: Магомед Магомедов