Мусхаф., агӏо 545

  1. لَا تَجِدُ قَوْمًا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ يُوَادُّونَ مَنْ حَادَّ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَلَوْ كَانُوا آبَاءَهُمْ أَوْ أَبْنَاءَهُمْ أَوْ إِخْوَانَهُمْ أَوْ عَشِيرَتَهُمْ ۚ أُولَٰئِكَ كَتَبَ فِي قُلُوبِهِمُ الْإِيمَانَ وَأَيَّدَهُمْ بِرُوحٍ مِنْهُ ۖ وَيُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ۚ أُولَٰئِكَ حِزْبُ اللَّهِ ۚ أَلَا إِنَّ حِزْبَ اللَّهِ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Хьуна карор бац Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш болу нах шайна дукхабезаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьалбуьйлуш берш‚ уьш церан дай хиллехь а‚ я кIентий хиллехь‚ я вежарий хиллехь‚ я церан гергара хиллехь. Уьш бу Цо шайн дегнашкахь ийман яздинарш‚ Цо чIагIбинарш Шегара сица. Цо бухкур бу уьш бошмашка‚ шайн бухахула хиш лелаш долчу‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ. Дела реза хили царна‚ уьш реза хили Цунна. Уьш бу Делан тōба. Ткъа, баккъалла а, Делан тōба и яц яккхийедар ерг?! / Ю, Деллара!/

    58:22
  2. سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Тасбахь дина Далла стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    59:1
  3. هُوَ الَّذِي أَخْرَجَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مِنْ دِيَارِهِمْ لِأَوَّلِ الْحَشْرِ ۚ مَا ظَنَنْتُمْ أَنْ يَخْرُجُوا ۖ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ مَانِعَتُهُمْ حُصُونُهُمْ مِنَ اللَّهِ فَأَتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ حَيْثُ لَمْ يَحْتَسِبُوا ۖ وَقَذَفَ فِي قُلُوبِهِمُ الرُّعْبَ ۚ يُخْرِبُونَ بُيُوتَهُمْ بِأَيْدِيهِمْ وَأَيْدِي الْمُؤْمِنِينَ فَاعْتَبِرُوا يَا أُولِي الْأَبْصَارِ

    Иза ву Ша арабаьхнарг жайнан охIлах цатешнарш хьалхарчу дIалахкарехь. Шуна ца моьттура уьш арабовлур бу. Царна моьттура шайн /тIеман/ гIопаша лардийр ду шаьш Делах. Дела ткхиара царна шайна дага а ца догIучухула. Церан дегнашка кхерам тесира Цо дохадеш шайн цIенош шайн куьйгашца а‚ муъмин нехан куьйгашца а. Хьехам хилийта шайна цунах‚ хIай бIаьрсадерш!

    59:2
  4. وَلَوْلَا أَنْ كَتَبَ اللَّهُ عَلَيْهِمُ الْجَلَاءَ لَعَذَّبَهُمْ فِي الدُّنْيَا ۖ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابُ النَّارِ

    Дала царна ца яздинехьара махкара арабахар, Iазап дина хир дара царна дуьненахь. Царна эхартахь а цIеран Iазап ду

    59:3

Гочдар: Магомед Магомедов