Мусхаф., агӏо 574
-
يَا أَيُّهَا الْمُزَّمِّلُ
ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг!
73:1 -
قُمِ اللَّيْلَ إِلَّا قَلِيلًا
ГIатта буса‚ цхьа кIеззиг /буьйса/ йите /хьайна садаIа/
73:2 -
نِصْفَهُ أَوِ انْقُصْ مِنْهُ قَلِيلًا
Цуьнан ах /йите/‚ я цунах цхьа кIеззиг эшае
73:3 -
أَوْ زِدْ عَلَيْهِ وَرَتِّلِ الْقُرْآنَ تَرْتِيلًا
Я тIетоха цунна. Къуръан деша (меллаша, хазчу) дешарца
73:4 -
إِنَّا سَنُلْقِي عَلَيْكَ قَوْلًا ثَقِيلًا
Оха дуьхьалтухур ду хьуна деза дош
73:5 -
إِنَّ نَاشِئَةَ اللَّيْلِ هِيَ أَشَدُّ وَطْئًا وَأَقْوَمُ قِيلًا
Баккъалла а, буьйсанан хан еза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгал ю дашца
73:6 -
إِنَّ لَكَ فِي النَّهَارِ سَبْحًا طَوِيلًا
Боккъалла а, хьуна /дан/ дийнахь дехха гIуллакхаш ду (Къуръан деша мукъа ца волу хьо)
73:7 -
وَاذْكُرِ اسْمَ رَبِّكَ وَتَبَتَّلْ إِلَيْهِ تَبْتِيلًا
Хьехае хьуо Кхиош-кхобуш волчу /Делан/ цIе. /Дуьненан гIуллакхех/ хада Цунна (Дала) Iибадат дарца, (дог цIена) хадарца
73:8 -
رَبُّ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ فَاتَّخِذْهُ وَكِيلًا
Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-кхобург ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал (тIетовжа гIоьнча)
73:9 -
وَاصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَاهْجُرْهُمْ هَجْرًا جَمِيلًا
Собар де цара (Маккан керастанаша) олучунна тIехь‚ бита уьш хазчу кепара. /Дукха бехкаш ца бохуш, цатам ца беш/
73:10 -
وَذَرْنِي وَالْمُكَذِّبِينَ أُولِي النَّعْمَةِ وَمَهِّلْهُمْ قَلِيلًا
Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдеш берш а‚ собар де цаьрца цхьа кIеззиг
73:11 -
إِنَّ لَدَيْنَا أَنْكَالًا وَجَحِيمًا
Баккъалла а, Тхоьгахь буржолаш а ю‚ /жоьжахатин/ цIе а ю
73:12 -
وَطَعَامًا ذَا غُصَّةٍ وَعَذَابًا أَلِيمًا
Лага чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду
73:13 -
يَوْمَ تَرْجُفُ الْأَرْضُ وَالْجِبَالُ وَكَانَتِ الْجِبَالُ كَثِيبًا مَهِيلًا
Оцу /къемат/дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегалур ду‚ лаьмнех хир бу Iенаш болу гмаран барз
73:14 -
إِنَّا أَرْسَلْنَا إِلَيْكُمْ رَسُولًا شَاهِدًا عَلَيْكُمْ كَمَا أَرْسَلْنَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ رَسُولًا
Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха ФирIавне а элча /Муса/ вахийтарх терра
73:15 -
فَعَصَىٰ فِرْعَوْنُ الرَّسُولَ فَأَخَذْنَاهُ أَخْذًا وَبِيلًا
ФирIавн Iеса хилира элчанна тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу схьалацарца
73:16 -
فَكَيْفَ تَتَّقُونَ إِنْ كَفَرْتُمْ يَوْمًا يَجْعَلُ الْوِلْدَانَ شِيبًا
Шу муха ца кхоьру /хIай къурайшан тоба/, аш керстаналла дича, ша бераш къеж бийр болчу дийнах?
73:17 -
السَّمَاءُ مُنْفَطِرٌ بِهِ ۚ كَانَ وَعْدُهُ مَفْعُولًا
Стигал этIар ю /оцу дийнан ирчаллах/. Цуьнан (Делан) ваIда кхочушхилла
73:18 -
إِنَّ هَٰذِهِ تَذْكِرَةٌ ۖ فَمَنْ شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا
Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо шен Кхиош-кхобучуьнга некъ схьалоцур бу /цунах/
73:19
Гочдар: Магомед Магомедов