Мусхаф., агӏо 573
-
وَأَنَّا مِنَّا الْمُسْلِمُونَ وَمِنَّا الْقَاسِطُونَ ۖ فَمَنْ أَسْلَمَ فَأُولَٰئِكَ تَحَرَّوْا رَشَدًا
Баккъалла а, тхох /Далла/ муьтхь дерш а ду‚ тхох /бакъдолчух/ дIадирзинарш а ду. Ткъа шаьш /Далла/ муьтхь хилларш дикачунна тIе /нийсачу новкъа/ нисбелла
72:14 -
وَأَمَّا الْقَاسِطُونَ فَكَانُوا لِجَهَنَّمَ حَطَبًا
Амма бакъболчу некъах дIабирзинарш царах хили жоьжахатина ягориг'
72:15 -
وَأَنْ لَوِ اسْتَقَامُوا عَلَى الطَّرِيقَةِ لَأَسْقَيْنَاهُمْ مَاءً غَدَقًا
Уьш нисбеллехьара /исламан/ новкъа, Оха малор дара царна шортта хи (оьшучу хенахь шортта догIа дойтур дара Оха царна)‚
72:16 -
لِنَفْتِنَهُمْ فِيهِ ۚ وَمَنْ يُعْرِضْ عَنْ ذِكْرِ رَبِّهِ يَسْلُكْهُ عَذَابًا صَعَدًا
Цуьнца уьш зерхьама. Ша кхиош-кхобуш волу шен Дела хьехорах дIавоьрзуш верг - Цо вохуьйтур ву и лан хала долчу Iазапа чу
72:17 -
وَأَنَّ الْمَسَاجِدَ لِلَّهِ فَلَا تَدْعُوا مَعَ اللَّهِ أَحَدًا
Баккъалла а, маьждигаш Делан ду аш ма кхайкха Делаца цхьа а!
72:18 -
وَأَنَّهُ لَمَّا قَامَ عَبْدُ اللَّهِ يَدْعُوهُ كَادُوا يَكُونُونَ عَلَيْهِ لِبَدًا
Баккъалла а, Делан лай (Мухьаммад) дхIоьттича Цуьнга кхойкхуш, уьш (бусалба джинаш) дисира тIеттIа цунна тIе гулделла /ладогIа лууш/
72:19 -
قُلْ إِنَّمَا أَدْعُو رَبِّي وَلَا أُشْرِكُ بِهِ أَحَدًا
Ахь āла /цу керстанашка, хIай Мухьаммад/: 'Баккъалла а, ас кхойкху со кхиош-кхобуш волчу сан Деле‚ Цуьнца цхьа а накъост ца лоцу ас'
72:20 -
قُلْ إِنِّي لَا أَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلَا رَشَدًا
Ахь āла: 'Баккъалла а, со вац сан долахь шуна зен долуш‚ нийса некъ болуш а'
72:21 -
قُلْ إِنِّي لَنْ يُجِيرَنِي مِنَ اللَّهِ أَحَدٌ وَلَنْ أَجِدَ مِنْ دُونِهِ مُلْتَحَدًا
Ахь āла: 'Баккъалла а, со Делах ларор вац цхьаммо а‚ суна карор яц Иза воцург вадан меттиг
72:22 -
إِلَّا بَلَاغًا مِنَ اللَّهِ وَرِسَالَاتِهِ ۚ وَمَنْ يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا
Делера дерг а‚ Цуьнан элчаналлин дерг а дIакхачор бен /нахе дац суна тIехь/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iесалла еш верг баккъалла а, цунна жоьжахатин цIе хир ю‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ
72:23 -
حَتَّىٰ إِذَا رَأَوْا مَا يُوعَدُونَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ أَضْعَفُ نَاصِرًا وَأَقَلُّ عَدَدًا
Шайна хир ду аьлла ваIда йинарг галц тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вуно ледар гIоьнчий хиларца‚ вуно кIеззиг ницкъ хиларца
72:24 -
قُلْ إِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ مَا تُوعَدُونَ أَمْ يَجْعَلُ لَهُ رَبِّي أَمَدًا
Ахь āла: 'Суна хаац‚ герга ду и шуна хир ду аьлла ваIда йинарг я со кхиош-кхобуш волчу сан Дала цунна хан тоьхна‚
72:25 -
عَالِمُ الْغَيْبِ فَلَا يُظْهِرُ عَلَىٰ غَيْبِهِ أَحَدًا
Къайле хуург /ву Иза/‚ Цо ца кхиаво Шен къайленна тIе цхьа а
72:26 -
إِلَّا مَنِ ارْتَضَىٰ مِنْ رَسُولٍ فَإِنَّهُ يَسْلُكُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ رَصَدًا
/Ша Далла/ реза хилла элча воцург. Тккха, баккъалла а, Цо лоьлуьйту элчанна хьалхахула а‚ тIехьахула а /иза джинех а, шайтнан васвасаллах а Iалашвеш маликийн/ тергаме тоба
72:27 -
لِيَعْلَمَ أَنْ قَدْ أَبْلَغُوا رِسَالَاتِ رَبِّهِمْ وَأَحَاطَ بِمَا لَدَيْهِمْ وَأَحْصَىٰ كُلَّ شَيْءٍ عَدَدًا
Шена хаийтан цара (элчанаша) дIакхачийна дуйла шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делан элчаналла. Цаьргахь дерг кхоччуш хууш ву Иза‚ хIор хIума дагарйина Цо барамца'
72:28
Гочдар: Магомед Магомедов