Мусхаф., агӏо 580

  1. وَمِنَ اللَّيْلِ فَاسْجُدْ لَهُ وَسَبِّحْهُ لَيْلًا طَوِيلًا

    Буьйсанах а /цхьана декъехь/ сужуд де Цунна‚ тасбахь а де Цунна еххачу буьйсана. (Буьйса денъе Далла Iибадат дарца)

    76:26
  2. إِنَّ هَٰؤُلَاءِ يُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ وَيَذَرُونَ وَرَاءَهُمْ يَوْمًا ثَقِيلًا

    Баккъалла а, хIорш дукхадезаш бу сиха чекхдаьр дерг (дуьне)‚ дуьту шайна тIехьахь деза (хала) де /къематде/

    76:27
  3. نَحْنُ خَلَقْنَاهُمْ وَشَدَدْنَا أَسْرَهُمْ ۖ وَإِذَا شِئْنَا بَدَّلْنَا أَمْثَالَهُمْ تَبْدِيلًا

    Оха кхоьллина уьш‚ чIагIйина церан меженаш. Тхуна лиъча, Оха /уьш/ хийцор бара царах терачаьрца хийцорца

    76:28
  4. إِنَّ هَٰذِهِ تَذْكِرَةٌ ۖ فَمَنْ شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا

    Баккъалла а, хIара хьехам бу‚ шена луучо тлаьцна /иза/ ша Кхиош-кхобучуьнга некъ бина

    76:29
  5. وَمَا تَشَاءُونَ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Шуна луур дац Далла лаахь бен. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    76:30
  6. يُدْخِلُ مَنْ يَشَاءُ فِي رَحْمَتِهِ ۚ وَالظَّالِمِينَ أَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Цо вохуьйту Шена луург Шен къинхетамна чу. Ткъа зуламхой царна Цо кечдина лазош долу Iазап

    76:31
  7. وَالْمُرْسَلَاتِ عُرْفًا

    ТIеттIа дохуьйтучу мехашца /дуй боу Ас/‚

    77:1
  8. فَالْعَاصِفَاتِ عَصْفًا

    Нуьцкъала хьоькхучу мехашца /дуй боу Ас/‚

    77:2
  9. وَالنَّاشِرَاتِ نَشْرًا

    /ДогIа/ даржочу мехашца /дуй боу Ас/‚ /я догIа даийта мархаш лохкучу маликех/,

    77:3
  10. فَالْفَارِقَاتِ فَرْقًا

    /Бакъдерг харцдолчух‚ хьаналдерг хьарамдолчух/ къасточу /маликашца/ дуй боу Ас‚

    77:4
  11. فَالْمُلْقِيَاتِ ذِكْرًا

    Хьехам /пайхамаршка/ дIалуш долчу /маликашца/ /дуй боу Ас/‚

    77:5
  12. عُذْرًا أَوْ نُذْرًا

    /Далла наха/ бехк ца биллитарна /шайга элчанаш ца баийтира‚ аьлла/‚ /Делера/ кхерам тасарца а /доуьйту и вехьеш/:

    77:6
  13. إِنَّمَا تُوعَدُونَ لَوَاقِعٌ

    Баккъалла а, шуна ваIда йинарг хилаза ца долу /и къематде догр ду:/

    77:7
  14. فَإِذَا النُّجُومُ طُمِسَتْ

    Седарчий дIадайинчу хенахь‚

    77:8
  15. وَإِذَا السَّمَاءُ فُرِجَتْ

    Стигал единчу хенахь‚

    77:9
  16. وَإِذَا الْجِبَالُ نُسِفَتْ

    Лаьмнаш нисдина дIасадаьржинчу хенахь‚

    77:10
  17. وَإِذَا الرُّسُلُ أُقِّتَتْ

    Элчанаш /гулбан тешалла дан/ хан тоьхначу хенахь

    77:11
  18. لِأَيِّ يَوْمٍ أُجِّلَتْ

    Муьлхачу денна тIаьхьатаьттина /элчанийн тешалла/?

    77:12
  19. لِيَوْمِ الْفَصْلِ

    Къастаман денна!

    77:13
  20. وَمَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الْفَصْلِ

    Стено хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и къастаман де?

    77:14
  21. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна

    77:15
  22. أَلَمْ نُهْلِكِ الْأَوَّلِينَ

    Оха хIаллак ца бина хьалха хилларш?

    77:16
  23. ثُمَّ نُتْبِعُهُمُ الْآخِرِينَ

    ТIаккха царна тIаьхьабохуьйтур бу Оха тIаьхьахилларш

    77:17
  24. كَذَٰلِكَ نَفْعَلُ بِالْمُجْرِمِينَ

    Иштта /таар/ до Оха къинош леточарна

    77:18
  25. وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ

    Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна

    77:19

Гочдар: Магомед Магомедов