Мусхаф., агӏо 57

  1. رَبَّنَا آمَنَّا بِمَا أَنْزَلْتَ وَاتَّبَعْنَا الرَّسُولَ فَاكْتُبْنَا مَعَ الشَّاهِدِينَ

    Тхан Кхиош-кхобург! Тхо тешна-кх Ахь доссийначух‚ тхо тIаьхьахIиттина элчанна – Ахь дIаязде тхо тешалла динчаьрца'

    3:53
  2. وَمَكَرُوا وَمَكَرَ اللَّهُ ۖ وَاللَّهُ خَيْرُ الْمَاكِرِينَ

    /Цатешачара/ мекарло йира‚ /церан мекарлонна дуьхьал/ Дала а йира мекарло. /Мекарлона дуьхьал/ Дела мекарло дика еш ву

    3:54
  3. إِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَىٰ إِنِّي مُتَوَفِّيكَ وَرَافِعُكَ إِلَيَّ وَمُطَهِّرُكَ مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا وَجَاعِلُ الَّذِينَ اتَّبَعُوكَ فَوْقَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۖ ثُمَّ إِلَيَّ مَرْجِعُكُمْ فَأَحْكُمُ بَيْنَكُمْ فِيمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Дала аьллера: 'ХIай Iийса‚ Ас хьо дкхалхо‚ Сайна герга хьалавоккху‚ цIанво хьо цатешачарех. Со латто воллу хьуна тIаьхьахIиттинарш цатешачарна тIехь къематде даллалц. ТIаккха Суна тIе хир ду шун ддерзар. Ас кхел йийр ю шуна юкъахь‚ аш хилпало еш хиллачунна тIехь

    3:55
  4. فَأَمَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَأُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    Ткъа цатешнарш – Ас царна Iазап дийр ду чIогIачу Iазапца дуьненахь а‚ эхартахь а – ма хир бац-кх царна гIоьнчий'

    3:56
  5. وَأَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَيُوَفِّيهِمْ أُجُورَهُمْ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ

    Амма ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а - царна шайн кхоччуш ял дIалур ю Цо. Далла ца беза зуламхой

    3:57
  6. ذَٰلِكَ نَتْلُوهُ عَلَيْكَ مِنَ الْآيَاتِ وَالذِّكْرِ الْحَكِيمِ

    И ду Оха хьуна доьшуш дерг аятех а‚ хьекъале хьехамах а

    3:58
  7. إِنَّ مَثَلَ عِيسَىٰ عِنْدَ اللَّهِ كَمَثَلِ آدَمَ ۖ خَلَقَهُ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ قَالَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Баккъалла а‚ Iийсан масал Далла гергахь Āдаман масалх тера ду: Цо и кхоьллира лаьттах‚ тIаккха элира цуьнга 'Хила!' – и хилира

    3:59
  8. الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ فَلَا تَكُنْ مِنَ الْمُمْتَرِينَ

    Бакъдерг ду и хьан Кхиош-кхобучуьнгара – хьо ма хилалахь шеко ечарах

    3:60
  9. فَمَنْ حَاجَّكَ فِيهِ مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَكَ مِنَ الْعِلْمِ فَقُلْ تَعَالَوْا نَدْعُ أَبْنَاءَنَا وَأَبْنَاءَكُمْ وَنِسَاءَنَا وَنِسَاءَكُمْ وَأَنْفُسَنَا وَأَنْفُسَكُمْ ثُمَّ نَبْتَهِلْ فَنَجْعَلْ لَعْنَتَ اللَّهِ عَلَى الْكَاذِبِينَ

    Хьайга хаам беъначул тIаьхьа цунах лаьцна хьайца къуьйсуш болчаьрга āла: 'Дуьло‚ кхойкху вай тхан кIенташка а‚ шун кIенташка а‚ тхан зударшка а‚ шун зударшка а‚ тхоьга тхайга а‚ шуьга шайга а‚ тIаккха доIанаш дер вай‚ Делан неIалт аьр вай харцлуьйчарна'

    3:61

Гочдар: Магомед Магомедов