Мусхаф., агӏо 59

  1. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لِمَ تَلْبِسُونَ الْحَقَّ بِالْبَاطِلِ وَتَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    ХIай жайнан охIла‚ хIунда вовшахъэдо аш бакъдерг харцдолчуьнца‚ бакъдерг хьулдеш ду шу, шайна хуъушехь

    3:71
  2. وَقَالَتْ طَائِفَةٌ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ آمِنُوا بِالَّذِي أُنْزِلَ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَجْهَ النَّهَارِ وَاكْفُرُوا آخِرَهُ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Жайнан охIланан цхьана тобано элира: 'Шу теша тешначаьрга доссийна долчух дийнан юьххьехь‚ харцде цуьнан /дийнан/ чакхенгахь /диссинарш/‚ уьш /бусалбанаш/ дIаберза тарло /шайн динах/

    3:72
  3. وَلَا تُؤْمِنُوا إِلَّا لِمَنْ تَبِعَ دِينَكُمْ قُلْ إِنَّ الْهُدَىٰ هُدَى اللَّهِ أَنْ يُؤْتَىٰ أَحَدٌ مِثْلَ مَا أُوتِيتُمْ أَوْ يُحَاجُّوكُمْ عِنْدَ رَبِّكُمْ ۗ قُلْ إِنَّ الْفَضْلَ بِيَدِ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    Шу ма тешалаш шайн динна тIаьхьахIуттуш волчух бен'. Ахь āла: 'Нийса некъ бу Делан нийса некъ' – 'Шуьга деллачух тераниг кхечуьнга дала /там бац Дала/‚ я шуьца къуьйсу цара шун Кхиош-кхобучун гергахь?' Āла: 'Баккъалла а, дозалла Делан карахь ду‚ И луш ву и Шена луучунна'. И Дела Шегахь шортта /доллу хма/ долуш а ву‚ хууш а ву

    3:73
  4. يَخْتَصُّ بِرَحْمَتِهِ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ

    Шен къинхетамца къаставо Цо Шена луург‚ и Дела Шен сийлахь-доккха дозалла долуш ву!

    3:74
  5. وَمِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مَنْ إِنْ تَأْمَنْهُ بِقِنْطَارٍ يُؤَدِّهِ إِلَيْكَ وَمِنْهُمْ مَنْ إِنْ تَأْمَنْهُ بِدِينَارٍ لَا يُؤَدِّهِ إِلَيْكَ إِلَّا مَا دُمْتَ عَلَيْهِ قَائِمًا ۗ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا لَيْسَ عَلَيْنَا فِي الْأُمِّيِّينَ سَبِيلٌ وَيَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ وَهُمْ يَعْلَمُونَ

    Жайнан охIланах ву ахь шена цхьа къинтIар делча‚ шех тешна‚ иза хьоьга юхадерзош верг‚ царах ву ахь шех тешна‚ шега цхьа динар делча а‚ иза хьоьга юха ца дерзош верг а‚ хьо шена тIехIоьттина лаьттича бен. Иза ду цара олу дела: 'Тхуна бодане нахалахь некъ бац'. Далла тхь харцдерг олу цара, шайна хуъушехь

    3:75
  6. بَلَىٰ مَنْ أَوْفَىٰ بِعَهْدِهِ وَاتَّقَىٰ فَإِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُتَّقِينَ

    ХIаъ‚ ша делла дош кхочушдинарг а, ша /Делах/ кхийринарг а (шех бина тешамна ямарт цахилларг а – уьш бу нийсачу новкъахь) – баккъалла а, цу Далла ма беза /Шех/ кхоьруш берш

    3:76
  7. إِنَّ الَّذِينَ يَشْتَرُونَ بِعَهْدِ اللَّهِ وَأَيْمَانِهِمْ ثَمَنًا قَلِيلًا أُولَٰئِكَ لَا خَلَاقَ لَهُمْ فِي الْآخِرَةِ وَلَا يُكَلِّمُهُمُ اللَّهُ وَلَا يَنْظُرُ إِلَيْهِمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَلَا يُزَكِّيهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Баккъалла а, Делан ваIданах а‚ шайн дуйнех а кIеззиг мах эцнарш (дуьненан бахам бахьанехь уьш дохадеш)‚ эхартахь дāкъа ма дац царна‚ Дела цаьрга вистхир ма вац‚ цаьрга хьожур ма вац Иза къематдийнахь‚ цIанбийр ма бац Цо уьш‚ царна лазош долу Iазап а ма ду

    3:77

Гочдар: Магомед Магомедов