Мусхаф., агӏо 58

  1. إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ الْقَصَصُ الْحَقُّ ۚ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا اللَّهُ ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Баккъалла а, хIара ду бакъдолу хабар. Вац цхьа а дела‚ ша АллахI (цIе йолу и цхьа Дела) а бен. Баккъалла а, и Дела ша веза верг а‚ ша хьекъале верг а ву

    3:62
  2. فَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِالْمُفْسِدِينَ

    Уьш дIаберзахь (ахь дуьйцург къобал ца деш) – и Дела хууш (гуш) ву боьханиг лелош берш

    3:63
  3. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ تَعَالَوْا إِلَىٰ كَلِمَةٍ سَوَاءٍ بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمْ أَلَّا نَعْبُدَ إِلَّا اللَّهَ وَلَا نُشْرِكَ بِهِ شَيْئًا وَلَا يَتَّخِذَ بَعْضُنَا بَعْضًا أَرْبَابًا مِنْ دُونِ اللَّهِ ۚ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقُولُوا اشْهَدُوا بِأَنَّا مُسْلِمُونَ

    Ахь āла: 'ХIай жайнан охIла‚ дуьйла тхуна юкъахь а‚ шуна юкъахь а цхьаъ долчу дашна тIе: 'Iибадат дийр дац вай цхьана Далла бен‚ Цуьнца накъост лоцур вац вай цхьана а хIуманца‚ и Дела а витина, вайх цхьаболчара вукхарах делий лоьцур бац'. Уьш дIаберзахь, аш āла: 'Аш тешалла де тхо /Далла/ муьтIахь дерш хиларна'

    3:64
  4. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تُحَاجُّونَ فِي إِبْرَاهِيمَ وَمَا أُنْزِلَتِ التَّوْرَاةُ وَالْإِنْجِيلُ إِلَّا مِنْ بَعْدِهِ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    ХIай жайнан охIла‚ аш хIунда къуьйсу ИбрахIиман хьокъехь? Таврат а‚ Инжил а ма ца доссийна цул тIаьхьа а бен - аш ойла ца йо?

    3:65
  5. هَا أَنْتُمْ هَٰؤُلَاءِ حَاجَجْتُمْ فِيمَا لَكُمْ بِهِ عِلْمٌ فَلِمَ تُحَاجُّونَ فِيمَا لَيْسَ لَكُمْ بِهِ عِلْمٌ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    ХIай шу, ма ду къийсамехь хилларш шайгахь Iилма долчохь а /Мусан а, Iийсан а гIуллакхашкахь/. ХIунда къуьйсу аш шайгахь Iилма доцучух муххале а? И Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду

    3:66
  6. مَا كَانَ إِبْرَاهِيمُ يَهُودِيًّا وَلَا نَصْرَانِيًّا وَلَٰكِنْ كَانَ حَنِيفًا مُسْلِمًا وَمَا كَانَ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Ца хилла ИбрахIим жуьгти а‚ насари а – и хилла цIена тешаш верг а‚ муьтIахь верг а‚ и ца хилла мушрикех а

    3:67
  7. إِنَّ أَوْلَى النَّاسِ بِإِبْرَاهِيمَ لَلَّذِينَ اتَّبَعُوهُ وَهَٰذَا النَّبِيُّ وَالَّذِينَ آمَنُوا ۗ وَاللَّهُ وَلِيُّ الْمُؤْمِنِينَ

    Баккъалла а‚ ИбрахIимца там болу нах бу – цунна тIаьхьахIиттина хилла берш а‚ хIара пайхамар а‚ тешаш берш а. И Дела ма ву тешаш болчеран вали (доттаг

    3:68
  8. وَدَّتْ طَائِفَةٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَوْ يُضِلُّونَكُمْ وَمَا يُضِلُّونَ إِلَّا أَنْفُسَهُمْ وَمَا يَشْعُرُونَ

    Лиира жайнан охIланах цхьана тобанна шу тило (нийсачу некъах)‚ тилор-м дац цара шаьш бен - ам царна и ца хаало-кх

    3:69
  9. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَأَنْتُمْ تَشْهَدُونَ

    ХIай жайнан охIла‚ аш хIунда харцдо Делан аяташ‚ шайна хуушехь /уьш бакъ дуйла/?

    3:70

Гочдар: Магомед Магомедов