Мусхаф., агӏо 56

  1. وَيُكَلِّمُ النَّاسَ فِي الْمَهْدِ وَكَهْلًا وَمِنَ الصَّالِحِينَ

    Нахаца хабар дуьйцур ду цо агана чохь а‚ воккха хилча а, дикачарех хир ву иза'

    3:46
  2. قَالَتْ رَبِّ أَنَّىٰ يَكُونُ لِي وَلَدٌ وَلَمْ يَمْسَسْنِي بَشَرٌ ۖ قَالَ كَذَٰلِكِ اللَّهُ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۚ إِذَا قَضَىٰ أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Цо )Марьяма( элира: 'Сан Кхиош-кхобург, мичара хир ву сан доьзалхо‚ сох /цхьа а/ адам хьакха делла а ца хилча?' Элира /маликаша/: 'Иштта Дала кхуллу Шена луург. Шена цхьа гIуллакх тхь сацам хилча‚ Цо ōлу цуьнга: 'Хила!' – И хуьлу'

    3:47
  3. وَيُعَلِّمُهُ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَالتَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ

    Цо мор ду цунна )Iийсана( йоза а‚ хьекъалалла а, Таврат а‚ Инжил а

    3:48
  4. وَرَسُولًا إِلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ أَنِّي قَدْ جِئْتُكُمْ بِآيَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ أَنِّي أَخْلُقُ لَكُمْ مِنَ الطِّينِ كَهَيْئَةِ الطَّيْرِ فَأَنْفُخُ فِيهِ فَيَكُونُ طَيْرًا بِإِذْنِ اللَّهِ ۖ وَأُبْرِئُ الْأَكْمَهَ وَالْأَبْرَصَ وَأُحْيِي الْمَوْتَىٰ بِإِذْنِ اللَّهِ ۖ وَأُنَبِّئُكُمْ بِمَا تَأْكُلُونَ وَمَا تَدَّخِرُونَ فِي بُيُوتِكُمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Элча (вийр ву Дала цунах) Исраилан кIенташка', /ша олуш:/ 'Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилаца‚ ас кхуллу шуна поппарх хьозан суьртехь хIума, хп олу цу чу – хуьлу хьоза Делан пурбанца‚ ас тавийр ву бIаьрса доцург‚ бурс цамгар ерг а‚ белларш а денбийр бу Делан пурбанца‚ ас дуьйцур ду шуна аш юучух а‚ аш шайн цIеношкахь Iалашдеш долчух а лаьцна. Баккъалла а, цу чохь делил ду шуна‚ шу муъмина нах делахь

    3:49
  5. وَمُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيَّ مِنَ التَّوْرَاةِ وَلِأُحِلَّ لَكُمْ بَعْضَ الَّذِي حُرِّمَ عَلَيْكُمْ ۚ وَجِئْتُكُمْ بِآيَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Бакъдан /веана со/ сол хьалха хилла Таврат‚ хьанал дан шуна /Таврата чохь/ хьарам хилла долчех цхьадерш‚ – со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара делилашца – Делах кхера‚ суна муьтIахь хила

    3:50
  6. إِنَّ اللَّهَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۗ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ

    Баккъалла а, и Дела сан Кхиош-кхобург а ву‚ шун Кхиош-кхобург а ву‚ Цунна Iибадат дейша – и бу нийса некъ', /Iийсас эр ду и дешнаш/

    3:51
  7. فَلَمَّا أَحَسَّ عِيسَىٰ مِنْهُمُ الْكُفْرَ قَالَ مَنْ أَنْصَارِي إِلَى اللَّهِ ۖ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ نَحْنُ أَنْصَارُ اللَّهِ آمَنَّا بِاللَّهِ وَاشْهَدْ بِأَنَّا مُسْلِمُونَ

    Iийсас шена цаьргара цатешар хааделча‚ элира: 'Муьлш бу сан гIоьнчий Делехьа?' Хьаварийша элира: 'Тхо ду Делан гIоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахь тешалла де тхо муьтIахь дерш (бусалбанаш) ду‚ алий

    3:52

Гочдар: Магомед Магомедов